Аба I

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Мар Аба I-ра Сийлахь-воккха
Сурт
Вина терахь

VI бӀешо

Вина меттиг

Хала гІала

Кхелхина терахь

552

Пачхьалкх

Сасанидийн пачхьалкх

Динлелор

Керсталла

Мар Аба I-ра Сийлахь-воккха — 540−552 шерашкахь Малхбален килсан патриарх, резиденци Селевки-Ктесифонехь[en] хилла. Иза волуш Малхбален килсехь лелойолийра Мопсуестин Феодоран а, Нестори а анафора хьалха хилла шира Фаддейн а, Марийн а литурги йоцуш. Цуьнан урхаллин мур беара, Месопотамин керстачара руман-персийн тІемийн халонаш ла дезачу хенан, ткъа Сасанидийн пачхьалкхан а, Византийн а правительстваш килсан гІуллакхашна юкъагІертара, тІаккха а мур лору Малхбален килса чІагІъяларан мур. Мар Аба I-рачо язйина, гочйина дукха динан кхоллараш. Аба ву чІогІа лоруш цІена стаг массо а хІинцалерачу Малхбален килсашкахь, цуьнан сий деш тиллина Калифорнера Сан-Диегохь йолчу семинарин[en] цІе. Цуьнан иэсан ларам бо шарахь шозза — Іийса пайхІамар (Делера салам хуьлда цунна) дуьнен тІеваьллачу дийнера ворхІалгІа пІераскахь а, 28 февралехь а.

Хинволу патриарх дуьнен тІеваьлла зороастрийн доьзалехь Хала гІалахь Месопотамехь. Керсталле валале Бет Гармай провинцехь губернаторан секретарь хилла[1]. Дешна, тІаккха хьехна Нисибин ишколехь, цигахь воккха Іелам стаг ву аьлла цІе яхара. Эдессехь грекийн мотт Іамийра, Феодоран а, Несторийн а коьрта тексташ шеман матте гочйира (я дакъалецира гочъярехь). Цуьнан шен белхашна юкъадогІу Библин а, Гомилин а маьІнаш дахар а, Синодалан кехат а. Патриарх харжале хьалха а Аба гІаравелира Мопсуестийски Феодоран агІонча ву аьлла. Эдесски Фомаца цхьаьна ПалестІинехь, тІаккха Коринфехь а Константинополехь а хилира, иза цигахь гаран тешалла дитина Индикоплов Козьмас[2]. Аба Византин коьртачу шахьрехь хиларан терахь 525 - 533 шерашна юкъахь ду, оцу хенахь кхин а гІарабевлла динан гІуллакххой хилла цигахь. 532 шарахь византийн императоро I-чу Юстиниана, кхаа коьртех болу къовсам чекхбаккха лууш, цхьаьнакхета лиира Абица, амма Абас жоп ца делира.

Мар Абин урхалло сацийра килса екъна лаьттина 15 шеран мур, оцу хенахь генарчу провинцешкахь хоржура цхьана хеначохь масех вовшашца гома болу епископаш. Аба девнийн кІошташка а вахана маслаІат дира. 544 шарахь цуо кхайкхира гулам патриарх харжаран формалан процедура чІагІъян. Амма цул тІаьхьа хилла Иосиф[en] (552−567), хІоттийна шахиншахан I-ра Хосрован Іаткъамца, бина барт а бохош. Гуламехь кхин а тІеэцна динан символ, язйина иза ша Абас, гайтина, Малхбален килсан персийн амал[3].

Зороастризмах а, прозелитизмах а дІахадар бахьнех зороастрийхошна юкъахь, мар Аба Хосровс хьийзира. Мар Аба йийсар вина чувоьллина латтийра шен цІахь, цул тІаьхьа махках ваьккхира Азербайджане хьажийра. 7 шо даьлчи цунна бакъо елира цІа верза, кхин дІа а париархан гІуллакх лело иза валлалц 552 шарахь.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Labourt, 1904, p. 162.
  2. Labourt, 1904, p. 163.
  3. Baum, Winkler, 2003, pp. 33—34.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]