Бисултанов, Апти Дибаевич
Бисултанов, Апти Дибаевич | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | поэт, йаздархо |
Вина терахь | 1959 шеран 1 сентябрь (65 шо) |
Вина меттиг | ГӀой-Чу, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР |
Корматалла | поэт |
Гражданалла | Германи |
Бисулта́нов, Апти́ Диба́евич (1959 шеран 1 сентябрь, ГӀой-Чу, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн поэт, филолог, доцент, хилла волу социальни блокан вице-премьер.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Апти Бисултанов вина 1959 шарахь Нохчийн Республикин Хьалха-Мартанан кӀоштан ГӀой-Чу юртехь. 1983 шарахь цо чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Иза чекхйаьккхинчул тӀехь оцу университетехь цхьана шарахь цо хьехархо болх бира. Цу хенахь цо болийра шен литературин болх. 1982 шо дуьйна 1984 шо кхаччалц цо болх бира «СтелаӀад» цӀе йолу берийн журналехь. 1986 шарахь цо арахийцира шен хьалхара байтин книга «Нох — ЦӀе — Чьо». 1988 шарахь Бисултанов хилира Нохчийн книгийн издательстван редактор.
Нохчий цӀерабахарна цо йазйина поэман «Хайбахехь йазйинарг» («Ткъесан ӀиндагӀ» гуламе йукъайодуш йара иза) 1992 шарахь цунна делира Нохчийн Республикин Нохчичоьн Халкъан совгӀат.
1999 шарахь иза хӀоттира Ичкерин Ӏедалехь социальни Ӏалашон министр.
Апти Бисултанов 2002 шо дуьйна Ӏаш ву Берлинехь. Цо дакъа лецира Халкъашна йуккъера литературин фестивалехь. Иза вара культурин фондан стипендиат. 2003 шарахь Роттердамехь цунна делира «Poets of all Nations» фондан совгӀат. 2005 шарахь цо болх бира Макс Планкан институтехь Лейпцигехь. 2006 шарахь цунна йелира сийлахь цӀе «Рейнсберг гӀалин йаздархо».
Цуьна дукха байташ эшар тӀе йахна, кхоьчу меттанашка а йахна: оьрсийн, немцойн, туркойн, финийн. Апти Бисултанов ву халкъашна йуккъера ПЕН-клубан декъашхо а, оьрсийн а, финнийн а ПЕН-клубан декъашхо. ХӀинца иза ву «Heinrich-Böll-Haus in Langenbroich» стипендиат.
Библиографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- гулам «Нох — ЦӀе — Чьо» — Соьлжа-ГӀала,1986 шо;
- гулам «Цхьа илли» — Соьлжа-ГӀала, 1988 шо;
- гулам «Ткъесан ӀиндагӀ» — Соьлжа-ГӀала, 1991 шо;
- гулам «Ткъесан ӀиндагӀ» (нохчийн а, немцойн а маттахь) — Вена, 2004 шо.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Знакомьтесь, член Фонда «АРЕНЦА» Апти Бисултанов Архивйина 2011-08-12 — Wayback Machine
- Копелев-форум Архивйина 2011-08-07 — Wayback Machine