Эшпай, Андрей Яковлевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Эшпай Андрей Яковлевич
Композитор Андрей Яковлевич Эшпай.jpg
Коьрта хаам
Вина терахь 1925 шеран 15 май({{padleft:1925|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:15|2|0}})[1][2]
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2015 шеран 8 ноябрь({{padleft:2015|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})[3][2] (90 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
Говзаллаш композитор, кинокомпозитор, пианист,
хьехархо
Жанраш опера, балет, кантата, симфони, концерт, эшар
СовгӀаташ
«Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден Orden Sodruzhestvo.jpg
Ленинан Орден — 1985 SU Order of the Patriotic War 2nd class ribbon.svg Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1971 ЦӀен Седан орден — 1945
Орден «Сийлаллин Билгало» — 1967 Zhukov rib.png Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал
SU Medal Twenty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg SU Medal Thirty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg SU Medal Forty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg RUS Medal 50 Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg
RUS Medal 60 Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg RUS Medal 65 Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg Кеп:«1941–1945 ш.ш. Сийлахь-Боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 70 шо» мидал SU Medal For the Capture of Berlin ribbon.svg
SU Medal For the Liberation of Warsaw ribbon.svg
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал SU Medal 50 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg
SU Medal 60 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg SU Medal 70 Years of the Armed Forces of the USSR ribbon.svg RUS Medal In Commemoration of the 850th Anniversary of Moscow ribbon.svg
POL Za Warszawę 1939-1945 BAR.svg Чувашийн Республикин гӀуллакхаш дарна орден — 2008
ССРС Халкъан артист— 1981 РСФСР Халкъан артист — 1975 РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1968 Ленинан совгӀат — 1986 ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1976 РФ Правительствон совгӀат — 2010 Москох гӀалин совгӀат


Эшпа́й Андре́й Я́ковлевич (вина 1925 шеран 15 майхь, Козьмодемьянскехь, Марийн АО, РСФСР, ССРС2015 шеран 8 ноябрехь, Москохахь, Росси) — советийн а, российн а композитор, пианист, хьехархо, йукъараллин гӀуллакххо. ССРС Халкъан артист (1981)[12], Ленинан совгӀатан (1986) а, ССРС Пачхьалкхан совгӀатан а лауреат (1976). Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман ветеран.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина Козьмодемьянскехь (хӀинца Республика Марий Эл) музыкин доьзалехь: да — композитор, музыкин говзанча-фольклорхо Эшпай Яков, ткъа нана Тогаева Валентина, композиторан йиша Тогаев Анатолий, халкъан эшарш йовзархо а, йезархо а, лакхархо а йара.

1928 шарахь доьзал кхелхира Москоха. Йуьхьанца Эшпай Андрейн музыка Ӏамош йара ден куьйгаллица. 1941 шарахь чекхйаьккхира Берийн музыкинГнесингӀеран цӀарах ворхӀ шеран шикол (В. В. Листовойн класс). Эвакуацехь дешна № 1 йолчу йуккъерачу ишколехь Мариински Посад гӀалахь, иза лорура шен шолгӀа даймохк, тӀаьхьа сих-сиха цига а водура[13].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабалрца тӀамтӀе ваха лиира шен лаамца, амма иза гӀеметтахӀоьттина ца хиларна ца вигира. 1943 шарахь дӀахӀоьттира Чкаловн (Оренбурган) пулемётан доьшийле (хӀинца Оренбурган лакхара зенитан ракетийн доьшийла), ЦӀечу Эскаран кхечу мехкийн меттанийн тӀеман институтехь (ЦӀЭКхММТӀИ) чекхйехира тӀеман гочдархочуьнан курсаш. 1944 шеран чеккхенгахь дуьйна тӀом бира 1-ра Белоруссин фронтехь. 07.05.1945 шарахь 146-гӀа кхийсархойн дивизехь арадаьллачу № 62/н омарца 3-гӀа тӀелатаран эскаран, 146-гӀа Островскийн ЦӀечу Байракхан дивизин 608-гӀа кхийсархойн полкан 2-гӀа разрядан тӀеман гочдархочунна А. Эшпайна, йийсархой лебеш хиина хаамашна, цара таро йелира йохо кхийсархойн шортта меттигаш, Берлин йоккхуш ша мостагӀчуьнан 8 салтий а, эпсар а хӀаллакварна совгӀат дина ЦӀечу Седан орденца.

1945 шеран 9 майхь Берлинехь[14] вара.

ТӀом чекхбаьлча дийшира Москохан консерваторера академин музыкин доьшийлехь фортепианан (Р. Ю. Черновн класс) а, композиторан а (Е. И. Месснеран класс) факультеташкахь. 1953 шарахь чекхйаьккхира Москохан консерватори композицин Е. К. Голубев волчохь (йуьхьанца Ӏемаш вара Н. Я. Мясковский волчохь) а, фортепианон а классаца В. В. Софроницкегахь. 1956 шарахь циггахь чекхйаьккхира аспирантура (куьйгалхо А. И. Хачатурян)[15].

Шен кхолламаш гайтира пианисто санна.

1965—1970 шерашкахь Москохан консерваторехь хьийхира композици (профессор).

Дуккха а дуьненайукъара а, йерриг российн а къийсамийн жюрийн председатель, царна йукъахь Дуьненайукъара П. И. Чайковскийн цӀарах къовсам (пианистийн къовсам, 1978, 1986, 1998), Йерриг российн композиторийн А. П. Петрова цӀарах къовсам (Петарбух).

1960-гӀа шарахь дуьйна — секретарь, 1973—1979 шерашкахь — РСФСР композиторийн бертан 1-ра секретарь, 1968 шарахь дуьйна — ССРС композиторийн бертан секретарь (1952 шарахь дуьйна). Российн авторийн йукъараллин президент (1996—2001, 2006—2015).

Кхоллараллин берто йукъатеттина ССРС халкъан депутат.

2011 шарахь «Аргументаш а, факташ а» газетан корреспондентан йеллачу интервьюхь дийцира дийцира шен гӀарайаьллачу эшарех цхьаьннан йаздаран исторех лаьцна:

«Толам баьккхинчул тӀаьхьа итт шо даьлча „Москохахой“ аса йазйира Бернес Маркан. Тхо дехаш дара Доккхачу Бронни урамехь ахтоьлан чохь. Тхойга вагӀара корехула. Иза а веара иштта. ЧӀоггӀа мохь туьйхира корехула: „Марийхой кхузахь буй? (Сан дада — мари, иза а цуьнан шича Палантай а — марийн говзаллин музыкин бух биллинарг ву.) Дешнаш ду, музыка йеза!“ аса могӀамаш бийшира, со инзараваьлла вара. Тамашена тера дара! Оцу хенахь суна вевзаш воцу поэто Винокуров Евгенийс дерриг сан дахарехь хилларг дийцира! Набарх долу Висла а, бӀаьстенан тӀуьна латта а, урам а — Бронни… Ваша Валя, тӀамер цӀа ца веина, кхелхира Ленинград уллехь. Ткъа нана цуьнга хьийжира ша йаллалц… ТӀехьийза йоӀ а йара, цуьнга сатуьйсуш Ӏийна…»[14]

Велла коьрте цӀий хьадарх 2015 шеран 8 ноябрехь 91-ра шо долуш Москохахь[16][17]. ДӀавоьллина Новодевичьи кешнашкахь[18] [19] (уч. 9, ряд 2, м. 17)[20]

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Да — Эшпай Яков Андреевич (1890—1963), композитор, музыкайовзархо-фольклорист, хормейстер, хьехархо.
  • Нана — Тогаева Валентина Константиновна (1897—1982), оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо, чувашийн композиторан Тогаев Анатолий Николаевичан йиша[21].
  • Ваша — Валентин, Москохан Советийн КӀТӀК тӀекхайкхина, тӀепаза вайра Ленинградан областера тӀемашкахь 15.08.1941[22][23].
  • Зуда — Эшпай Александра Михайловна (йина 1927), пианистка.

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Сийлахь цӀераш:

СовгӀаташ:

Орденаш а, мидалш а:

Фильмографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Фильмашкахь дакъалацар[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1967 — Джазан фестиваль (документан)
  • 1971 — Бернес Марк (документан)
  • 1979 — Музыкера сурт (документан)
  • 2005 — Дахаран хьовзам (документан)
  • 2007 — Седарчийн цамгар. Бернес Марк (документан)
  • 2010 — Эшпай Андрей: Музыка денйар («Документан камера» программера)
  • 2014 — Экранан симфони (документан)

Архиван кадраш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1971 — Вистхила везара… (документан)

Литературин кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Камерин музыкин суьйре, «СМ», 1954, No 12;
  • Новкъан могӀанаш, циггахь, 1961, No 3;
  • Ленинградан хьажарехь, циггахь, 1961, No 6;
  • В. В. Софроницкий (цхьаьна П. Лобановца), жайнахь: Москохан консерваторех дагалецамаш, М., 1966;
  • Нотографин справочник, хӀотт. Н. Сладком, М., 1979;
  • Къамелаш. Йаззамаш. Материалаш. Очеркаш, хӀотт. Е. Гульянц, М., 1988.
  • «Чекхйаланза зама. Тайп-тайпана шерашкара къамелаш» (М., 2000, 2-гӀа арах. М., 2005).

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Козьмодемьянскехь йу берийн исбаьхьаллин Эшпай Андрейн цӀе тиллина ишкол.
  • Козьмодемьянскехь композиторан лерина иэсан у хӀоттийна Чернышевскийн урамехь, 43 цӀенна тӀехь.
  • 2013 шарахь дуьйна Йошкар-Олахь дӀахьо къона музыкантийн Йерриг российн Эшпай Андрейн цӀарах къовсам-фестиваль.
  • Йошкар-Олахь йоккха оьздангаллин а, исбаьхьаллин а концертан зало лелайо композиторан цӀе.
  • 2019 шарахь Марий Эл Республикехь кхайкхийна марийн къоман уггаре дика гӀарабевллачу оьздангаллин а, йукъараллин а гӀуллакххойн иэсийн проектан къовсам, царна йукъахь ву А. Я. Эшпай а. Къовсаман жамӀаш дийр ду 2020 шарахь[34].
  • 2020 шеран 1 октябрехь Йошкар-Олара Марийн республикин оьздангаллин а, исбаьхьаллин а И. С. Палантайн цӀарах колледжан академин музыкин факультетан гӀишло йолчуьра мари къоман XI гуламан мероприятийн гуранчохь тӀулг буьйгӀира композитор Эшпай Андрейн хин йолчу иэсаннна[35].
  • 2021 шеран 26 майхь сацам бира Йошкар-Олан аэропортан Эшпай Андрей Яковлевичан цӀе тилла[36].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Эшпай Андрей Яковлевич / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. 1 2 Andrei Iakovlevich, Андре́й Я́ковлевич Echpai // Musicalics (фр.)
  3. Andrej Ešpaj // https://beliana.sav.sk/heslo/espaj-andrej
  4. http://www.classicalmidi.co.uk/Eshpai%20.htm
  5. https://www.wikiwand.com/fi/Andrei_E%C5%A1pai
  6. http://www.albanyrecords.com/mm5/merchant.mvc?Screen=PROD&Store_Code=AR&Product_Code=TROY367&Category_Code=a-BS
  7. http://www.musicweb-international.com/classrev/2010/Mar10/Lokshin_fleurs_BISCD1556.htm
  8. http://rateyourmusic.com/label/russian_disc/2
  9. http://soundcloud.com/milton-greyfoot/andrei-eshpai-oboe-concerto-1
  10. http://www.classicalarchives.com/artist/3991.html
  11. http://www.youtube.com/user/collectionCB2
  12. Эшпай Андрей Яковлевич / О. С. Лебедева // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  13. Народный артист СССР Андрей Яковлевич Эшпай — в городе Мариинский Посад
  14. 1 2 Николаев И.  Андрей Эшпай — о войне и Серёжке с Малой Бронной (ru) // Аргументы и факты : газета. — 2011. — № 18 за 4 мая. — С. 4.
  15. Кеп:Кругосвет
  16. Скончался композитор Андрей Эшпай.
  17. Ушёл из жизни выдающийся композитор Андрей Эшпай.
  18. В столице простились с Андреем Эшпаем. Архивйина 2015-11-16 — Wayback Machine
  19. Могила Эшпая
  20. Новодевичье кладбище
  21. Андрей Эшпай: Игры для оркестра.
  22. Ишпайкин (Эшпай) Валентин Яковлевич.
  23. ли?802/ Эшпай Валентин Яковлевич.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  24. Мария Эшпай.
  25. Указ Президиума Верховного Совета СССР от 2 сентября 1981 года № 5575—X «О присвоении почетного звания „Народный артист СССР“ композитору Эшпаю А. Я.»
  26. Знаменитые люди нашего города - Прочее - Козьмодемьянск - Статьи - Сайт города Козьмодемьянск(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 20 апрелехь. Теллина 2013 шеран 18 апрелехь.
  27. МГК им. Чайковского - персоналии - Эшпай Андрей Яковлевич(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 8 майхь. Теллина 2013 шеран 18 апрелехь.
  28. Распоряжение Правительства Российской Федерации от 17 декабря 2010 г. N 2289-р «О присуждении премий Правительства Российской Федерации 2010 года в области культуры»
  29. Указ Президента Российской Федерации 21 мая 2010 года N 617 «О награждении орденом Дружбы Эшпая А. Я.»
  30. Орден Красной Звезды.
  31. Композитор Андрей Эшпай награждён орденом «За заслуги перед Чувашской Республикой» Архивйина 2013-05-08 — Wayback Machine
  32. Официальный портал органов власти Чувашской Республики → Указ Главы Чувашской Республики от 12.11.2008 № 115
  33. Медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.».
  34. Объявлен конкурс на лучший проект памятников Ивану Петрову, Андрею Эшпаю, Валентину Колумбу (11.12.2019).
  35. Палкин В. В Йошкар-Оле заложили камень на месте памятника Андрею Эшпаю (02.10.2020).
  36. Аэропорт в Йошкар-Оле получит имя знаменитого композитора Андрея Эшпая (оьр.). «Йошкар-Ола» (2021, 29 май). Теллина 2021 шеран 2 июнехь.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]