Ӏазим (цӀе)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Iазим (цIе) тӀера хьажжина кхуза)
Ӏазим
عظيم
Схьайалар Ӏаьрбийн
Сте-боьрша боьрша
Этимологин маьӀна Сийлахь, гӀараваьлла, ладаме, гоьваьлла, тӀехдика
Ден цӀе Ӏазиман кӀант
Зударийн шала цӀе Ӏазимат
Кхечу меттанашкара аналогаш
Бихкина йаззамаш
Аль-Ӏазим — АллахӀан цӀерех цхьаъ

Ӏази́м (Iарб. عظيم) — Ӏаьрбех йаьлла йолу боьршачу стеган цӀе, нохчийн мате гочдича хуьлу - «cийлахь», «гӀараваьлла», «ладаме», «гоьваьлла», «тӀехдика»[1]. Яьржина ю ислам дин лелочу дукхаха долчу къаьмнаш юкъахь.

Аль-Ӏазим[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-Ӏазим (Iарб. العظيمАль-Ӏази́м) — АллахӀе доьхуш бен лело ца мега АллахӀан цӀарех цхьаъ. Аль-Ӏазим цӀе хьахийна Къуръанахь 4-зза[2]. Цуьнан дукха маьӀнаш ду, АллахӀан возалла гойтуш. Исламан Ӏелам наха маьӀна доккху Аль-Ӏазим цӀеран: Везаниг; Цуьнан возаллин юьхьиг а чаккхе а йац; Цуьнан локхаллин доза дац; Цунах тера цхьан а вац; Цуьнан дух, возалла, массо хӀумалла а доккха ду, Цуьнга цхьан а кхачалур вац.[3].

Ӏабд аль-Ӏазим[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏабд аль-Ӏазим (Iарб. عبد العظيمӀабду-ль-Ӏази́м) — Ӏаьрбех йаьлла боьрша стеган шала цӀе. Ӏабдул-Ӏазим цӀе лаьтта шина дашах Ӏабд (лай) а, аль-Ӏазим (Везаниг), Ӏаьрбийн маттара годича «Везачун лай», «Сийлахьчун лай».

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Баранов Х. К. Арабско-русский словарь: ок. 42 000 слов.. — 3-е. — М.: Издатель Валерий Костин, 2001. — 944 с. — 2000 экз. — ISBN 5-901278-05-4. — С.524.
  2.  2:105,  2:255,  42:4,  56:96
  3. Аль-Азим // Прекрасные имена Аллаха.(ТӀе цакхочу хьажорг) Wasat.Ru