РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет | |
---|---|
оьрс. Комитет государственной безопасности РСФСР | |
Пачхьалкх | / РСФСР |
Кхоьллина |
1955 шеран 26 мартехь 1991 шеран 5 майхь |
ДӀасахецна (хийцина) |
1965 шеран 17 декабрехь 1991 шеран 26 ноябрехь[1] |
Юрисдикци |
РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиум (1991 шеран 10 июль кхаччалц) РСФСР Министрийн Кхеташо (1991 шеран 10 июль кхаччалц) РСФСР Президент ССРС ПКхК |
Штаб-квартира | Москох |
Бюджет | Къайла даьккхина |
Хьалха хилларг |
ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин министралла (1946—1953) |
Когаметтаниг | РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла |
Куьйгалла | |
Куьйгалхо | Виктор Валентинович Иваненко (тӀаьххьарниг) |
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет (РСФСР ПКхК) — РСФСР республикин пачхьалкханкхерамзалла латторехь урхаллин меже, болх бина 1955 шеран 26 мартера 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц а, 1991 шеран 5 майра 26 ноябрь кхаччалц болчу муьрашкахь.
Цунах 1991 шеран 26 ноябрехь йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (РСФСР ФКхА)[1].
РСФСР ПКхК истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1923 шеран 15 ноябрера 1941 шеран 5 апрель кхаччалц а, 1965 шеран 17 декабрера 1991 шеран 5 май кхаччалц а, РСФСРн СССР кхечу союзан республикийн санна яцара шен республикин кхерамзаллин меженаш (кхин а 1990 шо кхаччалц республикин яцара компарти — цуьнан меттана йара ССКП). Оцу муьрехь РСФСР махкахь — гӀаланашкахь, областашкахь, мехкашкахь, автономин гуонашкахь, автономин советийн социалистийн республикашкахь – массо а ПКхК меттигера республикин урхаллашна куьйгалла дора ерригсоюзан Комитето.
- 1955 шеран 26 мартера[2] 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц йара РСФСР Министрийн Кхеташонан Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет[3][4].
- Комитет меттахӀоттийра 1991 шеран 5 майхь РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиуман сацамца РСФСР Пачхьалкхан дуьхьалонан а, кхерамзаллин а комитет йекъаран новкъа[5]. Оцу хьолехь РСФСР ПКхК йукъайахара ССРС ПКхК системин, тӀаккха шинна куьйгакӀела йахара — союзан ПКхК а, РСФСР республикин Ӏедалан меженийн а. ШолгӀачу дийнахь (6 майхь) РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель волу Ельцин Бориса а, ССРС ПКхК председатель волу Крючков Владимира а РСФСР халкъан депутатийн гуламан сацам кхочуш беш, РСФСР ПКхК йухакхоллар чӀагӀдеш, куьг йаздира протоколан, союзан-республикин пачхьалкхан комитетан статус йелира[6]. МеттахӀоттийна российн пачхьалкхан кхерамзаллин гӀуллакхан штат 14 стаг бен яцара. Комитет РСФСР Лакхара Кхеташонан гӀишлонан чохь йара, шен долара меттигера меженаш а яцара[7]. Республикин инарлин прокуроран (1991—1993 шерашкара) В. Г. Степанковн хетарехь: "...иза советийн ПКхК Ӏаткъамах маьрша яла гӀортар дара. Амма цуьнан жима аппарат йара, вериг 100 стаг, болх беш бара уьш оццу Лубянкехь, Крючков санна"[8].
- 1991 шеран гурралц йухакхоьллина Комитетан штат йара масех стаг, амма ССРС ПКхК дӀайаккхаре терра, цуьнан бакъонаш а, барам а тӀекхета болабелира. ССРС ПКхК 1991 шеран августехь болийна хийцамаш бахьнехь, КъХПК йоьжначул тӀаьхьа, РСФСР ПКхК кара дӀаделира союзан ПКхК цхьацца дакъош, масала:
- 1991 шеран 21 августехь — ССРС ПКхК Москохан а, Москохан областан а урхалла[9]
- 1991 шеран 5 сентябрь — хьалха дуьххьала дӀа ССРС ПКхК куьйгакӀела хилла РСФСР дукхаха йолу субъектийн пачхьалкхан кхерамзаллин меженаш[7]
- 1991 шеран 1 ноябрь — оперативан-техникин урхалла, 7-гӀа урхалла, ССРС ПКхК 12 дакъа[7]
- 1991 шеран 26 ноябрь РСФСР Президента Б. Н. Ельцина омаран куьг йаздина, оцу омарца РСФСР ПКхК йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (ФКхА) РСФСР пачхьалкхан комитетан бакъонаш йолуш.
ПКхК куьйгалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ? (1965 шо кхачале)
- Иваненко, Виктор Валентинович (д.кх. 1991 шеран майхь дуьйна; 1991 шеран 5 августа — 26 ноябрь)
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан хьалхара гӀовс
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ? (1965 шо кхаччалц)
- Поделякин, Владимир Андреевич (24 сентябрь — 26 ноябрь 1991)
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан гӀовсаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ? (1965 шо кхаччалц)
- Поделякин, Владимир Андреевич (1991 шеран май — 24 сентябрь)
- Орлов, Станислав Александрович (1991 шеран 24 сентябрь — 26 ноябрь)
- Фисенко, Владимир Никитич (1991 шеран 24 сентябрь — 26 ноябрь)
- Ямпольский, Валерий Борисович (1991 шеран 13 — 26 ноябрь)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Указ президента РСФСР от 26 ноября 1991 года № 233 «О преобразовании Комитета государственной безопасности РСФСР в Агентство федеральной безопасности РСФСР» . ТӀекхочу дата: 2016 шеран 25 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь
- ↑ Заседания Верховного Совета РСФСР 4-го созыва, первая сессия (23-26 марта 1955 г.) : стенографический отчет. - 1955
- ↑ Конституция (Основной закон) РСФСР в редакции от 9 июля 1965 г.
- ↑ Закон РСФСР от 17 декабря 1965 г. "О внесении изменений и дополнений в текст Конституции (Основного Закона) РСФСР"
- ↑ Постановление Президиума Верховного Совета РСФСР от 5 мая 1991 года № 1165-I . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 26 августехь Архивйина 2014-08-26 — Wayback Machine
- ↑ История создания :: Федеральная Служба Безопасности
- ↑ 1 2 3 КГБ РСФСР
- ↑ Как 25 лет назад начинался путч и почему не сработал план ГКЧП
- ↑ Постановление Верховного Совета РСФСР от 21.08.1991 № 1625-I . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 29 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 29 октябрехь Архивйина 2014-10-29 — Wayback Machine