Ракетийн эскарийн а, артиллерин а де (Росси)
Ракетийн эскарийн а, артиллерин а де — иэсан де, даздеш ду Россехь 19 ноябрехь[1].
Дуьххьара Артиллерин дийнан Ӏида хӀоттийра ССРС Лакхара Советан Президиуман Омарца 1944 шеран 21 октябрехь. 19 ноябран терахь хаьржира хӀокху бахьнехь: 1942 шеран 19 ноябрехь онда артиллерин кечам бина ЦӀиечу Эскаро йолийра «Уран» операци — советий контртӀелатар Сталинградан тӀамехь, иза Сийлахь-Боккха Даймехкан а, берриг ШолгӀа Дуьненан тӀамехь а каггаман юьхьиг хилира.
1964 шарахь дуьйна даздо Ракетийн эскарийн а, артиллерин а де аьлла. Даздо массо а Российн ТӀН ракетийн а, артиллерийн а дакъошкахь. ХӀора шарахь оцу дийнахь Александран бешахь Москохахь дӀахьо даздаран болх, зезагаш а, кочарш а дохкуш Ца вевзачу Салтийчун каш тӀе а, «Турпал-ГӀала Сталинград» цӀе йолчу иэсан хьаьркан[2]. Ӏида доладалале ветеранаш а, РФ ТӀеман Ницкъийн ракетийн эскарийн а, артиллерин а тӀеман бӀаьччаш а зезагаш а, кочарш а дохку Кремлан пенан гергарчу артиллерин коьрта маршалийн Воронов Николайн а, Митрофан Неделинан а чим болчу гӀутакхашна хьалха[3].
Тилалой иэ ма де хӀара Ӏида кхечу 17 декабрехь билгалдоккхучу иэсан даьнца — Стратегин лерина ракетийн эскарийн де.
Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Ракетийн эскарийн а, артиллерин а де
- Бекъановкъан эскарийн де
- Российн Федерацин ракетийн эскарийн а, артиллерин а де
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ День ракетных войск и артиллерии Архивйина 2021-11-20 — Wayback Machine
- ↑ В Александровском саду состоялась торжественная церемония возложения цветов и венков к Могиле Неизвестного солдата и памятному знаку «Город-герой Сталинград» : Министерство обороны России…
- ↑ У Кремлевской стены состоялось торжественное возложение венков к урнам с прахом главных маршалов артиллерии Николая Воронова и Митрофана Неделина : Министерство обороны России…