Гуннбьорн Ульфсон
Гуннбьорн Ульфсон | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | путешественник-исследователь |
Вина терахь | X бӀешо |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | X бӀешо |
Гуннбьорн Ульфсон (Ульва Къиган кӀант Гуннбьёрн; норвег. Gunnbjørn Ulvsson; ваьхна X бӀешарахь) — норвегин хӀордахо, дуьххьара Америкин бердаш гина европахо хила тарло[1].
Америки «дӀайеллар»
[бӀаьра нисйан | нисйан]Гуннбьёрн Норвегера Исланде воьдуш вара, амма хӀорд ловза баьлла кема кхоьссира малхбузехьа, иза бахьнехь цунна а, цуьнан тобанна а гучуделира керла латта. Цунах ала долийра Гуннбьёрнан гӀайренаш, йа «Гуннбьёрнан шхераш»[2]. Оцу гӀайренийн меттиг билгала ца йаьккхина, амма, схьагарехь, къмел ду Гренландин къилбаседа-малхбален архипелагех цхьаннах. Иштта, Гуннбьёрн лара мегар ду Америкин бердаш гина дуьххьарлера европахо.
Оцу хиламан нисса долу терахь билгала ца даьккхина. Тайп-тайпана хьосташа 876 тӀера 933 шо кхаччалц долу терхьаш леладо. Гуннбьёрнан лар тӀехула некъаш бира Снэбьёрн Борова (978 шарахь гергга), Хьаьрса Эрика (985/986 шо). Снэбьёрнна а, Эйрикна а дика хаара Гуннбьёрнна карийна латта мичхьа ду.