Чеченски, Александр Николаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Александр Николаевич Чеченски
Александр Чеченский.jpg
Бакъ цӀе Али
ГӀуллакхан тайпа офицер
Вина терахь 1780 шо({{padleft:1780|4|0}})
Вина меттиг БухӀан-Юрт Алда (БухӀан-Юрт)[1], Нохчийчоь
Кхелхина терахь 1834 шо({{padleft:1834|4|0}})
Кхелхина меттиг Дрезден
Корматалла тӀемло
Гражданалла Российн империFlag of Russia.svg Российн импери
Да Алхазур
Нана Рахимат
Зуда Екатерина Бычкова
Бераш
  • Софья
  • Александра
  • Николай
  • Вера
  • Надежда
  • Екатерина
СовгӀаташ
  • Орден Святого Георгия 4 степени
  • Орден Святого Владимира 4 степени
  • Орден Святой Анны 2 степени с алмазами
  • Золотое оружие «За храбрость»

Алекса́ндр Никола́евич Чече́нски (1780 шо, Алда (БухӀан-Юрт) — 1834 шо) — Российн кавалерин генерал-майор, нохчий.

Бералла а, жималла а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Винчу хенахь цунна Ӏела аьлла цӀе тиллинера. Бераллехь иза схьалецнера паччахьан эскаро цуьнан юрт хӀаллакъяш хенахь. Цуьнан да веллера шен юрт ларъяш. Цуьнан нана елира иза веш хенахь. Иза кхиава хьаийцира цу хенахь подпоручик, 16 шо кхаьчна волу Николай Николаевич Раевски. КӀантан цӀе тиллира Александр Николаевич Чеченски. Иза кхиинера Николай Раевский нана йолчахь Каменкехь (Украина). Александрс чекхъяккхира Москван университет.

ТӀеман гӀуллакх доладар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Александр Чеченскин тӀеман гӀуллакх долийра 1794 шарахь вахмистран даржехь ГӀизларехь Нижегородски 17-гӀа драгунски полкехь. Оцу полкан хьаьким вара цуьнан доладийриг. Цо дакъа лецира Каспийн уллехь гӀажарийн дуьхьал бинчу тӀамехь а, Ӏаьржа хӀордан уллехь туркойн дуьхьал бинчу тӀамехь а.

24 шо кхаьчча Александр подпоручик хилира. 1805 шарахь иза дӀехьавеккхир Гродненски гусарийн полке. Цигахь цо полуэскадронан куьйгало дора. 18051807 шерашкахь цо дакъа лецир Наполеонан эскаран дуьхьал беш болу тӀамтӀехь Мышеницы уллехь а, Гутштадтан уллехь а, Аккендорфан уллехь а, мостагӀ Посаржа хин дехьа лоллуш а. Гутштадтехь бинчу тӀамехь цо гайтина майраллина цунна делира Дашо герз. Прейсиш-Эйлау уллехь бинчу тӀаман цунна елира IV даржан Сийлахь Владимиран орден.


Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Умар Гайсултанов. Александр Чеченский. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, 1981.
  • Черейский Л. А. А. Пушкин и его окружение. Л., 1988 г., С. 488.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ахмад Сулейманов ,,Топонимия Чечни