Шарлотта Кристина София Брауншвейг-Вольфенбюттелан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шарлотта Кристина София Брауншвейг-Вольфенбюттелан
нем. Charlotte Christine von Braunschweig-Wolfenbüttel
Шарлотта Кристина София Брауншвейг-Вольфенбюттелан
Дин Лютераналла
Йина терахь 1694 шеран 29 август({{padleft:1694|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Йина меттиг Вольфенбюттелан резиденци
Кхелхина терахь 1715 шеран 1 ноябрь({{padleft:1715|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (21 шо)
Кхелхина меттиг Петарбух
ДӀайоьллина
Тайпа ВельфгӀар[d]
Йича тиллина цӀе нем. Charlotte Christine Sophie von Braunschweig-Wolfenbüttel
Да Людвиг Рудольф Брауншвейг-Вольфенбюттелан
Нана Кристина Луиза Эттингенан
Майра Алексей Петрович
Бераш Пётр II[d], Наталья Алексеевна[d]
Динлелор Лютераналла
СовгӀаташ
Благороднейший орден Звёздного креста
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Шарлотта Кристина София Брауншвейг-Вольфенбюттелан (нем. Charlotte Christine Sophie von Braunschweig-Wolfenbüttel; 1694 шеран 29 августехь, Вольфенбюттелан резиденцехь1715 шеран 21 октябрехь (1 ноябрехь)[1], Петарбухехь) — паччахьан кӀентан Алексей Петровичан зуда, императоран Петр II-гӀачун нана, император-аьзнин Мария Терезийн а, Фридрих Сийлахьчун зудчун, Пруссин паччахь-аьзнин Елизавета Кристинин а дейиша.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доьзал[нисйе бӀаьра | нисйе]

Герцог Людвиг Рудольф Брауншвейг-Вольфенбюттелан а, ВельфгӀеран некъех йолу цуьнан зудчун Кристина Луиза Эттингенан а кхоалгӀа йоӀ. Амма деца-ненаца йоӀ кӀезиг гора, гуттаренна а цаьрга кехаташ кхоьхьуьйтуш йара иза[2]. Шарлоттас а, цуьнан йижарша Елизавета Кристинас а, Антуанетта Амалийс а хенан доккхаха долу дакъа доккхура шайн деден герцоган Антон Ульрихан кертахь[3]. Йалх шо долуш дуьйна кхиош йара полякийн паччахьан Август II-чун кертахь, цуьнан зуда Кристиана Эбергардина Бранденбург-Байрейтан генара гергарло долуш йара. Оцу заманан дика дешар чекхдаьккхира цуо.

Ялар[нисйе бӀаьра | нисйе]

1715 шеран 12 (23) октябрехь «буьйса йукъал тӀехйаьлла, 6-гӀа сахьтехь 22-гӀа минотехь» кронпринцессо кӀант Петр Алексеевич (хин волу Пётр II) вира. Хьалхарчу кхаа дийнахь Шарлоттина дика хетара, доьалгӀачу дийнахь декъалаеш йара, кӀант вакхош а йара. Оццу дийнахь цунна гӀуо хилира, кийрахь лазарш дуьйладелира, хӀорш йеира, харцлен йолайелира. 20 октябрехь консилиумо дери дира хьал ледар хиларх[3]. Бераш Петран тӀе а дехкина, кертарчаьрга Ӏа дика йина, 21 октябрехь (1 ноябрехь) сарахь 11 сахьт долуш Шарлотта йелира[4]. Уллехь волу паччахьан кӀант, гӀуо хилира масийттаза.

Маре[нисйе бӀаьра | нисйе]

1709 шо чекхдолуш Пётра хьажийра шен кӀант Алексей Дрездене, дешар чекхдаккхийтархьама. Цигахь, Августан паччахьан кертахь, цунна гира шен хин йолу зуда Шарлотта. Полякийн паччахь хилира оцу захалонна хьалхаваьллачух цхьаъ, кхин цхьаъ вара герцог Ульрих Антон[3]. Петран принцесса пайден парти хийтира, хӀунда аьлча цуьнан йиша Елизавета Кристина марехь хиларна императоран ГабсбургӀеран некъех волчу Карлом VI-гӀачунгахь, ткъа Австрин гӀо, туркошца хила безачу къовсамехь дика мах хадийра российн дипломаташа. Ша Шарлотта дуьхьала йара хила дезачу маренна, дог дохура, Антуанетта Амалия харжийла[3]. 1709 шеран йуккъехь цуо йаздира дедега, цуо йаздинчу кехатан дуьхьала:

« Цуо ло суна ойла йан таро, москохан захало сайна тӀех дериг хиларх. Аса даиман а догдохура цунна…[3] »

Легенда[нисйе бӀаьра | нисйе]

1771 шарахь Парижехь эладиташ даьржира, шена дӀовш мало гӀертачу майрачух лечкъаш, Шарлоттас ша йелла моттийтина. Граф-аьзнин Кёнигсмаркан гӀоьнца иза едда Швецехула а, Францехула Америке[5]. Луизианехь мааре йахана капитан д’Обане, йоӀ а йина. Йалале йухайирзина Париже, цигахь къанъелла кхелхина. Вольтера оцу эладитех басня йу элира. Ткъа паччахьо Фридриха тидам бира:

« Тешалаш, Россехь байа хаьа, нагахь паччахьан кертахь цхьаъ эхарта хьажавахь, иза денлур вац шуна[3]. »

Сил-сила[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Europäische Stammtafeln, Band I, Frank Baron Freytag von Loringhoven, 1975, Isenburg, W. K. Prinz von. Pages 72, 100.
  2. Григорян В.Г. Шарлотта Кристина София // Биографический справочник. — М: АСТ:Астрель:Хранитель, 2007. — С. 491—493. — 507 с. — (Романовы). — 3000 экз. — ISBN 5-17-038047-X.
  3. 1 2 3 4 5 6 Морохин А. «Аншальт учинить». Несчастная супруга царевича Алексея // Родина : журнал. — 2007. — Вып. 11. — С. 103—108.
  4. Агамов А. К вопросу о дате смерти снохи Петра Великого. (2013 шеран 11 февраль).
  5. Шарлотта, супруга царевича Алексея Петровича // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]