Нохчийн мотт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, Лахар
Нохчийн мотт
Пачхьалкхаш:

Росси, Туркойчоь, Урдун

Регионаш:

Нохчийчоь, ГӀалгӀайчоь, Дагестан, кхин а.

Рейтинг:

1,354,00 [1]

Классификаци
категори:

Иберо-Кавказан меттанаш

Йоза:

кирилица

Меттан код
ГОСТ 7.75–97:

чеч 785

ISO 639-1:

ce

ISO 639-2:

che

ISO 639-3:

che

Кхин: Проект:Лингвистика

Но́хчийн моттвайнехан меттанийн юкъа богӀу мотт, нохчийн къоман мотт.

Нохчийн мотт баьржина бу Нохчийн Республикехь, ГӀалгӀайчохь, Дагестанан Хасу-Эвлан кӀоштехь а Аухан кӀоштехь а Бабаюртан кӀоштехь а Кизилюртан кӀоштехь а, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. 2010 шарахь ларарца Россияхь 1 354 705 адамо буьйцуш бу и мотт. Россияхь нохчийн мотт баьржина хиларца пхеалгӀа меттигехь бу (оьрсийн, ингалсан, гӀезалойн а, немцойн а меттанийн тӀаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официальни мотт а, кхин Дагестанан литературан меттанех цхьа мотт а бу иза.

Нохчийн маттахь Нохчийчохь арахоьцуш ду газеташ («Даймохк», радиогазета «Чечня Свободная» кхин а) Дагестанехь («Нийсо-Дагестан»). Нохчийчохь арахоьцуш ду литературно-исбаьхьаллин журналаш «Орга» а «Вайнах» а. Кхин а, нохчийн мотт лелабеш бу «Исламан зIаьнарш» а, «Молодежная смена» а газеташа а, "Грозный" НПТРК а, "Путь" ТРК а, "Вайнах" ВГТРК а телеканалаша а.