Сийлахьчу Марьяме Беза хаам кхайкхор

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Сийлахьчу Марьяме Беза хаам кхайкхор (желтойн маттахь Εὐαγγελισμός [τῆς Θεοτόκου]; оьрсийн маттахь Благове́щение Пресвятой Богородицы, латинан маттахь Annuntiatio — кхайхкор) — Инжилехь дийцина хилларг ду, иштта цунна лерина керстанан деза де ду.

Ортодоксан керсталлехь Пасха дӀаяьллачул тӀаьхьа шийтта уггаре деза долчу денойн юкъадогӀуш де ду иза.

Къудс-гӀалин, Оьрсийн, Гуьржийн, Сербийн, Полякийн ортодоксийн килсашкахь а, иштта Украинийн желтойн-католикийн килсехь (Украинехь), шира ортодоксаллехь а Беза хаам кхайкхор даза до юлианан рузманца бекарг-беттан (мартан) 25-чу дийнахь (григорианан рузманехь 7-гӀа апрель).

Константинополан, Александрийн, Антиохийн, Румынийн, Болгарин, Кипран, Элладан (Желтойн), Албанхойн, Чехийн латтийн а Словакин, Америкийн, иштта Католикийн килсаш, протестантийн деноминацеш даза до григорианан рузнамца бекарг-беттан (мартан) 25-чу дийнахь.