РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет
оьрс. Комитет государственной безопасности РСФСР
Emblema KGB.svg
Пачхьалкх Росси/Росси РСФСР
Кхоьллина 1955 шеран 26 мартехь
1991 шеран 5 майхь
ДӀасахецна (хийцина) 1965 шеран 17 декабрехь
1991 шеран 26 ноябрехь[1]
Юрисдикци РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиум (1991 шеран 10 июль кхаччалц)
РСФСР Министрийн Кхеташо (1991 шеран 10 июль кхаччалц)
РСФСР Президент
ССРС ПКхК
Штаб-квартира Москох
Бюджет Къайла даьккхина
Хьалха хилларг ССРС Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет
РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин министралла (1946—1953)
Когаметтаниг РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла
Куьйгалла
Куьйгалхо Виктор Валентинович Иваненко (тӀаьххьарниг)
РСФСР
ПКхК эмблема
РСФСР
РСФСР ЕЛГК(1917—1922)
РСФСР ППУ(1922—1923)
ССРС

РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет (РСФСР ПКхК) — РСФСР республикин пачхьалкханкхерамзалла латторехь урхаллин меже, болх бина 1955 шеран 26 мартера 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц а, 1991 шеран 5 майра 26 ноябрь кхаччалц болчу муьрашкахь.

Цунах 1991 шеран 26 ноябрехь йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (РСФСР ФКхА)[1].

РСФСР ПКхК истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

1923 шеран 15 ноябрера 1941 шеран 5 апрель кхаччалц а, 1965 шеран 17 декабрера 1991 шеран 5 май кхаччалц а, РСФСРн СССР кхечу союзан республикийн санна яцара шен республикин кхерамзаллин меженаш (кхин а 1990 шо кхаччалц республикин яцара компарти — цуьнан меттана яра ССКП). Оцу муьрехь РСФСР махкахь — гӀаланашкахь, областашкахь, мехкашкахь, автономин гуонашкахь, автономин советийн социалистийн республикашкахь – массо а ПКхК меттигера республикин урхаллашна куьйгалла дора ерригсоюзан Комитето.

  • 1955 шеран 26 мартера[2] 1965 шеран 17 декабрь кхаччалц яра РСФСР Министрийн Кхеташонан Пачхьалкхан кхерамзаллин комитет[3][4].
  • Комитет меттахӀоттийра 1991 шеран 5 майхь РСФСР Лакхара Кхеташонан Президиуман сацамца РСФСР Пачхьалкхан дуьхьалонан а, кхерамзаллин а комитет екъаран новкъа[5]. Оцу хьолехь РСФСР ПКхК юкъаяхара ССРС ПКхК системин, тӀаккха шинна куьйгакӀела яхара — союзан ПКхК а, РСФСР республикин Ӏедалан меженийн а. ШолгӀачу дийнахь (6 майхь) РСФСР Лакхара Кхеташонан председатель волу Ельцин Бориса а, ССРС ПКхК председатель волу Крючков Владимира а РСФСР халкъан депутатийн гуламан сацам кхочуш беш, РСФСР ПКхК юхакхоллар чӀагӀдеш, куьг яздира протоколан, союзан-республикин пачхьалкхан комитетан статус елира[6]. МеттахӀоттийна российн пачхьалкхан кхерамзаллин гӀуллакхан штат 14 стаг бен яцара. Комитет РСФСР Лакхара Кхеташонан гӀишлонан чохь яра, шен долара меттигера меженаш а яцара[7]. Республикин инарлин прокуроран (1991—1993 шерашкара) В. Г. Степанковн хетарехь: "...иза советийн ПКхК Ӏаткъамах маьрша яла гӀортар дара. Амма цуьнан жима аппарат яра, вериг 100 стаг, болх беш бара уьш оццу Лубянкехь, Крючков санна"[8].
  • 1991 шеран гурралц юхакхоьллина Комитетан штат яра масех стаг, амма ССРС ПКхК дӀаяккхаре терра, цуьнан бакъонаш а, барам а тӀекхета болабелира. ССРС ПКхК 1991 шеран августехь болийна хийцамаш бахьнехь, КъХПК йоьжначул тӀаьхьа, РСФСР ПКхК кара дӀаделира союзан ПКхК цхьацца дакъош, масала:
  • 1991 шеран 21 августехь — ССРС ПКхК Москохан а, Москохан областан а урхалла[9]
  • 1991 шеран 5 сентябрь — хьалха дуьххьала дӀа ССРС ПКхК куьйгакӀела хилла РСФСР дукхаха йолу субъектийн пачхьалкхан кхерамзаллин меженаш[7]
  • 1991 шеран 1 ноябрь — оперативан-техникин урхалла, 7-гӀа урхалла, ССРС ПКхК 12 дакъа[7]
  • 1991 шеран 26 ноябрь РСФСР Президента Б. Н. Ельцина омаран куьг яздина, оцу омарца РСФСР ПКхК йина РСФСР Федералан кхерамзаллин агенталла (ФКхА) РСФСР пачхьалкхан комитетан бакъонаш йолуш.

ПКхК куьйгалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председатель[нисйе бӀаьра | нисйе]

РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан хьалхара гӀовс[нисйе бӀаьра | нисйе]

РСФСР Пачхьалкхан кхерамзаллин комитетан председателан гӀовсаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Указ президента РСФСР от 26 ноября 1991 года № 233 «О преобразовании Комитета государственной безопасности РСФСР в Агентство федеральной безопасности РСФСР»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 25 майхь.
  2. Заседания Верховного Совета РСФСР 4-го созыва, первая сессия (23-26 марта 1955 г.) : стенографический отчет. - 1955
  3. Конституция (Основной закон) РСФСР в редакции от 9 июля 1965 г.
  4. Закон РСФСР от 17 декабря 1965 г. "О внесении изменений и дополнений в текст Конституции (Основного Закона) РСФСР"
  5. Постановление Президиума Верховного Совета РСФСР от 5 мая 1991 года № 1165-I(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 26 августехь. Теллина 2014 шеран 24 августехь.
  6. История создания :: Федеральная Служба Безопасности
  7. 1 2 3 КГБ РСФСР
  8. Как 25 лет назад начинался путч и почему не сработал план ГКЧП
  9. Постановление Верховного Совета РСФСР от 21.08.1991 № 1625-I(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 29 октябрехь. Теллина 2014 шеран 29 октябрехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]