Чулацаман тӀегӀо

Юсуп-пайхамар (телесериал)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Юсуп-пайхамар
перс. یوسف پیامبر
Жанр драма / истори / дин
Сценарихо ФараджуллахӀ Салахьшур
Режиссёр ФараджуллахӀ Салахьшур
Рольшкахь МустӀафа Замани
Махьмуд Пак Ният
Катаюн Рияхьи
ДжаӀфар ДехӀкъан
Ӏаббас Амири
Композитор Пейман Язданьян
Пачхьалкх  Иран
Мотт гӀажарийн
Сезонаш 3
Сереш 45 сери (Серийн_могӀам)
Кхоллар
Продюсер ФараджуллахӀ Салахьшур
Оператор Расул Ахьади
Яьккхина меттиг Иран, Yusef Cinema Town[вд][1]
Серин йохалла 45 мин.
Студи ИРАГӀ
Трансляци
Телеканал IRIB TV1[вд]
Экранаш тӀехь 2008 шаран 27 декабрь — 2009 шеран 1 май
Хьажоргаш
simafilmideh.ir
IMDb ID 3084150

Юсуп-пайхамар (гӀажар. يوسف پيامبر‎) — гӀажарийн телесериал йу, режиссёр ФараджуллахӀ Салахьшур ву. Сериалехь рольш ловзийна сийлахь болчу гӀажарийн актёраш: МустӀафа Замани, Махьмуд Пак Ният, Катаюн Рияхьи, ДжаӀфар ДехӀкъан, ЭльхӀам Хьамиди, Рахьим Норузи, Лейла Болукат а... и. дӀ.кх.

Кху сериалехь Юсупан роль ловзийнарг ву. МустӀафа, а Юсупан дена Якъубан ролехь ву Махьмуд.

Фильмах лаьцна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Якъуб-пайхамаран а, Рахьилан а кӀант Юсуп, дуьненчу велира. Юсуп Якъубан жимах волу кӀант ву, амма цул жимах верг Биньямин ву. Юсупан хазалле хьаьжича, Якъубан Дела хазахилар гора. Якъубан массарел хьомениг вара иза, цунна шен синал дукха везара иза. Цхьана буьйсана Юсупан гӀан гинера, Къуръан тӀехь мааллара: «Юсупа элира шен дега, хӀай сан да суна цхьайт седа гира, малх бутт гира суна суждне даьхкина». Якъуба къайлаха кхаъ баьккхира цунна, цхьана дийнахь лакхарчу даржехь хир ву, хьо массарна тӀаьхь эла хир, хьайн гӀан цхьаьнге ма дийцалахь. Иштта массанхьа иза даьржира, массарна иза хиира.

Юсупан вежаршна тӀе шайтӀа деанера, шена цхьа вон гӀан гинера аьлла харц дерг дийцинера цо. Юсупан вежарша шайца иза жа дажо ваийта элира. Амма Якъуб реза цахилира, цигахь йолчу берзлоша иза ваан кхоьруш. Цара мукӀарло дира шаьш: «Шаьш, Юсуп могуш а, дийна а волуш, цӀа валора ву» — аьлла. Цара Юсупан оцу гӀамаран аренашкахь цунна чӀогӀа етташ, Ӏиттарш а йинера. Яхуда иза вен гӀаьрташ вара, амма Лавис иза цавийтира. Цара иза кӀоргачу гӀун чу кхоьссира. Буьйсана уьш цӀа кхечира, белха а боьлхуш. Цара Юсупан коч еанера, уьстагӀан цӀийха уьзна йолуш. Амма Якъубна уьш харц луьйш буй хиира.

ГӀуна тӀех йолуш йолчу къепала Юсуп схьаийцира. Цун вежарша иза дӀавоьхкира Малик ибн ЗаӀарна, берхӀитта детех. Цара иза Мисран базарахь дӀавоьхкира эла Потифарна. Потифара шен зудчуьнга Зулайхе: «Юсупаца дика хилар дийхира, вайн пайдехь хила мега иза». Цара Мисаран цӀе тиллира цунна «Юзарсиф» — аьлла. Юзарсив гӀалийн гӀуллакхаш листа хӀоттийра. Амма иза дуьхьал вара дела «Амонна» а, мозгӀаршна а.

Актёр Роль Ролех кхетор
МустӀафа ЗаманиЮсуп/ЮзарсифЮсуп-пайхамар
Махьмуд Пак НиятЯкъуб/ИсраилЯкъуб-пайхамар
Катаюн РияхьиЗулейхаПотифаран зуда
ДжаӀфар ДехӀкъанПотифарМисаран ларамениг
Ӏаббас АмириАнх МахӀуАмон-килсан лакхара мозгӀар
ДжахӀанбахш СолтӀаниАменхьотепМисран пирӀон
Рахьим НорузиЭхнатонМисаран пирӀон
МахӀваш СабрканКаримамаЗулейхин хӀусамча
ЭльхӀам ХьамидиАсинатЮсупан зуда
ПарванехӀ МаӀсумиЭла ТииАменхӀотепан зуда
Лейла БолукатНефертитиАхнатунан зуда
Амир Хьусейн МодаресИнарусАменхьотепан чагӀархо
Мухьаммад Ӏали СулейманташАпуписАменхьотепан стол кечдийриг
Реза РазавиХӀоремхӀобАменхьотепан цӀийн гӀаролийн куьйгалхо
Ӏали ТӀалиб ЛуХӀуниферПотифаран гӀуллакххо
ИсмаьӀил СолтӀаниянКимониАмон-килсан мозгӀар
Исрафиль ӀаламдариРудамонПотифаран цӀийн гӀаролийн куьйгалхо
Реза АкъарабиПадьямонАмон-килсан гӀаролийн куьйгалхо
ЗехӀир ЯриБиньяминЮсупан ваша
Марьям БахшиРахьильЮсупан нана
Джавад ТӀахӀериМаликКовран куьйгалхо а, Юсупан хьехамча а
Ардалан ШоджаӀ КавехӀДжабраильХаам беш долу малик
Сирус КахӀвари НежадМилисавуЮсупан доттагӀ
Ӏали ЯӀкъуб ЗадехӀХӀуйяПотифаран стол кечдийриг
Куруш ЗарӀиЛавиЮсупан ваша
Хьусейн ДжаӀфариЮсуп/ЮзарсифЮсуп жимаволуш
Давуд ШейхЯхӀудаЮсупан ваша
ФерештехӀ СарабандиЛияКъона йолуш Якъубан зуда
ЗахӀра СаӀидиФаикъахӀЯкъубан йиша
Насрин НакисаДинаЯкъубан йоӀ
Ӏала МохьсениНинифер КибтаТутмакх, Юсупан мостагӀ
Мухьаммад АхьмадиНабахтин тутмакх, Юсупан накъост
Моджтаба Би ТӀарафанСуфарПотифаран библиотекахо
Насер ФоругӀХуфуАмон-килсан мозгӀар
Ӏали БекаиянАпукиАмон-килсан мозгӀар
Джамшид СафариФалихьМаликан накъост
СудабехӀ Ӏали ПурБильхӀаЯкъубан зуда
Митра ХаважехӀ ИйянЗильфаЯкъубан зуда
ЗахӀра МортазавиТьяминиЗулейхин ялхо
СаӀидехӀ ӀарабЛияЙоккха йолуш Якъубан зуда
Бита СамариТамаЗулейхин ялхо
Мухьаммад ПурсаттарХизрХизр-пайхамар
Парвиз Фаллахьи ПурКидаминЗавира-набахтин хьаькам
Сирус АснакъиНабахтин гӀаролийн куьйгалхо
МанучехӀр БехӀруджБинтуНабахтин тутмакх
Сайд-Мухьаммад Такъи РафакъиАхнатунан хьехамча
МахӀназ Афшар Маридат Падьемонан зуда

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]