XVIII бӀешо
Арахьара хатӀ
(XVIII тӀера хьажжина кхуза)
БерхӀийтталгӀа (XVIII) бӀешо дахделла Григори рузманца 1701 шерера 1800 шо кхаччалц. ДӀасадаьржина ду гӀалат, 18 бӀешо 1700 шеран 1 январехь доладелла а, 1799 шеран 31 декабрехь чекхдаьлла а бохуш.
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Петр I хийцамаш (1696—1725). Боккха Къилбаседан тӀом (1700—1721). Полтавин тӀом (1709). Петарбухах коьрта шахьар хилира (1712). Росси импери дӀакхайкхор (1721).
- Испанин верасалла къовсар (1701—1714). Утрехтан (1713) а, Раштаттан (1714) а машаран берташ. ЙоьалгӀа альянсан тӀом (1718—1720).
- Франкин-ингалсан девнаш Къилбаседа Америкехь (1702—1713; 1744—1748; 1754—1763). Керла Франци караяхна ингалсан а, Испанин а (1763).
- Ӏусманан империн тӀемаш: Российца (1710—1713; 1735—1739; 1768—1774; 1787—1792), Венецица (1714—1718), Австрица (1716—1718; 1787—1791).
- Ойратийн-маньчжурийн тӀемаш (1715—1739; 1755—1759). Йуьйхира Джунгаран ханалла (1635—1755).
- Ингалсан-испанин тӀом (1727—1729; Венин а, Ганноверан а берташ).
- Польшин верасалла къовсаран тӀом (1733—1735).
- Йоккха Къилбаседехьара экспедици (1733—1743).
- Австрин когаметталла къийсаран тӀом (1740—1748; Габсбург-ЛотаринггӀеран некъий). Ахенан машар (1748).
- Оьрсийн-шведийн тӀемаш (1741—1743; 1788—1790).
- ХӀиндин тергоярхьама Британин Ост-ХӀиндин компанин тӀемаш (1746—1763 ; 1767—1799; 1775—1782). Британин ХӀиндера мацалла.
- Бразилера (1754), Португалера (1759), Францера (1764), Испанера, церан колонешкара (1767) иезуиташ лахкар.
- Итт йоккха кампани (1755—1792). Цийчоь «дӀакъовлар» (1757).
- Дипломатин революци (1756). ВорхӀ шеран тӀом (1756—1763).
- Сиамин-бирмин тӀемаш (XVI—XIX; 1759—60[en]; 1765—67[en]).
- Немцойн колонисташ массашкахь Росси кхалхор (1763—1766).
- Речь Посполити екъар (1772, 1793, 1795).
- Пугачёвн Емельянан куьйгаллера ахархойн тӀом (1773—1775).
- АЦШн маршонан тӀом (1775—1783). Парижан машар (1783). Къилбаседа-малхбузен индихойн тӀом (1785—1795).
- Хьалхара герзашца йолу нейтралитет (1780—1783). БоьалгӀа ингалсан-голландин тӀом (1780—1784). Гибралтаран боккха гуо лацар (1779—1783).
- Баварин когаметталла къуьйсу тӀом (1778—1779)
- Европахоша Австралин колонизаци йолор (1788; дуьххьарлера охьахевшина меттиг — Сидней).
- Сийлахь французийн революци (1789). Революцин тӀемаш (1793—1797, 1799—1802). Термидорианан харцам (1794). 18 брюмеран харцам (1799).
Оьздангалла а, экономика а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Серладаккхаран мур (XVII бӀешеран чаккхе — XVIII бӀешо). Серлаяьккхина абсолютизм (1740—1789).
- Барокко. Рококо. Академизм. Классицизм.
- Кхаа сенан йохк-эцар (XVI бӀешеран чаккхе — XIX бӀешеран юьхьиг). Бразилехь деши кардар (1690—1800).
- Промышленностан революци (XVIII бӀешеран кхаа декъах тӀаьхьарниг — XIX бӀешеран хьалхара ах).
- Рационализм (Кант).
- Галантан бӀешо
- XVIII бӀешерера Европин никӀапа.
- XVIII бӀешарахь йехкина гӀаланаш.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |