Глаголица

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Глаголица
Йозан тайпа Абат
Меттанаш шираславянийн, килсаславянийн, хьалхара славянийн меттанаш
Кхолладелла меттиг Малхбален Европа
Кхоьллинарг Кирилл а, Мефодий а[d]
Кхоьллина терахь 862
Мур IX бӀешо
Йозан агӀо аьрру агӀонера аьтту агӀохьа
Схьадалар

Финикийн

Желтойн
Юникодан диапазон U+2C00–U+2C5F
ISO 15924 Glag
Йозан масала
Глаголин «Зографан Инжил», X—XI бӀешераш

Глаго́лица — дуьххьарлера славянийн абат. Кхоьллина IX бӀешерашна юккъехь византийн дин даржош волчу Кирилла динан гӀуллакхан тексташ желтойн маттара славянийн матте гочъярхьама.

Хьалхара истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

IX бӀешеран юккъехь Сийлахь Морави олалла хӀаллак хила герга яхара. Франкашна а, болгарашна а юкъахь мохк бекъна хиларан кхерам бара. Малхбален-франкийн паччахьах маршоне гӀерташ, моравий эла Ростислава лаьхкира баварин мозгӀарш, Руме папа Николай I-ра волчу шайн мозгӀарш кечбан хьехархой бахкийта аьлла дехарца векалш хьовсийра. Папас дехарна жоп ца делча, Ростислава 862 шарахь векалш Византе хьовсийра, хьехархой, мозгӀарш я епископ боьхуш, уьш декхарийлахь бара цуьнан пачхьалкхехь шайн килсан урхаллан бух билла [1]. Кесарь Вардас а, патриарх Фотийс а барт бира кхайкхаман жоп дала. Дин хьехаран коьрте хӀоттийра Кирилл — Фотийн хилла дешархо а волу, накъостех цхьаъ а волу, иза хьоьхуш вара Магнавран лакхарчу ишколехь, цуьнан ваша Мефодий, оцу хенахь — Жима Азин килсан тӀехӀоттийна хьехамча вара[2].

866 шо кхаччалц Моравехь Ӏийна, Кирилла а, Мефодийс а кхоьллира германийн епископатах йозуш йоцу славянийн килс, гочдира дин гӀуллакхийн текстийн цхьа дакъа Моравехь болчу славянийн матте, оцу Ӏалашонца кхоьллира лерина абат, глаголица[3] цӀе а тиллина. Дукха хьолахь, иштта болх Килсано къобал ца бора[прим. 1], хӀунда аьлча Европин «варварийн» къаьмнийн меттанашкахь далла гӀуллакх дар лорура Ӏосалла. Амма Папас къобал бира Кириллан а, Мефодийн а болх[3].

Кхолларан истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха дин кхайкхочарех цхьаберш гӀиртира динан болх гочбан славянийн матте, оцу белхана желтойн йа латинан абат а лелош, амма цунах гӀуллакх ца хилира, хӀунда аьлча славянийн маттахь дукха аьзнаш дара, ткъа желтойн а, латынан а абаташкахь оьшу элпаш дацара. И халонаш бахьнехь Кирилл волавелира славянийн абат йан, болуш болу кечам а лелош. Динан гӀуллакхан тексташ гочйеш вежарша лелийра желтойн дешнаш, славянийн меттанашкахь аналог ца карийча. И болх бечу хенахь цара кхоьллира массо а славянаш кхеташ болу литературин мотт. Нисса и мотт бу шираславянийн мотт санна бевзаш берг[4].

«Кириллан дахаро» иштта дуьйцу славянийн абат кхолларх:

« Шен вешин сийлахь Мефодийн (Михаилан) а, цуьнан дешархойн Гораздан, Климентан, Савван, Науман, Ангеляран гӀоьнца, цуо хӀоттийра славянийн абат, славянийн матте гочдира уьш ца хилча Динан гӀуллакх дан лур доцу жайнаш[5]. »

Уггаре шира, тӀаьхь нисса терахь а долуш, дисина глаголийн йоза, 893 шерера ду, яздина болгарийн паччахь Симеонан килсахь Преславехь. Шира куьйгайозан иэсаш (царна юкъахь X бӀешеран терахь тоьхна «Киевн кехаташ») яздина ду глаголицийца, кхин тӀе яздина ду ширачу маттахь, шен фонетикан хӀоттамца къилба славянийн меттанашна гергара.

Башчанан (Бошканан) экъа — уггаре евзаш йолу глаголицин иэсех ширачех цхьаъ, XI бӀешо
Файл:Пример поздней глаголицы.gif
ТӀаьхьарчу глаголин текстан агӀо (XX бӀешо)
Глаголин граффити Загребехь, 2003 шо; гӀалаташ хиларна, яздечуьнан бӀаьргашна дуьхьала кириллицан-глаголицан элпаш, амма кириллица гӀуо хууш хилла

.

Глаголица дукха шира хилар гойту палимпсесташ (тӀиера текст дӀаяйина, цунна тӀехула керланиг язйина пергамент тӀиера тептарш). Массо а дисинчу палимпсесташ тӀиера глаголица дӀа а дайина кириллицица керла текст язйина. Цхьан а палимпсест йац, шен тӀиера кириллица дӀа а дайина глаголица язйина. Черноризец Храбран «Йозанех лаьцна» трактатехь (X бӀешеран юьхьиг) билгала доху желтойн элпаш а, Кириллан а, Мефодийн а (хетарехь глаголица ю) элпийн башхаллаш:

« Оцу славянийн, везачу стага дина долу, алссам сий долу йозанашна, ткъа желтойн — эллинаш боьхачара. Нагахь цхьамма алахь, беркат ца мегга, хӀунда аьлча тодеш ду иза хӀинца а, дуьхьала эра ду вай царна: желтойнарг а дуккха тодина. »

Далинчу цитатан маьӀна дан мегар ду Кириллан а, Мефодийн а абатан реза боцуш нах хилла хиларх, цундела кириллицин дехьа бовлар нисделла.

Новгородан йозанчо Упырь Лихойс шен 1047 шарахь тӀеяздинчу йозанехь чӀагӀдо, ша юха яздина «Кхетаме пайхамарийн» жайнаш «кирилавицера». Оцунан маьӀна къийсаме ду, амма уггаре даьржинарг маьӀна ду, глаголицин оригинал тӀиера исписка яр (иштта, XI бӀешерийн юккъехь Русехь глаголица девзаш хилла «кириловица/куриловица» аьлла, ткъа хьалхара мукха аз хийцар Кирилл цӀарехь дика девзаш ду).

ТӀаьхьарчу глаголицин абат (XX бӀешо). Буквицаш а, элпаш а[6]

"Кириллан дахарехь" Константина (Кириллас) Философа глаголица цхьаьна ширачу славянийн рунийн йозанах кхоьллина ойла хаало, ткъа иза лелош хилла санна деланийн а, дуьненан а Ӏалашонна славянийн пачхьалкхаш керсталла тӀеэцалц; кхеташ тешалла оцунна дац.

Руман-католикийн килсо хорваташна юкъахь славянийн маттахь гӀуллакх дарна дов латтош глаголицех олура «готийн йозанаш». 1059 шарахь Далмацехь а, Хорватехь а епископийн гуламехь:

« Дуьйцура, готийн йозанаш дагадаийтина цхьаьна Ӏеса стага Мефодийс, цуо оцу славянийн маттахь яздина дуккха а харц хӀуманаш католикийн динан Ӏилманан дуьхьала; и бахьнехь, дуьйцу, цунна Делан кхиело таӀзар дина сихха валарца[7]. »

Хьалхарчу глаголицин (гоьрга) элпийн куц цхьаццанхьа цхьаьна догӀу гуьржийн килсан абатца хуцурица, иза кхоьллина IX бӀешо кхачале, тарло эрмалойн абатан бух тӀехь яр. Цу тӀе хуцурин элпийн барам, 38, нисло славянийн абатан элпийн барамца, дагардина Черноризец Храбрас шен трактатехь. Иза дерриг ца хууш нисделла хуьлийла дац, хӀунда аьлча, сий. Константин Философан дика евзаш хилла малхбален абаташ (доьшура ширажуьгтийн тептарш оригиналехь), иза хьахийна сийлахьчун дахарехь. Глаголицин дукхаха долу элпийн яздар дукхах дерг доккху желтойн сихайаздарера, ткъа желтойн доцу аьзнаш оьцу жуьгтийн абатера элпаш, амма къовсам боцуш кепийн кхетам формы цхьанне аьлча санна элпийн бац.

Глаголицин а, кириллицин а абаташ шайн ширачу варианташкахь ерриг аьлча санна цхьаьна йогӀу шайн хӀоттамца, къаста ца ло элпийн кепашца бен. Типографин хьесапца глаголицин тексташ юха арахецарехь хуьйцу кириллицица (хӀунда аьлча кӀезгачу нахана хаьа глаголица еша), амма терахьийн абатан йоза глаголицин а, кириллицин а цхьаьна ца догӀу, наггахь цакхетарш а хуьлуш. Глаголицехь терахьан элпийн маьӀна нисдина элпийн низамца, ткъа кириллицехь уьш дихкина терахьийн маьӀнашца ишттачу желтойн абатан элпашца.

Дукха хьолахь юьйцу глаголицин ши кеп: широ йолу «гоьрганиг», ткъа иштта болгарийн олуш йолу, тӀаьхьара поздней «сенийн», хорватийн (олу XX бӀешо юккъе даххалц иза хорватийн католикаша глаголицин Ӏадатца динан гӀуллакх деш лелаяр бахьнехь). ТӀаьхьарчун абат тӀаьхь-тӀаьхьа йацйелира 41 тӀиера 30 хьаьрке кхаччалц. Цхьаьна могӀаршкахь уставан жайнинчуьнца дара кхин а глаголицин курсиван йоза (сихайоза).

Ширачу Русехь глаголица чӀогӀа кӀезиг лелийна, кириллицица яздинчу тептаршкахь нисло цхьацца юкъатоьхна глаголицин элпаш. 2000—2010-гӀа а шерашкахь А. А. Гиппиусан а, С. М. Михеевн а талламашца цхьа могӀа XI бӀешеран глаголицин йозанаш (коьртаниг цӀераш) карийна новгородан Софийн килсехь, царна юкъахь ийна глаголицица а, кириллицица а. Новгородера Рюрикан Городищера XII бӀешеран Беркаткхайкхоран килсехь граффитишна юкъахь карийна масех глаголицийн йоза, цхьаъ царех уггаре а девзаш долу глаголицин йоза ду Россехь[8][9]. Глаголица лелор хаало къайлах йозанехь а.

Глаго́лица

Таблица[нисйе бӀаьра | нисйе]

символ сурт цӀе терахьан маьӀна билгалдаккхар
Glagoljica Az.svg Аз 1
Glagoljica Buki.svg Буки 2
Glagoljica Vedi.svg Веди 3
Glagolitic glagoli.svg Глаголи 4
Glagolitic dobro.svg Добро 5
Glagolitic jest.svg Есть 6
Glagolitic zhivete.svg Живете 7
Glagolitic dzelo.svg Зело 8
Glagolitic zemlja.svg Земля 9
Ⰺ, Ⰹ I, Izhe Иже (І) 10 оцу элпех кириллицин И я I муьлханиг муьлха ду, чоьтах талламхойн цхьа ойла йац.
Glagolitic i.svg І (Иже) 20
Glagolitic djerv.svg Гѥрв 30
Glagolitic kako.svg Како 40
Glagolitic ljudi.svg Люди 50
Glagolitic mislete.svg Мыслете 60
Glagolitic nash.svg Наш 70
Glagolitic on.svg Он 80
Glagolitic pokoi.svg Покой 90
Glagolitic rtsi.svg Рцы 100
Glagolitic slovo.svg Слово 200
Glagolitic tverdo.svg Твердо 300
GlagolitsaIzhitsa.gif Ик
Glagolitic uk.svg Ук 400
Glagolitic fert.svg GlagolitsaFert.gif Ферт 500
Glagolitic kher.svg Хер 600
Glagolitic ot.svg GlagolitsaOht.gif От 700
Пѣ (Пе) 800 Гипотетикан элп, кеп тайп-тайпана ю.
Glagolitic tsi.svg Цы 900
Glagolitic cherv.svg Червь 1000
Glagolitic sha.svg Ша
Glagolitic shta.svg Шта 800
Glagolitic yer.svg Ер
ⰟⰊ Glagolitic yeri.svg Еры
Glagolitic yerj.svg Ерь
Glagolitic yat.svg Ять
GlagolitsaJo.gif Ёж Гипотетикан элп (йот тоьхна Е я О маьӀнийца), лигатуран юкъадеина — доккха йот тоьхна юс кепара.
«Гезигкепара» хьаьрк [х] озан. Цхьаболчу талламхоша лору, иза юкъадогӀуш хилла хилар юьхьанцара глаголицин ша долу элп санна.
Glagolitic yu.svg Ю
Glagolitic ens.svg юс жиманиг
Glagolitic yens.svg юс жиманиг йот тоьхна
Glagolitic ons.svg юс доккха
Glagolitic yons.svg юс доккха йот тоьхна
Glagolitic fita.svg Фита

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]


Цитатийн гӀалат: Тобан «прим.» йолуш йолу тегашца <ref> йогӀуш йолу тег <references group="прим."/> ца карийна