Асмаъ бинт Абу Бакр
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Асмаъ бинт Абу Бакр | |
---|---|
أسماء بنت أبي بكر | |
Говзалла | мухьаддис |
Йина терахь | 595 |
Йина меттиг | Макка |
Кхелхина терахь | 692 шеран 7 октябрь |
Кхелхина меттиг | Мадинат |
Пачхьалкх | |
Къам, некъе | Ӏаьрбий, Къурайш |
Да | Абу Бакр Сиддикъ |
Нана | Къутайлат бинт Ӏабдул-Ӏузза |
Майра | Зубайр бин аль-Ӏаввам |
Динлелор | Ислам |
ТӀеман гӀуллакх | |
ТӀемаш |
Асмаъ бинт Абу Бакр (Ӏаьр. أسماء بنت أبي بكر) — Мухьаммад пайхамаран ﷺ накъост йу, хьалхара халифатан Абу Бакран йоӀ а йу, Зубайр бин аль-Ӏавваман зуда а йу.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Мухьаммад пайхамаран ﷺ юххерчу доттагӀан Абу Бакран йоӀ хилла Асмаъ. Цуьнан ненан цӀе хилла Къутайлат бинт Ӏабдул-Ӏузза. Цуьнан нанас вина ваша хилла — ӀабдуллахӀ, йижарий Ӏаишат а, Умм Кульсум а, иштта дена бина вежарий ӀабдуллахӀ а, Мухьаммад а. Иштта цуьнан десте а хилла Умм Руман бинт Ӏамир цӀе йолуш.
Мухьаммадан пайхамаран декхар хилле, Асмаан да-нана дӀасакъаьстина хилла. Да-нана дӀасакъаьстиначул тӀаьхьа, иза шен ден цӀахь Ӏаш йара.
Дуьххьара ислам тӀеэцначех цхьаъ хилла Асмаъ. Мухьаммад а, Абу Бакр а Ясрибе (Мадинат) воьдучу хенахь, цо цушинна кхача бохьур, Савр бохучу хьех чу. Мадинате бахана дукха хан йаллале, Асмаъ маре йигина Зубайр бин аль-Ӏаввама.