ГӀалгӀайн йукъараллаш
ГӀалгӀайчоьнан йукъараллаш я ГӀалгӀайн йукъараллаш — йуккъера бӀешерийн гӀалгӀайн мехкаш цхьаьнакхетар (тобанаш, дакъош), бух бара тайп-тайпана эвланийн а, тайпанийн а мехкаш цхьаьнакхетаран тӀаьхь.
ГӀалгӀайн хьалхара мехкийн йукъараллаш, ша тайпа политикин административан кхолламаш — шахьарш, йукъаевлла XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь[1]. ГӀалгӀайн йукъараллин цӀераш схьайовлу уьш лаьттачу меттиган цӀарах, аьлча а, цуьнан бух тӀехь лаьтта географин хьесап[2][3]. Тайп-тайпана барамашкахь, цӀерашкахь, дозанашкахь, хан заманахь хийцалуш долу, гӀалгӀайн йукъараллаш лийлира XIX бӀешеран чеккхенга кхаччалц[1].
Хьалхарчу муьрехь гӀалгӀай ламанан чӀажашкара къевлина хьолашкахь бахаре хьаьжна ца Ӏаш, ткъа цуо цхьаьна йукъ гонаха уьйр ца лоцуьйтуш боькъура уьш мехкашка, амма цара Ӏалашдира шайн хьекъалехь, йукъара цӀе «гӀалгӀай» йолуш, цхьаъ йукъара оьздангалла, цхьа мотт, цхьа этнос хилар[4].
ДӀакъанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Хамхий шахьар
- Мецхалан (Кистий) шахьар
- Цхьоройн шахьар
- ДжӀайрхойн шахьар
- Орстхой шахьар
- Чулхой шахьар
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]XIII бӀешарахь Аланин пачхьалкх йохаро а, цуьнан бахархой лаьмнашка хьалабахана, Теркан чӀожан малхбалехьа а, малхбузехьа а гӀопаш йохкуш чӀагӀбаларо а, бух биллира керла этномехкийн йукъараллаш кхолларна. ГӀалгӀай аренашка охьабахкаран миграцин процессаш юьйлаелира дикка хьалха, Тимар Къилбаседа кавказера дӀаваханчул тӀаьхьа (XV бӀешеран юьхьиг). Йукъараллаша хьалхарчу муьрехь лелийра шеш йолу тӀеман-политикин акцийн амал, аренан латташ тӀехь тӀедаьхкина кхерста къаьмнаш чӀагӀ ца далийта дуьхьало ян Ӏалашо йолуш[5].
Оцу заманара цхьацца кийсигаш гайтина цхьаьна гӀалгӀайн дийцаро XIX бӀешарахь этнографа Тутаев Албаста дӀаяздина, цигахь юьйцу цхьа йукъаралла — ГӀалгӀайн[6].
ТӀаьхьуо, XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна, ерриг ламанан йукъаралла билламе екъаяла йолало административан этномехкийн кхолламашка (йукъараллашка-шахьаршка), царах хӀораммо а цхьаьнатухура масех эвла. Н. Г. Волковас гӀалгӀай бекъабалар билгаладоккху лахарчу мехкийн тобанашка: гӀалгӀай, ваьппий, цхьорой, джӀайрхой[7].
Хенаца шахьарийн дозанаш а, барам а, цӀераш а хийцало[1]. Иза нисдаларан цхьа бахьна ду эвланийн урхаллаш цхьаьна эвлара кхечу эвла яьхьчи а. Иштта, Ваьппийн йукъараллех (шахьарех) ала долийра Мецхалан, ткъа ГӀалгӀайн екъелира шина декъе — Цхьоройн (Цхьоройн шахьар) а, ГӀалгӀан (ГӀалгӀан шахьар)[8].
Оьрсийн хьосташца буьйцу церан тайп-тайпана барам[9].
Оьрсийн хьосташца буьйцу церан тайп-тайпана барам[10].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 Кодзоев Н.Д., 2000, с. 118.
- ↑ Албогачиева-Гадаборшева М., 2006, с. 23.
- ↑ История Ингушетии, 2013, с. 147.
- ↑ История Ингушетии, 2013, с. 151.
- ↑ История Ингушетии, 2013, с. 142.
- ↑ Газиков Б. Тутаев А.: Князь // Сердало. — 1997. — № 83, 85-89.
- ↑ Н. Г. Волкова Этнический состав населения Северного Кавказа в XVIII — начале XX в. http://apsnyteka.org/503-volkova_n_etnicheskiy_sostav_naselenia_severnogo_kavkaza.html
- ↑ Энциклопедический Словарь Ф. А. Брокгауза и И. А. Ефрона. В 86 полутомах с иллюстрациями и дополнительными материалами. — С.-Петербург., 1890—1907. — Т. XIII. — С. 58-60.
- ↑ Пиотровский Б.Б. История народов Северного Кавказа с древнейших времён до конца XVIII в.. — М., 1988.
- ↑ Пиотровский Б.Б. История народов Северного Кавказа с древнейших времён до конца XVIII в.. — М., 1988.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Албогачиева-Гадаборшева М. С-Г. Труды Фомы Ивановича Горепекина // Краткие сведения о народе «ингуши».. — Санкт-Петербург, 2006.
- Долгиева М.Б., Картоев М.М., Кодзоев Н.Д., Матиев Т.Х. История Ингушетии / Кодзоев Н.Д.. — 4-е изд. — Ростов-на-Дону: Южный издательский дом, 2013.
- Кодзоев Н.Д. Очерки из истории ингушского народа с древнейших времён до конца XIX века.. — Назрань, 2000.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]</noinclude>