Пиллигаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар

Пиллигаш[1]  я Пилгу[2] я Пилго — цхьа гӀирс лелон я телефонан а, компьютеран а хаамаш чубоху билгалчу низамехь лаьтта кнопкийн комплект [3]. Кнопкаш тӀетеӀайо куьйган пIелгашца.

Пиллигаш иштта ала таро ю пиллигийн электромузыкан гIирсах а[3].

Пиллигаш шина кепара ю: музыкан а, абатан-терхьийн.

Музыкан пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Музыкан пиллигаш
Музыкийн пиллигаш

Музыкан гӀирсан пиллигаш пондур лакха лерина ю, кнопкийн могӀанаш бу, хӀоранна шен-шен аьзнаш долуш билгалчу локхаллица. Пиллигийн диапазон нисло тайп-тайпана. Куьйга пӀелгашна лерина пиллигаш хуьлу хӀокху гӀирсан: роялан, зурма-пондаран, клавесинан, челестан, синтезаторан, ткъа иштта баянан, кехатпондаран, кхечу гӀирсан а.

Нисло иштта кога пиллигийн музыкан гӀирс, церан кога ловзон кнопкийн могӀанаш бу[4].

Музыкийн пиллигаш йолчу гӀирсех пиллигийн музыкийн гIирсаш олу.

Абатан-терхьийн пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Чехка болх бен телеграфан радиозӀен (КТ-2) гӀирсийн комплексан пиллигаш, 1936 шо

Абатан-терхьийн пиллигаш лелайо техникан а, механикан а гӀирсаш тӀехь (йозанан машен, компьютер, калькулятор, кассан аппарат, кнопкийн телефон). ХӀора пиллиган йогӀу цхьаъ я масех билгала символаш. Таро ю пиллигийн болх пиллигаш цхьаьнадалорца сов баккха. Иштта кепарчу пиллигашна тӀе сурт латадо символаш я тӀетаӀийча хуьлург гойтуш.

Электронан гӀирсан хаамаш пиллигашца чубахарх яздар олу, нагахь механикан я электрин яздаран машенаца делахь зорба тохар олу. Текст яздаран билгала методика ю, цуо таро ло профессионалан цамгарш ца хилийта[хьост?]. Пиллигашка а ца хьожуш текст язъян таро луш кхин а методикаш ю, цунах бIаьрзе яздаран кеп олу.

Терхьийн пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Терхьийн пиллигаш олу цхьаьна ул-уллохь лаьттачу терхьаш долчу кнопкех, уьш лерина ю терхьаш чудаха (масала, лоьмарш). Ишттачу пиллигаш тӀехь шина кепара лаьтташ хуьлу терхьаш.

Телефонаш тӀехь лелайо, кнопкаш тӀиера терхьаш аьру агӀонера аьтту агӀора я лакхара охьа лакха довлуш йолу пиллигаш. Иштта кепара пиллигаш лелайо домофонаш тӀехь а, кхин аудиозӀен гӀирсаш тӀехь а (масала, Skype программехь), ткъа иштта генара лелон пульташ тӀехь а (масала, телевизоран пульт тӀехь).

Калькуляторш тӀехь лелайо аьру агӀонера аьтту агӀора я лахара хьала терхьийн барам лакха болуш болу пиллигаш. Дукхаха йолу компьютеран пиллигийн аьтту агӀора кнопкийн блок хуьлу, оцу чуйогӀу калькуляторан кепара пиллигаш.


Компьютеран пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Компьютеран пиллигаш
Ноутбукан пиллигаш

Компьютеран пиллигаш лерина ю хаамаш компьютер (чубоху гӀирс) чубаха. Шуьйра яьржина ю пиллигаш — пиллигий копеш, IBM PC/AT серин компьютершца яхьаш йолу. Иштта пиллигашха олу «PC/AT пиллигаш» я «AT‑пиллигаш», 101 я 102 кнопка хуьлу церан. ПК IBM PC а, IBM PC/XT серица яхьаш йолу пиллигийн хуьлура 83 я 84 кнопка[5]. AT-пиллигаш тӀехь кнопкаш латтар догӀу цхьатерра тӀеэцначу схемица, цуьнан проект йина ингалсан абатан элпаш яздан атта хилийтаран чот йолуш. Программа хIоттийна пиллигаш (царна юкъахь, POS-пиллигаш) чохь хила тарло кнопкийн кхин барам; кнопкаш вовшехтоьхна хила тарло лерина тӀелаточу хӀуман гӀоьнца

ХӀолламаш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Мациев А. Г., Карасаев А. Т. Русско-чеченский словарь. — М., Русский язык, 1978. — 728 с
  2. Работа над англо-русско-чеченским словарём компьютерных терминов
  3. 1 2 Воройский, 2003.
  4. Клавиатура // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  5. Клавиатура // Аппаратные средства персональных компьютеров.
  6. В Казахстане появился памятник компьютерной клавиатуре | KM.RU
  7. Lenta.ru: Интернет: В центре Екатеринбурга поставят памятник компьютерной клавиатуре

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Воройский Ф. С. Информатика. Новый систематизированный толковый словарь-справочник. — 3-е изд.. — М.: ФИЗМАТЛИТ, 2003. — 760 с. — (Введение в современные информационные и телекоммуникационные технологии в терминах и фактах). — ISBN 5-9221-0426-8

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]