Бану ХӀашиман бутт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Бану ХӀашиман бутт
Ӏаьр. قمر بني هاشم‎‎
Жанр истори / драма / дин
Рольшкахь Рашид Ӏассаф
Бассим Яхур
АсӀад Фаддат
Наджахь Сафкуни
Тайсир Идрис
ЗухӀайр Рамадан
Композитор Валид аль-ХӀашим
Пачхьалкх ШемаFlag of Syria.svg Шема
Оригиналан мотт Ӏаьрбийн
Режиссёр Мухьаммад Шейх Наджиб
Сценарихо Махьмуд Ӏабдул-Карим
Телеканал Lebanese Broadcasting Corporation[d]
Экранаш тӀехь

«Бану ХӀашиман бутт» (Ӏаьр. قمر بني هاشم‎‎) — шеман телесериал ю, Мухьаммад пайхамаран Mohamed peace be upon him.svg биографих лаьцна ю, 30 сери а йолуш. Сериал арахецнарг ву режиссëр Мухьаммад Шейх Наджиб. Сериалан сценари дӀаязйинарг ву Махьмуд Ӏабдул-Карим. Фильмехь дакъа лаьцна бу, дикаха болу Ӏаьрбийн актëраш: Рашид Ӏассаф, Басам Яхур, АсӀад Фаддат, Наджахь Сафакуни, ЗухӀайр Рамадан а дӀ.кх.

2008-чу шарахь хӀара фильм дикаха ерг хилира, Мухьаммадан дахарах лаьцна йолчарна юкъахь.

Бюджет[нисъе | нисъе чухулара]

Дешдакъа: «Мухьаммад пайхамаран дуьззина дахарах лаьцна дӀаяздар».

Сериалехь гойтуш Мухьаммадан дайшах лаьцна а, цуьнан бераллех лаьцна а. Мухьаммад дедех а, денеах а лаьцна гойту Ӏабдул-МуттӀелип, ПетӀимат бинт Ӏамр а, Абу ТӀелип, Хьамзат а дӀ.кх. Мухьаммад гойтуш вац кху чохь, цунах тера диллина суьрто цуьнан элчаналла сийсаз йолу, и бахьана долуш. Кхин цуьнан ансарех, наскъостех, асхьабех а лаьцна гойтуш ю дукха меттигаш. Къурайшин элий а бу гойтуш, Абу Супьян, Абу ДжаьхӀль, Умайят, Валид ибн МугӀират, Ӏутбат кхиберш а. Иштта гойтуш бац кху чохь, сийлахь болу турпалхой а, Мухьаммадан зударий а, йоӀарий а.