Ӏалим (цӀе)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Iалим (цIе) тӀера хьажжина кхуза)
Ӏалим
عالم
Схьайалар Ӏаьрбийн
Сте-боьрша боьрша
Этимологин маьӀна хууш верг, хуург; Ӏилманча
Ден цӀе
  • Ӏалиман воӀ
  • Ӏалиман воӀ
Зударийн шала цӀе Ӏалимат
Боьршачун шала цӀе Ӏелим
Йаьлла кеп Алимчик
Кхечу меттанашкара аналогаш

Галим, Олим

Бихкина йаззамаш

Ӏалим (оьрс. عليم, Ӏаьр. عليم‎‎ — ‘али́м ) — Ӏаьрбийн боьршачу стеган цӀе а, фамили а, Ӏаьрбийн меттара гочдича хуьлу «хууш верг», «хуург» йа «Ӏилманча». Яьржина ю массо а бусалбачарна юкъахь.

Юьхьанца дош Ӏалим бусалбачеран урхалчин дарж дара, ткъа тӀаьхьа иза долара цӀе хилира[1].

Аль-Ӏалим[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аль-Ӏалим (Ӏаьр. العليم‎‎) цӀе ю АллахӀан цӀарех цхьаъ. Лелайо Къуръан чохь[2]. Гочдича хуьлу «Дерриг хууш верг». Аль-Ӏалим цӀеран маьӀна — Иза дерриг хууш вверг.

Кхин кепаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Галим — Ӏалим цӀеран цхьа кеп. Яьржина Кавказехь, Таджикистанехь, ГӀезалойчохь, кхин а.
  • Олим — Ӏалим цӀеран узбекийн кеп.
  • Алым — Ӏалим цӀеран гӀиргӀазийн кеп.

Фамилеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]