Чулацаман тӀегӀо

Белалькасар, Себастьян де

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Себастьян де Белалькасар
Сурт
ГӀуллакхан тайпа путешественник-исследователь, Конкистадор
Вина терахь 1480[1][2]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1551 шеран 21 апрель({{padleft:1551|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})
Кхелхина меттиг
Викилармин логотип Себастьян де Белалькасар Викилармехь
Сантьяго-де-Калира Белалькасаран иэс. Скульпторан В. Мачон болх

Себастья́н де Белалька́сар (Sebastián de Belalcázar; бакъ фамили Мойано; вина 1480 шо гергга долуш, Белалькасар[3]1550, Картахена, Колумби) — аделантадо титул йолу испанхойн конкистадор, гӀараваьлла Эквадор, Никарагуа, Колумбин къилба-малхбузе йаккхарца. Гуаякиль (Эквадор) а, Попаян (Колумби) а шахьарш йехкина. Мифийн Эльдорадо лаха хьалхара экспедици кечйина.

Кордова провинцера Белалькасар эвлахь жӀаратоьхна. Белалькасар Керлачу Дуьнена кхачаран хан билгал ца йаьккхина. 1519 шарахь дуьйна иза гӀуллакхехь Педрариас Давила хьаькам волуш, ткъа 1524 шарахь йаьккхира Никарагуа. Кхечу конкистадорашца дов даьлла, 1531 шарахь иза хӀордаца гӀоьнна вахара Франсиско Писаррон, тӀаккха дӀакхийтира цуьнан эскарх Перун бердашца.

Белалькасаран тӀедиллинера хӀокху заманан Эквадоран инкийн къилбаседа мохк баккхар. Инкийн тхьамда вохийна, Белалькасара 1534 шеран 6 декабрехь йаьккхира индахойн чӀагӀо Кито. «Дешин шахьар» Эльдорадо лоьхуш къилбаседехьа оьхуш, конкистадора кхайкхийра испанин тажан мохк бу аьлла Магдалена эркан тогӀи, цигахь кхийтира хьалха къилбаседехьара чувеина Хименес де Кесада. Паччахьо конкистадорийн латташна дозанаш тоьхча, Белалькасаран тоам бан дийзира Попаян коьрта шахьар йолчу провинцин урхаллех.

Белалькасаран дахаран тӀаьххьара итт шерашкахь сингаттам баллийра конкистадорашца долчу керла девнаша. Цуьнан эскарш дакъа лецира Перухь коьртера меттиг къуьйсу Писаррон а, Альмагрон девнехь. 1547 шарахь Белалькасаре гӀо доьху Педро де ла Гаскас (керла губернаторо), гӀаьттинчу Гонсало Писаррон дуьхьала. Белалькасарца араваьлла Попаян шахьрара историк Сьеса де Леон.

1546 шарахь Белалькасара виеран кхел йина луларчу провинцин урхалчина, иза бахьнехь испанхойн суьдо виеран кхел кхайкхийна цунна. Иза гӀертара паччахьан хьалха и кхел къовса, амма велира Картахенехь Европе новкъа валале. ДӀавоьллира йоккха кеп хӀотторца.

  1. Sebastián de Benalcázar // Gran Enciclopèdia Catalana (кат.)Grup Enciclopèdia, 1968.
  2. Sebastián de Belalcázar // (unspecified title) (итал.)De Agostini Editore, 2001.
  3. P. Boyd-Bowman, Indice geo-biográfico de 56 mil pobladores de la América hispánica. I. 1493—1519. México, F.C.E., 1984, № 1339а.