РагӀ (рельеф)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ламанан дукъ (рагӀ) космосера

Ла́манан рагӀ — дика къаьсташ басенаш йолу, еха асанца озийна рельефан айар. Уггаре лекха меттигаша до регӀан дукъ — дохаллехь озийна, рагӀ шина басенна йоькъу аса, цунах хидоькъе олу (дуьхь-дуьхьала лаьтта эркан майданаш йоькъу аса). РогӀан дохаллин йисташкахь дукъ дукха хьолахь охьатаьӀа. Дукъ тӀехула йоккху семан аса, я рогӀан аса, иза гойту орографийн схеманашкахь.

Ламанан рогӀан кеп, йохалла, локхалла йозу кхолларан муьрах а, кхиаран исторех а, ткъа кхин а иза лаьтта ламанан породех а. РогӀан кӀажошкара дукъ тӀекхаччалц йолу меттиг масех бӀе метр тӀера, наггахь масех километре кхочу; рогӀан йохалла — иттаннаш, бӀенаш километраш, басеш дукха хьолахь Ӏункара хуьлу. Семан аса кепех алсама хуьлу нийсанаш а, гӀийра хьевзинаш а.

РаьгӀнийн юкъаметтиг[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ламанан раьгӀана цхьаьнакхеттачу меттигех олу ламанан система.

Луларчу раьгӀнашна чутаьӀначу аренах раьгнаш йекъайалар олу.

Лаьмнийн генаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Яккхий ламанан раьгӀнийн дукха хьолахь хуьлу лаьмнийн генаш — агӀонашкахула дӀасадоьлху генаш, уьш мелла а кегийра раьгӀнаш хуьлу.

Ламанан шодмаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шиъ я масех ламанан рагӀ цхьаьнакхета меттигах ламанан шед олу.

Ламанан зӀенаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Асанца ул-уллехь лаьтта, чутаӀарша екъна ламанан регӀанех массиваш олу, цара йо ламанан зӀенаш.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]