Ахматова, Раиса Солтамурадовна

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Раиса Солтамурадовна Ахматова
Ахматова Раиса Солтамурадовна.jpg
Йина

13 декабрехь 1928

Йина меттиг:

Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Кхелхина

29 январехь 1992 (63 шо)

Кхелхина меттиг:

Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР

Корматалла:

поэтесса, публицист

Гражданалла:

СССР СССР

Раиса Солтамурадовна Ахматова (1928 шаран 13 декабрь, Соьлжа-ГӀала — 1992 шаран 29 январь) — нохчийн поэтесса, Нохчийн Республикан Халкъан поэтесса (1977), Нохч-ГӀалгӀайн АССР яздархойн Союзан председатель (19611983), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан председатель (19631985).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Раиса Ахматова йина 1928 шаран 13 декабрехь. 1943 шарахь цо чекхъяккхира Соьлжа-ГӀалан хьехархойн училище. Нохчий а, гӀалгӀай а цӀера баьхнача хенахь цо хьехархо болх бира. 1956 шо дуьйна иза яра журналист. 1958 шарахь иза деша яхара А. М. Горькийн цӀарах йолу литературан институтан лакхара литературан курсашка.

Раиса Ахматовас лоцура докха дакъа юкъараллин бахамехь. Иза яра Нохч-ГӀалгӀайн АССР яздархойн союзан председатель (19611983), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан председатель (19631985), XXII КПСС гуламан депутат а, Дерригдуьненан герз дӀадаккхаран а, машаран конгрессан декъашхо, Советски машар Ӏалашъяран комитетан декъашхо[1]. Шен дахаран тӀаьххьара шерашкахь иза яра советски культуран фондан республикан дакъан куьйгалхо.

Цо язйина дукха книгаш яра юх-юха арахоьцуш. Иза ю цхьаъ бен йоцу зуда Нохч-ГӀалгӀайн Республикан Халкъан поэт хилларг.

Цхьаболу талламхош боху цуьнан произведенийн юззина архив (600 папка сов) Хьалхара нохчийн тӀом болуш хӀаллакхилла[2].

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

Нохчийн маттахь[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Хьоме республика». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1958.
  • «Нийсархошка». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1963
  • «Сан седа». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1967.
  • «Шовданан йистехь». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1969.
  • Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1972.
  • «Дикалла». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, 1973.
  • «Цхьаьнакхетар». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн книгийн арахоьцийла, тираж 5 000, 1978.
  • «Суьйренан зӀаьнарш». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн книгийн арахоьцийла, тираж 2 000, 1983.
  • Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, 1987.
  • «Даган иллеш». Стихаш, поэмаш, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн полиграфин цхьанакхетар «Книга», тираж 3 000, 1991.

Оьрсийн маттахь[нисъе | нисъе чухулара]

  • «Бей мне, ветер в лицо!» Стихи. Грозный, 1959.
  • «Иду к тебе». Стихи. М., 1960.
  • «Трудная любовь». Стихи. М., 1963.
  • «Откровение». Стихи. Грозный, 1964.
  • «Откровение». Стихи (2-е издание). Грозный, 1966.
  • «Лунной тропою». Стихи. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1968.
  • Избранная лирика. Грозный, 1970.
  • «Будьте счастливы». Стихи. М., 1972.
  • «Доброта». Стихи и поэмы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1973.
  • «Медный листопад». Стихи и поэмы. М., 1974.
  • «Поющая чинара». Стихи и поэмы. М. 1976
  • «Перевал». Стихи и поэмы. 1977.
  • «Рассвет и горы». Стихи. Грозный, 1981
  • «Прикосновение». Стихи и поэмы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1981.
  • «Разговор с сердцем». Стихи и поэмы. М., изд. «Детская литература», тираж 50 000, 1984.
  • «Ожидание». Стихи и поэмы. М., изд. «Советская Россия», тираж 10 000, 1988.
  • «Вдохновение». Стихи. Грозный, 1989.
  • Избранное. «Край любви». Стихи и поэмы. М., 2009.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Литературный энциклопедический словарь, «Советская энциклопедия», М., 1987 г.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]