Товха

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Товхан схема.
А — шийла хӀаваъ,
В — довха хӀаваъ,
С — кӀуран газаш.

Товха — пешийн кеп ю.

Товха 4 декъах лаьтта:

  • Портал — декорца кечдина долу хьалхара дакъа. Дукха хьолахь П-кепара.
  • Кхерч — ягорг (кӀора, дечиг, газ кхин дӀа а) ягон камера.
  • КӀурагулбийриг — кхерч тӀехулара къевлина газ шера турбан чуйогӀуьйту камера; оьшу еккъа биллина кхерч болчу товханашна, иза бахьанехь йоккха товха ян ло чолхе турба а йолуш.
  • Туьнкалг — дӀаозаран, кӀура дӀабохуьйту ирх хьалайоьду турба.


Эвсаралла[нисъе | нисъе чухулара]

Товхин йовхонан пайда доккхаха долчу декъана радиацино йохъяр бахьана ду, цуьнца цхьана, товхана гонахьарниш йохлой оцу йовхонан дакъа хӀаваан кхочу. Товхано цӀа дохдан тоъал йовхо ца ло аьлла даьржина ду тилдаларш. КӀезга йовхо ло йиллина товхано. Чохь къевлина кхерч болу товханаш ша долу цӀа дохдан йовхо ло. Цхьайолу товханийн мохтухург лерина ю, товхан йовхонан дакъа хӀаваан конвекцица дӀадалар чӀагӀдан, тӀаккха цхьатерра йохло чоь.

Классификаци[нисъе | нисъе чухулара]

Конструкцин башхаллашца[нисъе | нисъе чухулара]

  • Лаьхьтин чуйоьллина (Ингалсан я Къевлина)
  • Рамфордан товха
  • Йиллина (кхин цӀераш а ю «Швейцарийн», «Альпийн»), цӀенкъа юккъехь лаьтта, кхерч массо агӀора биллина бу
  • Ах йиллина, пенах товжийна йоьттина амма цуьнан конструкцих хоттаелла яц
  • Кхерч чухоттийна товханаш

Ягорагца[нисъе | нисъе чухулара]

Дечиг дагон товх
  • Дечиг дагон, кӀора багон
  • Газ ягон
  • Биоягорган
  • Ток ягон (Электротовх)
  • Дечиган кӀора багон

Архитектуран хатӀ[нисъе | нисъе чухулара]

Товхан классикан хотӀера декоративан портал
  • Классикан хатӀ — билгалдоккху П-кепара портал хиларца а, дукха хьолахь биллана кхерч хиларца а, хетте а тӀаьхьарчу хенахь дукхаха лелабо къевлина тайпана кхерч, цуьнан йоккха ПГӀК ю. Цуьнга кхочу кхерч чудогӀу хӀаваан терго ярца. Кхерч чудогӀу хӀаваан барам охьабаьккхича лагӀло туьнкалгехула аракхуьйсу йохйина кӀуран газаш, тӀаккха кхерчо товхан гонахьа кхерчо йовхо алсама ло. Классикан хотӀан товхан порталашна лелабо шагатӀулг я кхин Ӏаламан тӀулг, наггахь леладо чуьйна а, дитт а.
  • Рустикалан хатӀ — дукха хьолахь «Кантри» цӀе лелайо. Д-кепара кегийра а, юккъера а барамаш бу церан. Ютту оган уллохь я сонехь. Портал йо борахчу гӀирсех: Ӏаламанчух — гӀайракхах, кир-маьӀданех, я бинчу гӀирсех, масала эдельрок. Порталан чохь даиман аьлча санна лаьхьта дуьту дечганна.
  • Модернизм а, ХайТек а — таханлера товхин хатӀ ду. Юкъаевлла дукха хан яц, XX бӀешеран шолгӀачу декъехь. Оцу хотӀан минимализме хьаьжна ца Ӏаш, цу товхийн порталийн кепаша цецвоху шен яран майраллица. Хайтек хотӀера товхийн цхьацца моделаш йо дуьненахь цхьа экземпляр бен йоцуш. Иштта масала, OmegaFocus цӀе йолу, Focus компанин товханийн порталан фасадан меттана, металлан пластинехь оригиналан хадор ду, ткъа металл хадоран сурт башха ду хӀора арахоьцучу экземплярехь, тӀе куьг яздо Имберто Доминикас ша — Focus компани кхоьллинарг а, цунна чу садиллинарг а.
  • Бионика — и хатӀ гучудаьлла XX бӀешераш чекхдовлуш XXI бӀешераш долалуш. Оцу хотӀан чу садиллинарг Ӏалам ду. Минимум сенаш а, нийса зилаш а, даиман лелаш хетийта — бионикан аматийн башхалла ю иза. Оцу хотӀан товханаш тахана эксклюзиван исбаьхьаллин кхоллам бу.
  • Экъанийн хатӀ — йо, дукха хьолахь, российн пхьераша. Шен цӀе елла оцу кепана лелош болчу кечбаран гӀирсах — экъанех.

Электротовхаш[нисъе | нисъе чухулара]

Электротовхан «сийса» дечиг
Бух болу яззам: Электротовха

Кхечу товхийн кепашка хьаьжчи, электротовха кхин хоттам болуш ю. Дукха хьолахь электротовхано чоь йохйо гӀийла йовхонан вентиляторан я инфрацӀен пешан хьесапца. Амма классикан товханах тера, электротовхано декорацин функци йо цӀе гаран имитацин чоьтах. Яран дуьххьарчу муьрехь, тахана уггар йорахчу моделаша алун имитацина леладо куьцан хедийна мохо лестош долу кӀадийн цуьргаш. ХӀинца арахоьцучу юккъерчу а, лакхарчу а мехера моделашна хиттайо тайп-тайпанчу технологийн видеоэкранаш, LCD кхаччалц. Ца магадо электротовханаш коран а, къуьдан а дуьхьал хитто. Хьажийначу зӀенарш лагӀйо хьажаран эффектан серло. Иштта сих-сиха сийсаран эффект хаало пластикан дечиган копешкахь. Йовхонан функци дӀаяйалуш ю, иштта эстетикан Ӏалашонехь электротовх латаяр новкъа доцуш хуьлу йовхачу хенахь а.

Биотовхаш[нисъе | нисъе чухулара]

Биотовх — йовхонан генерацин а, технологин процессин а цхьанахиттина зонийн йовхонан генераторан пешех цхьа кеп ю. Биотовхан белхан гуо къастийна бу гонахьарчу меттигах, леррина йолчу чухиттийна чиркхаш (биокхерчаш) болчу порталца, цу чохь йовхонан генерацин процессаш хуьлу биоягорган (биотовхан тӀуналлаш) чоьтах. Товхан оьшу туьнкалг, хӀунда аьлча цуо «дийна» цӀе (алу) ло, электротовхаш санна цӀеран имитаци ца йо. Биотовх электромашан тӀетаса ца оьшу. Иза хотто аьтту бу чоьнан муьлххачу декъе а, цхьаннен а инженеран машанашна тӀетаса а ца оьшу. Амма лелориг «дийна» цӀе хилар бахьанехь, хотто еза пайденна йолу кӀора-муьсталийн я кхин цӀейойург биотовх ягончохь.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Дымовые каналы и трубы // Краткая энциклопедия домашнего хозяйства. — М.: Государственное Научное издательство «Большая Советская энциклопедия», 1959.