Чулацаман тӀегӀо

Чеченски, Александр Николаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Александр Николаевич Чеченски
ГӀуллакхан тайпа офицер
Вина меттиг
Кхелхина меттиг
Викилармин логотип Александр Николаевич Чеченски Викилармехь

Алекса́ндр Никола́евич Чече́нски (1780 шо, Алда (БухӀан-Йурт) — 1834 шо) — Российн кавалерин генерал-майор, нохчий.

Бералла а, жималла а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Винчу хенахь цунна Ӏела аьлла цӀе тиллинера. Бераллехь иза схьалецнера паччахьан эскаро цуьнан йурт хӀаллакйеш хенахь. Цуьнан да веллера шен йурт ларйеш. Цуьнан нана йелира иза веш хенахь. Иза кхиава хьаийцира цу хенахь подпоручик, 16 шо кхаьчна волу Николай Николаевич Раевски. КӀантан цӀе тиллира Александр Николаевич Чеченски. Иза кхиинера Николай Раевский нана йолчахь Каменкехь (Украина). Александрс чекхйаьккхира Москван университет.

ТӀеман гӀуллакх доладар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Александр Чеченскин тӀеман гӀуллакх долийра 1794 шарахь вахмистран даржехь ГӀизларехь Нижегородски 17-гӀа драгунски полкехь. Оцу полкан хьаьким вара цуьнан доладийриг. Цо дакъа лецира Каспийн уллехь гӀажарийн дуьхьал бинчу тӀамехь а, Ӏаьржа хӀордан уллехь туркойн дуьхьал бинчу тӀамехь а.

24 шо кхаьчча Александр подпоручик хилира. 1805 шарахь иза дӀехьавеккхир Гродненски гусарийн полке. Цигахь цо полуэскадронан куьйгало дора. 18051807 шерашкахь цо дакъа лецир Наполеонан эскаран дуьхьал беш болу тӀамтӀехь Мышеницы уллехь а, Гутштадтан уллехь а, Аккендорфан уллехь а, мостагӀ Посаржа хин дехьа лоллуш а. Гутштадтехь бинчу тӀамехь цо гайтина майраллина цунна делира Дашо герз. Прейсиш-Эйлау уллехь бинчу тӀаман цунна йелира IV даржан Сийлахь Владимиран орден.


Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Умар Гайсултанов. Александр Чеченский. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, 1981.
  • Черейский Л. А. А. Пушкин и его окружение. Л., 1988 г., С. 488.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Ахмад Сулейманов ,,Топонимия Чечни