Эвла (ЦХР)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Эвла (ций. , : zhèn, : чжэнь) — Цийн Халкъан Республикан волостан тІегІанера административан дакъа.

ЦХР кхоллале Цийхь нийсса кхетам а бацара «эвла» дешан. 1954 шарахь «эвлаш» олура 5400 нах бехачу меттигех.

1955 шарахь ЦХР Пачхьалкхан Совето чІагІдира «ГІалана а, эвлаш а хІиттаяран низам» аьлла долу закон, цуьнца «эвла» олура 2000 сов стаг веха меттигах, нагахь царех ахархой 50 % кІезиг белахь. 1964 шарахь дуьйна «поселок» лара йолийра 3000 сов стаг веха меттиг, нагахь царех 30 % кІезиг ахархой белахь; я 2500 – 3000 стаг веха меттиг, нагахь царех 15 % кІезиг ахархой белахь. 1978 шарахь ЦХРхь яра 2173 эвла.

1984 шеран 29 ноябрехь ЦХРн Пачхьалкхан Совето хийцира критереш, цуьнца административан дакъа «эвла» лара мегар ду волость, лахара цхьа хьал догІуш делахь:

  • ерриг волостан бахархойн барам 20000 сов стаг хила йиш яц, царех ахархой — 2000 сов стаг хила йиш яц;
  • ерриг волостан бахархойн барам 20000 сов стаг ву, царех ахархой — 10 % сов бац;
  • кІезиг къаьмнаш дехачу меттигашкахь, кІезиг нах беха дозанара я ломара кІошташкахь, наха маьІда доккху кІошташкахь, кегийра гаванашкахь, туристийн хазнаш долчу кІошташкахь, дозанара порташкахь нах беха меттигаш иэшахь кхолла йиш ю «эвла» статусехь, цигахь ахархой 2000 стаг сов велахь а.

ХІинца ЦХР ткъа эзар гергга «эвла» ю.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]