Хачатурян, Арам Ильич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Хачатурян Арам Ильич
эрм. Արամ Եղիայի Խաչատրյան
Aram Khachaturian 1971.png
Коьрта хаам
Йина терахь 1903 шеран 24 май (6 июнь)({{padleft:1903|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг Коджори йуьрт, Тиблисин уезд, Тиблисин губерни
Кхелхина терахь 1978 шеран 1 май({{padleft:1978|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (74 шо)
Кхелхина меттиг Москох, РСФСР, ССРС
Пачхьалкх
Говзаллаш

композитор,

композитор, кинокомпозитор, дирижёр, хьехархо
Пондарш фортепиано, Ӏад хьокху пондар, виолончель
Жанраш академин музыка, балет, концертан музыка, симфонин музыка, камерин музыка
СовгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо — 1973
Ленинан Орден — 1939 Ленинан Орден — 1963 Ленинан Орден — 1973 Октябран Революцин Орден — 1971
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1945 Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден — 1966 Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» Москох ларъярна мидал
«Кавказ ларъяран» мидал
SU Medal Thirty Years of Victory in the Great Patriotic War 1941-1945 ribbon.svg
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь сийлахь къахьегаран» мидал
SU Medal In Commemoration of the 800th Anniversary of Moscow ribbon.svg
Исбаьхьаллин а, литературин а орденан командор (Франци) POL Odznaka honorowa Zasluzony dla Kultury Polskiej.png Ӏилманийн а, исбаьхьаллин а орденан йоккха аса
Къинхьегаман 1 тӀегӀанан орден (МХР) RUS Imperial Order of Saint Andrew ribbon.svg
ССРС Халкъан артист— 1954 РСФСР Халкъан артист — 1947 РСФСР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1944 Эрмалойн ССР Халкъан артист — 1955 Эрмалойн ССР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо — 1938 Азербайджанийн ССР Халкъан артист — 1973
Ленинан совгӀат — 1959 ССРС Пачхьалкхан совгӀат — 1971 Сталинан совгӀат — 1941 Сталинан совгӀат — 1943 Сталинан совгӀат — 1946 Сталинан совгӀат — 1950 Эрмалойн ССР пачхьалкхан совгӀат — 1965
Автограф
Автограф
Виртуальный музей Хачатуряна
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь


Хачатуря́н Ара́м Ильи́ч (Хачатря́н) (эрм. Արամ Եղիայի Խաչատրյան), 1903 шеран 24 май (6 июнь), Коджори, Тиблисин губерни, Российн импери[1]1978 шеран 1 май, Москох, ССРС[2]) — Эрмалойн советийн композитор, дирижёр, хьехархо, музыкин-йукъараллин гӀуллакххо.

Социалистийн Къинхьегаман турпалхо (1973). ССРС халкъан артист (1954) Ленинан совгӀат лауреат (1959), деа Сталинан совгӀатан лауреат (1941, 1943, 1946, 1950), ССРС пачхьалкхан совгӀатан (1971) а Эрмалойн ССР пачхьалкхан совгӀатан а лауреат.

Цхьаболчу талламчаша амал ло цунна эрмалойн а, советийн а композиторийн ишколан цхьа бӀогӀам олий[3].

Кхаа балетан, кхаа симфонийн, вокалан, хоран, гӀирсан, программин музыкин кхолламийн ялх концертан, кинофильмашна а, театран хӀоттамна а лерина музыкин автор, кхин а Эрмалойн ССР пачхьалкхан хӀостан музыкин автор (1944).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хачатурян Арам вина 1903 шеран 24 майхь (6 июнехь) шарахь Коджори йуьртахь (хӀинца Тиблисин муниципалитетан йукъахь)[4] (кхечу хьосташца — Тиблисехь[5][6]) эрмалойн доьзалехь. ХачатурянгӀеран мужалтйешволчу Ильян (Егийн) а, Кумаш Саркисовнин а воьалгӀа кӀант.

1911—1913 шерашкахь дийшира С. В. Аргутинскаян-Долгоруковин доларчу пансионехь, 1913—1921 — коммерцин ишколехь. Бераллехь дуьйна йезаш вара музыка, ишколан капеллехь лакхара фортепиано, зурма, туба, амма да-нана реза дацара цуо лелочунна, боккъал а музыка Ӏамо вола ца велира 19 шо[7] долуш бен.

Кхиира ширачу Тиблисин дуккха а меттанийн музыкин атмосферехь пондарийн сазандарийн ансамбльшна (тар, каманча, дап), гӀалин эшаршна а, романсашна а йукъахь. Цуьнан хьалхара музыкин хьехархо хилла композитор Агаян Мушег[8]. Шен дагалецамашкахь Хачатурян Арама йаздира[9]:

Со кхиира халкъан музыкин дахаран, цуьнан Ӏиданийн, цуьнан Ӏадатийн, сигаттаман, хазахетаран халкъан илланчаша а, пондарчаша а хаза лоькху эрмалойн, азербайджанийн, гуьржийн байтийн атмосферехь — и бераллин битам буьйжира сан хьекъале.

1921 шарахь 18 шо долу Арам эрмалойн кегийрхойн тобанца цхьаьна веира Москоха, цигахь дукха хенахь дуьйна болх а беш вехаш вара цуьнан воккхаха волу ваша, Хачатурян Сурен, театран режиссёр[10]. иза деша хӀоьттира Москохан университетан кечаман курсашка. 1922 шарахь хилира МПУ физикин-математикин факультетан биологин декъан][11] а, КхоалгӀа гайтаман пачхьалкхан музыкин ГнесингӀеран цӀарах техникум (хӀинца Музыкин ГнесингӀеран цӀарах доьшийлин) студент[12], цигахь Ӏамийра виолончель (хьехархо С. Ф. Бычков, цул тӀаьхьа A. A. Борисяк) а, фортепиано а лакха, оьцура композицин хьехола[7]. 1925 шарахь композици Ӏамо волавелира М. Ф. Гнесинан классехь, университетера дешар дитира. Техникум чекхйаьккхира 1929 шарахь. Оцу шерашкахь дуьххьара нисвелира симфонин концертехь, цецваьккхина вара Л. ван Бетховенан а, С. В. Рахманиновн а музыко. «Ӏад хьокху пондарна а, фортепиянона а хелхар» хилира композиторан дуьххьарлера болх.

«Массо а Ӏад хьокху пондарчаша санна, сан куралла йан йиш йац, Хачатурян Араман дуьххьарлера кхоллараллин опус — цуьнан Си-бемоль мажор хелхар — Ӏад хьокху пондарна йазйина хиларна, говзачу композиторан хаало иза ма-варра говзанчо санна — виртуоз а, иркарахӀоьттина исбаьхьалчо санна.»

Ойстрах Давида Хачатурянах лаьцна[13]

1926—1928 шерашкахь болх бира Эрмалойчоьнан Москохан оьздангаллин цӀа чохь, цигахь куьйгалла дира эрмалойн 2-гӀа драмин студин музыкин декъанна Р. Н. Симоновн куьйгаллица.

1929 шарахь дӀахӀоьттира Москохан консерваторе, цигахь Ӏамийра композицин классехь, хьалха M. Ф. Гнесинегара, цул тӀаьхьа Н. Я. Мясковскегара; цуьнан инструментовкера хьехархой бара Р. М. Глиэр а, С. Н. Василенко а. 1934 шарахь цуо тӀех дика чекхйаьккхира консерватории, цул тӀаьхьара шина шарахь шарвелира циггахь аспирантурехь Н. Я. Мясковскийн волчохь.

Студент волчу шерашкахь хилла цуьнан кхолламаш, масала, Ӏад хьокху пондаран фортепианоца эшар-поэма (1929)[14], Альтин а, фортепианон а сюита (1929), Фортепианон токката (1932), фортепианон, Ӏад хьокху пондаран, кларнетан трио (1932)[7]. Кхин дӀа, оьрсийн ишколан ламасте хьаьжна, композиторо йаьккхира, Хьалхара симфони (1934), фортепианон (1936), Ӏад хьокху пондаран (1940), виолончелан (1946) оркестрца концерташ. Ткъа цул тӀаьхьа — 1960-гӀа шерашкахь — оццу солон пондаршца йазйира керла триптих — концерташ-рапсодеш (Ӏад хьокху пондарна — 1961, виолончелна — 1963, фортепианона — 1968). Уггаре дукха лоькху цуьнан симфони — ШолгӀаниг (1944) — «Симфони гарголца. КхоалгӀачу симфонин (1947) цӀе йелла «Симфонеш-поэмаш». Фортепианон кхолламех билгала йу Сонатина (1959), Соната (1961, арахецна ши редакци, ткъа кхин а Шина фортепианон кхо пьеса (сюита) (1945). Шен дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь композиторо йазйина мерзийн пондарийн (Ӏад хьокху пондарна, альтана, виолончелна) кхоъ солон соната.

1939 шарахь йазйира дуьххьарлера эрмалойн балет «Ирс». Амма балетан либреттон гӀалаташа йухайаздайтира музыкин доккхаха долу дакъа. ЖамӀехь «Ирсан» йерриг партитура», ша автора ма-аллара, «байталйаьккхира». Дерриг чекхделира тӀеман шерашкахь «Гаянэ» балет кхолларца. Иштта дагалоьцу и мур композиторо:

Вехаш вара со Пермехь «Йуккъера» хьешан цӀа чохь 5-гӀачу гӀат тӀехь. И хан дагалаьцча, аса йух-йуха ойла йо, ма-хала дара оцу хенахь адамашна. Фронтан оьшура герз, бепиг, махорка… Ткъа исбаьхьалла — синмехаллин кхача, оьшура массарна а — фронтан а, тӀом боцучарна а. Ткъа тхуна — артисташна а, музыканташна а иза хаара, дӀалора дерриг тхайн ницкъаш. «Гаянэ» партитурин 700 гергга агӀо аса йазйира эха шарахь шийлачу хьешан цӀийнан хӀусамехь, цигахь лаьттара пианино, гӀант, текх, маьнга. Цул сов деза ду, «Гаянэ» — советийн теманера цхьаъ бен йоцу балет хилар, иза сценин тӀера дӀа ца йелира 25 шарахь…

Балетан премьера хӀоттийра Ӏай — 1942 шеран 9 декабрехь Перме кхалхийначу Ленинградан оперин а, балетан а С. М. Кировн цӀарахчу театрехь. ШолгӀачу шарахь балетан делира хьалхарчу тӀегӀанан Сталинан совгӀат, оцу заманан оьздангаллин сферехь уггаре лакхарчех совгӀат. «Гаяне» чуьра «Таррашца хелхаро» композитор дерриг дуьненна а вовзийтира[15].

ТӀеман шерашкахь болх бира Ерриг союзан радиохь, йахйира патриотийн эшарш а, маршаш а.

1944 шарахь йазйира Эрмалойн ССР хӀостан музыка.

ЧӀогӀа бала хилира композитона В. Мурадели «Доккха доттагӀалла» оперех лаьцна ЕКП(б) ЦК Политбюрон 1948 шеран 10 февралан Сацам, цунна чохь цуьнан кхолларалла, С. Прокофьевн а, Д. Шостаковичан а кхоллараллица цхьаьна могӀара, лерира исбаьхьаллехь формалистика гайтар санна. Композитор дӀасецира дуккха а шерашна.

ТӀом чекхбаьлча композиторан боккха болх хилира балет «Спартак». Балетан партитура чекхйаьккхира 1954 шарахь, ткъа 1956 шеран декабрехь хилира премьера. Оцу хенахь дуьйна «Спартак» ондда балетан труппийн репертуаран йукъайахара, гойтура дуьненан йаккхийрачу сценашна тӀехь. Иза хӀиттийра Л. Якобсона, И. Моисеева, Ю. Григоровича, Е. Чангас, кхечу гӀарабевллачу балетмейстераш.

Цхьана хенахь болх бира театрехь а, кинохь а; цуо музыка йазйира 20 сов кинофильмашна[15], царна йукъахь «Зангезур», «Пепо», «Владимир Ильич Ленин», «Оьрсийн хаттар», «Къайлаха мисси», «Церан Даймохк бу», «Адмирал Ушаков», «Джордано Бруно», «Отелло», «Сталинградан тӀом». 1930—1950-гӀа шерашкахь музыка йазйира спектаклашна «Макбет» Жима театрехь хӀоттийна (1955), «Лиран паччахь» в Москхеташонан цӀарах театрехь хӀоттийна (1958); шуьйра йевза цуьнан 1941 шеран Е. Вахтанговн цӀарах театрехь хӀоттийна «Маскарад» спектаклан музыка[16].

Цуьнан музыка тидархошна йукъахь — Ойстрах Давид, Ростропович Мстислав, Слободкин Яков, Оборин Лев, Флиер Яков, Клиберн Ван, Шаховская Наталья, Петров Николай, Лимпани Мура, кхин а.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Герой Соц. Труда Хачатурян Арам Ильич:: Герои страны
  2. Биография Арама Хачатуряна (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). РИА Новости (6 июнехь 2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 10 июнехь. Теллина 2013 шеран 9 июнехь.
  3. Khachaturian, Aram (Il’ich) // Музыкальный словарь Гроува. «He is considered by some to be the central figure in 20th-century Armenian culture and, along with Prokofiev and Shostakovich, was a pillar of the Soviet school of composition»
  4. Aram Khachaturian — статья из Британской энциклопедии
  5. ХАЧАТУРЯН, АРАМ ИЛЬИЧ | Энциклопедия Кругосвет
  6. Краткая биография Арама Хачатуряна
  7. 1 2 3 Арам Хачатурян // 100 композиторов XX века (перевод с немецкого). — Урал LTD, 1999. — С. 168. — ISBN 5-8029-0084-9.
  8. Сайт дома-музея Арама Хачатуряна. Жизнь и жизнедеятельность(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2018 шеран 1 сентябрехь. Теллина 2018 шеран 1 сентябрехь.
  9. Н. Г. Шахназарова. Избранные статьи. Воспоминания. Арам Хачатурян. — М., 2013. — С. 103.
  10. Хачатурян, Сурен Ильич // Театральная энциклопедия (под. редакцией П. А. Маркова). — Советская энциклопедия, 1967. — Т. 6.
  11. 100 великих композиторов/Автор-составитель Д. К. Самин. — М.: Вече, 2008. — С. 371—376.
  12. ХАЧАТУРЯН в музыкальной энциклопедии
  13. Юзефович, В. Арам Хачатурян. — Москва: Советский композитор, 1990. — С. 97. — ISBN 5-85285-091-8.
  14. Хачатурян Арам Ильич — Песня-поэма (в честь ашугов). Classic-online. Теллина 2013 шеран 12 мартехь.
  15. 1 2 Арам Хачатурян // 100 композиторов XX века (перевод с немецкого). — Урал LTD, 1999. — С. 169. — ISBN 5-8029-0084-9.
  16. Хачатурян, Арам Ильич // Театральная энциклопедия (под редакцией П. А. Маркова). — Советская энциклопедия, 1967. — Т. 6.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Тигранов Г. Г. Арам Хачатурян. — Л.: Музыка, 1978.
  • Тигранова, И. Г. Лирические образы в творчестве Арама Хачатуряна. — Ер., 1973.
  • Хараджанян Р. Фортепианное творчество Арама Хачатуряна. — Ер.: Айастан, 1973.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]