Чулацаман тӀегӀо

Верольский, Юрий Борисович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Верольский Юрий Борисович
Вина терахь 1929({{padleft:1929|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь: 2004 шеран 30 май({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})
Кхелхина меттиг: Тамбов, Росси
Гражданалла:  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа: прозаик, поэт, литературхо
Жигара шераш: 1960-2004
Произведенин мотт: оьрсийн
СовгӀаташ:
Динчу гӀуллакхашна (ГӀалгӀайчоь)

Верольский Юрий Борисович (1929 шеран 6 апрелехь, Соьлжа-ГӀала2004 шеран 30 майхь, Тамбов) — советийн а, российн а йаздархо, литературхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР йаздархойн бертан декъашхо (1991 шо), РСФСР Халкъан серлонан тӀехдикахо (1964 шо), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хьакъдолу оьздангаллин белхало (1988 шо).

Вина 1929 шарахь гӀуллакхехь болчеран доьзалехь. 1952 шарахь чекхйаьккхина Соьлжа-ГӀалин хьехархойн институтан историн-филологин факультет. 1952 шарахь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болхбан волавелла Туркестанан-Сибрехан цӀерпоштнекъан Защита станцера йуккъерачу ишколехь. 1954—1961 шерашкахь Соьлжа-ГӀалара № 106 йолчу йуккъерачу ишколан хьехархо вара.

1960—1995 шерашкахь болхбина Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан литературин кафедрехь. Ассистент тӀиера доцент тӀекхаччалц дӀавахана. Литература, мохкӀамор, педагогика, литератураӀамор ишколехь хьехаран гӀуллакхаш хьоьхура. Литературин хьехархочун гӀоьнна Ӏилманан-практикан конференцешкара методикан гуламаш хӀитта а йора, редакци а йора.

Хьехархо а, литературин мохкӀаморан говзанча а санна лар йитина ца Ӏаш, Нохчийн Республикера дуккха а бевзаш болу йаздархойн, журналистийн, йукъараллин гӀуллакххойн хьехамхо хилира цунах. Соьлжа-ГӀалахь литературин-мохкӀаморан музей йан дагадеанчарех цхьаъ вара. Хилла штатехь воцу «Соьлжа-ГӀалин белхало», «ГӀебартойн-балкхаройн бакъдерг», «Тамбовн дахар» газетийн корреспондент. Зорбатоьхна «Дон», «Халкъан дешар», «Литература ишколехь», кхин а журналашкахь.

1995 шарахь Нохчийчохь тӀом хилар бахьнехь кхалха дийзира Тамбов. Болхбира Тамбовн дешаран белхалойн квалификаци айаран институтан гуманитаран дисциплинаш хьехаран кафедран доцент[1][2].

Библиографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • «Литературин-мохкӀаморан болх ишколехь» (Соьлжа-ГӀала, 1961 шо);
  • «Нохч-ГӀалгӀайчоь оьрсийн советийн литературехь» (Соьлжа-ГӀала, 1965 шо);
  • «Кавказо динарш» (Соьлжа-ГӀала, 1980 шо);
  • «Пушкинан тачанаш тӀехула» (Тамбов, 1999 шо).

Байтийш гуламаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • «Ленинан урам» (Соьлжа-ГӀала, 1960 шо);
  • «Синтем байна латта» (Соьлжа-ГӀала, 1984 год);
  • «Къилбехьа кораш» (Соьлжа-ГӀала, 1991 год);
  • «Дийнан шорте. Нохчийчоь-Тамбов» (Тамбов, 1996 год).

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Адиз Кусаев. Поиски и находки краеведа // Столица+ : газета. — 2004. — № 21. — С. 7.
  • Юбилей // Вайнах : журнал. — 2009. — № 4. — С. 32.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]