Харьковщенко, Игорь Александрович
Юьззина цӀе | Харьковщенко Игорь Александрович | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1967 шеран 17 январь (54 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Одесса, Украинийн ССР, ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 178 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 73 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Харьковщенко Игорь Александрович (укр. Ігор Олександрович Харковщенко, 1967 17 январь, Одесса, УССР) — советийн а, украинийн а футболист, турсло, тӀаьхьа — тренер.
Карьера игрока[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхиийна одесского «Черноморцан» футболан ишколо. Хьалхара тренераш — Черкасский Матвей а, Иваненко И. а. 1983 шарахь карьера йолийра «Черноморцан» резерван командехь. 1985 шарахь дехьавелира одессин СКА, цунна юкъахь левзира 8 шарахь. 1993 шарахь чӀагӀйира хмельницкийн клуб «Норд АМ Подолье». Чемпионат 1993/94 шеран Ӏайн заманахь сецчи дехьавелира ровнон «Вересе», иза ловзуш яра украинин футболан лакхарчу лигехь. 1995/96 шарахь вара черновцин «Буковинехь». 1996 шеран аьхка кхайкхира днепропетровскан «Днепр» юкъа. Куьйгаллехь Грозный Вячеслав волуш командин капитан вара[1].
1998 шо долалуш дӀавахара Россех, эха шарахь левзира «Газовик-Газпром» (Ижевск) клубехь. 1998 шеран аьхка кхелхира Болгаре, цигахь Грозный Вячеславан куьйгаллехь левзира «Левски» клубехь[2]. Харьковщенко ловза волавелира коьртачу командехь, амма «А» тобанехь 3 матч левзина йисинчу хенахь шен чевнашна дарба лелийра. 1999 шарахь дехьавелира гуттаренна а «айсийначаьрца» мостагӀалла лелочу софийн ЦСКА. Иштта турсло хилира дуьххьалалера легионер, болгарин футболан коьрта шахьрера шинне а грандан юкъахь ловза кхиина. «Эскархошна» юкъахь украинхо чӀагӀ ца велира, тренеран штабан шех дог даьккхина команда йитира. Софийн ЦСКА юкъара дӀаваханчул тӀаьхьа цхьаьна хенахь левзира «Ботевхь» (Враца). 2000 шарахь левзира липецкан «Металлургехь». 2000/01 шеран Ӏайн заманахь дехьавелира тирасполан «Шерифе». Цхьаьна шарахь Молдавехь левзина цӀа вирзира Украине, цигахь левзира одессин езархойн командашкахь «Ласуня», ИРИК, «Сигнал», «Иван». 2005 шарахь чекхъяьккхира ловзархочуьнан карьера.
Тренеран карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ловзархочуьнан карьера чекхъяьлча тренеран гӀуллакх долийра. Юьхьанца гӀодеш вара Грозный Вячеславан киевн «Арсенал», запорожьен «Металлург», Соьлжа-ГӀалара «Терек» командашна юкъахь. 2007—2008 шерашкахь болх бира къилбасахалинан «Сахалин» клубан тренеран штабехь. 2010 шеран январехь дуьйна болх бира овидиополан «Днестран» коьрта тренеран ассистентан даржехь. 2013 - 2016 шерашкахь болх бира ужгородан «Говерлин» коьрта тренеран ассистент.
2018 шарахь коьрте хӀоьттира ужгородан «Минайн», иза ловза йолаелира Украинин шолгӀа лигехь. 2018 шеран августехь «Вересан» дуьхьалчу матчал тӀаьхьа билгалвелира матчан коьрта арбитрех Козорог Кристинех Ӏаткъаме сексистийн дешнашца: «Нагахь зуда футбол евзаш яцахь, цуо бераш дан деза. Бераш дан деза, матчийн суьдхо хила ца еза»[3]. ФК «Минай» осудил слова тренера, а также оштрафовал его[4].
2019 шеран 2 майхь коьрта тренеран дарж дитира, ткьа куьйгалло шен агӀора иза тӀеийцира[5].
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Ловзархочун[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Молдавин Кад
- Баьккхина (1): 2000/01
- Украинин Кад
- Финалхо (1): 1996/97
- Украинин чемпионат (Хьалхара лига)
- Детин совгӀатхо (1): 1995/96
- УССР чемпионат
- Борзанан совгӀат (1): 1988
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Вячеслав Грозный: Левски Рима нужда от диктатор като мен(болг.)
- ↑ Защитница са хит на футболния ни пазар(болг.)
- ↑ Ігор ХАРКОВЩЕНКО: «Якщо жінка не розбирається у футболі — їй треба народжувати дітей»(укр.)
- ↑ ФК «Минай»: приносимо свої вибачення за слова тренера(укр.)
- ↑ Ігор Харьковщенко більше не тренер «Минаю»(укр.)
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 17 январехь
- Бинарш 1967 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Одессехь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех яззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- ССРС футболисташ
- Украинин футболисташ
- ФК «СК Одесса» ловзархой
- ФК «Подолье» Хмельницкий ловзархой
- ФК «Верес» ловзархой
- ФК «Буковина» ловзархой
- ФК «Днепр» Днепр ловзархой
- ФК «Днепр-2» ловзархой
- ФК «СОЮЗ-Газпром» ловзархой
- ФК «Левскин» ловзархой
- ФК ЦСКА София ловзархой
- ФК «Ботев» Враца ловзархой
- ФК «Металлург» Липецк ловзархой
- ФК «Шериф» ловзархой
- Украинин футболан тренераш
- ФК «Арсенал-Киев» тренераш
- ФК «Металлург» (Запорожье) тренераш
- ФК «Сахалин» тренераш
- ФК «Ахьмад» тренераш
- ФК «Днестр» (Овидиополь) тренераш
- ФК «Тобол» тренераш
- ФК «Говерла» тренераш
- ФК «Минай» тренераш