Аль-БатӀин

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
аль-БатӀин

аль-Ба́тӀин (Ӏаьр. الباطن‎‎ — аль-Батин ) — АллахӀан цӀарех цхьаъ. Нохчийн мате даьккхича хуьлу «Къайлаха». Нисса дуьхьала ю цӀаран аз-ЗахӀир («Гуш»). Хьахийна Къуръан чохь: «Иза — Хьалхара а, ТӀаьхьара а, Гуш а, Къайлаха [ва-ль-БатӀин] а, Иза дерриг хууш ву.»[1].

Аль-БатӀин цӀеран маьӀна ду, АллахӀ къайлаха хиларехь, гуш дерг а, къайлаха дерг а хууш хиларехь, ткъа ша иза гуш ца хиларехь. Гуш долу АллахӀан Ӏаламаш а, доза доцу олалла а гучудолу хӀора маьӀигехь Цуо кхоьллинчу дуьненан. Адаман ца делла АллахӀан нур гар дуьненан дахарехь, амма муъмина нахана гурд у иза эхартахь, цуьнца ю дуьненахь иман зеран къайле. Цхьанне а, АллахӀан пурба доцуш, ган таро йац Иза, амма цунна го ша кхоьллина дерриг Ӏалам[2]. Аль-БатӀин ю АллахӀ адаман герга хилар гойтург, массо а кхоьллинчарна, вселеннехь делан урхалла гойтург[3].

Кхечу аятехь иштта чӀагӀдо, АллахӀ гойла дац: «БӀаьрса кхочур дац Цуьнга, Цунна го бӀаьрса. Иза — Тидамаллин (Я Дика), Хууш верг.»[4].

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1.  57:3 </noinclude>Къуръан
  2. аль-Батин — Скрытый Архивйина 2018-06-30 — Wayback Machine Harun Yahya
  3. Али-заде А. А. Батин : [арх. 1 октябрехь 2011] // Исламский энциклопедический словарь. — М. : Ансар, 2007. — 400 с. — (Золотой фонд исламской мысли). — ISBN 5-98443-025-8.
  4.  6:103 </noinclude>Къуръан