Компьютеран пиллигаш

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Computer Workstation Variables.jpg

Компью́теран пиллигаш я Компью́теран пилгу[1] — лерина ю хаамаш компьютер (чубоху гӀирс) чубаха. Цхьана билгалчу низамехь лаьтта кнопкаш ю уьш.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

ХӀинцалера пиллигаш кнопкаш латтарца а, чухулара а тера ю IBM PC- йогӀуш йолу компьютерца серих:

XT а, AT а пиллигийн омарш цхьана ца догӀу. Цхьана хенахь арахоьцура пиллигаш, ший а цхьана йогӀуш; уьш дехьатухучуьнца «XT — AT» я «X — A» дехьа-сехьа яккхалора.

АТ-пиллигашна тӀиера кнопкаш яздаран машенан тӀехь санна ю, иза йогӀу цхьатерра тӀеэцначу схемица, цуьнан проект йина ингалсан абатан элпаш яздан атта хилийтаран чот йолуш.

105-элпийн пелиган IBM/Windows кеп
Esc F1 F2 F3 F4 F5 F6 F7 F8 F9 F10 F11 F12 PrtSc
SysRq
Scroll
Lock
Pause
Break
Тильда Восклицательный знак @ Кавычки Знак решётки Знак номера Символ доллара Точка с запятой Знак процента Циркумфлекс Двоеточие Амперсанд Вопросительный знак Звёздочка (типографика) Круглые скобки Круглые скобки Подчёркивание Сложение Backspace Машинописный обратный апостроф Ё (кириллица) 1 (цифра) 2 (цифра) 3 (цифра) 4 (цифра) 5 (цифра) 6 (цифра) 7 (цифра) 8 (цифра) 9 (цифра) 0 (цифра) Дефис Знак равенства Backspace Табуляция Q W E (латиница) R T (латиница) Y (латиница) U I (латиница) O (латиница) P (латиница) Фигурные скобки Фигурные скобки Клавиша ввода Табуляция Й Ц У (кириллица) К (кириллица) Е (кириллица) Н (кириллица) Г Ш Щ З Квадратные скобки Х (кириллица) Квадратные скобки Ъ Клавиша ввода Caps Lock A (латиница) S D F G H (латиница) J K (латиница) L Двоеточие Кавычки Вертикальная черта Косая черта Клавиша ввода Caps Lock Ф Ы В (кириллица) А (кириллица) П Р (кириллица) О (кириллица) Л Д Точка с запятой Ж Машинописный апостроф Э Обратная косая черта Ввод (клавиша) Shift Вертикальная черта Z X (латиница) C (латиница) V B (латиница) N M (латиница) Угловые скобки Угловые скобки Вопросительный знак Запятая Shift Shift Обратная косая черта Я Ч С (кириллица) М (кириллица) И Т (кириллица) Ь Запятая Б Точка (знак препинания) Ю Косая черта Точка (знак препинания) Shift Ctrl Windows (клавиша) Alt Пробел Alt Gr Windows (клавиша) Menu (клавиша) CtrlKB Eng-Rus QWERTY(ЙЦУКЕН).svg
Ins Home PgUp NumLk / *
Del End PgDn 7 8 9 +
4 5 6
1 2 3 Ent
0 ,

ГӀирс[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Пиллигийн технологи
Бух болу яззам: Скан-код

Кнопкийн тобанаш[нисъе | нисъе чухулара]

PC/AT стандартаца йогӀуш йолу пиллигаш. 104 кнопка лаьтта QWERTY элпийн кепаца

Шайн белхашца пиллигашна тӀиера кнопкаш екъало коьрта тобанашна:

Кхин тӀе тобанаш:

Цхьайолу (PC/AT-пиллигаш тӀехь — шийтта) функционалан кнопкаш лаьтта пиллигийн лакхарчу могӀанехь. Лахуо лаьтта абатан-терхьийн кнопкийн блок. Оцу блокан аьттухьа ю цамза лелоран кнопкаш, ткъа пиллигийн аьтту агӀора йисттехь — терхьийн у ду, схьадоккхуш а дан ло иза.


Элпийн-терхьийн блок[нисъе | нисъе чухулара]

Элпийн-терхьийн кнопкех кхин а абатан-терхьийн кнопкаш а, хаамийн кнопкаш а, хаамаш чубоху кнопкаш а олу. Оцу блокан бух бу яздаран машенан пиллигаш. Цхьана кнопканга тӀетесна масех элп, терахь, сацаранхьаьркаш, символаш. Муьлха элп ду чудаьккхина билгал доккху тӀетаӀийначу пиллигийн регистро — пиллигийн лелоран кнопкашца я регистр дӀасатуху кнопкашца хӀоттийна йолчу белхан ражо.[3][4]

Абатан-терхьийн блокан юкъайогӀу элпаш а, терхьаш а, пунктуацин хьаьркаш а, арифметикан боларан коьрта[en] символаш а, кхин а башха символаш а. Стандартан PC/AT пиллигаш тӀехь ной оцу блока чуйогӀу 47 кнопка. Абатан тӀиера элпаш 26 сов долчу цхьадолчу меттанашна, арахоьцу пиллигаш абатан-терхьийн блок тӀехь кхин тӀе кнопкаш йолуш — масала, украинийн маттахь (33 элп) йолчу пиллигаш тӀехь уьш 48 (см.: Украинийн элпийн кеп) ю. Оьрсийн абатна шен 33 элпаца лерина пиллигаш ца йо — оьрсийн абатан массо а элпаш дехкина ду стандартан PC/AT пиллигийн кнопкаш тӀе.

Абатан-терхьийн блока тӀиера кнопкаш екъало мог1анашца а, зонашца а. Блокан лахара могӀа лаьтта «еса юьту» кнопкийн а, кнопкаш-модификаторш Ctrl, Alt, AltGr тӀехула. Иза хьалхара лору. Лакхахь — шолгӀа, бӀаьрза итт пӀелган зорбанан кепехь кхин а олу «цӀера» могӀа. Кхин а лакхахь — кхоалгӀниг. Блокан уггар лакхара кнопкийн могӀа — биолгӀаниг — латинех латтарехь QWERTY элпаш чудоху кнопкаш яц, амма чуйогӀу терхьаш чудохуш йолу массо а кнопка. Оцу бахьнехь цунах дукха хьолахь терхьийн мог1а олу. Зона олу, бӀаьрза итт пӀелган зорбанан кепаца хӀора куьйган пӀелгашна дӀанисйинчу цхьана йолчу кнопканех. Зонин лоьмарш аьрру агӀонера аьтту агӀора ю.

Абатан-терхьийн кнопкийн белхан жамӀ дозу шена чохь и кнопкаш тӀетеӀон регистрех (лакхара а, лахара а) а, тӀегӀанах (хьалхара я шолгӀа) а.

Лелоран кнопкаш[нисъе | нисъе чухулара]

Лелоран кнопкаш (инг. control keys) лерина ю билгалчу белхан. Уьш лело таро ю шешша я кхечу кнопкашца цхьана[3]. Уьш ю: Esc, Tab , Ctrl, Alt, ← Backspace, Enter, PrtSc, Ins, Num Lock, Del, Scroll Lock, Break[5], Win[3].

Кнопкаш-модификаторш
Бух болу яззам: Кнопка-модификатор

Кнопкашна-модификаторшна юкъайогӀу Shift, Ctrl, Caps Lock, Alt , AltGr (аьтту Alt). Уьш лерина ю кхечу кнопкийн болх хийца (модификаци). Лакхара кнопкийн регистр латайо (дӀаяйина Caps Lock йолуш) Shift кнопка тӀе а таӀайой латтош. AltGr кнопка тӀе а таӀийна латтаяро пиллигийн шолгӀачу тӀегӀан дехьавоккху.

Кнопкаш-модификаторш дукха лелайо, цундела уьш яккхийра йина. Цу тӀе Shift а, Ctrl а кнопкаш йина кхин а абатан-терхьийн блокан кнопкашна шинне а агӀора.

Системан омрийн кнопкаш

Уьш ю: SysRq, Esc, PrtSc, Pause, Break, Menu.

Функционалан кнопкаш[нисъе | нисъе чухулара]

Иштта PC/AT пиллигийн лакхарчу декъехь лаьтта функционалан кнопкийн блок — F1 тӀиера F12 тӀе кхаччалц (PC/XT пиллигашна тӀехь яра 10 функционалан кнопка F1 тӀиера F10 тӀе кхаччалц, пиллигийн аьру агӀора шина бӀогӀамца лаьтташ). Оцу кнопкийн функцеш билгалйовлу системан я прикладни ПЛ (программа латторах) доьзна: ненан акъарийн конфигурацин программица (Setup BIOS), тӀаккха тӀехьа, болх бан йолаялийтинчу операционан системица.

Цхьайолчу функционалан кнопкийн функцеш, функционалан кнопкийн Shift, Ctrl а, Alt а кхечу кнопкашца йолу комбинацеш, до цхьа дакъа интерфейс лелочуннна, дукха хьолахь ша лаьцна ПЛ кепана даиман а ю. Ю цхьа могӀа универсалан шуьйра лелош йолу билгалъяьхнарш: дукха хьолахь F1 тӀетаӀийча экран тӀехь гучуйолу чухоттийна йолу программан справочник (дукхах дерг агӀон тӀехь дӀайиллина йолу, ша чохь йолу программан режимаца йогӀуш а йолу), ткъа ESC тӀета1ъяро йолийна операци сацайо.

Терхьан пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Терхьан пиллигаш

Оцу блокан бух бо калькуляторшкахь а, кассийн аппараташкахь а лелош йолчарех терра 17 кнопкано. Терхьийн пиллигийн кнопкийн коьрта Ӏалашо — абатан-терхьийн блокан кнопкийн функцеш лелаяр арифметикан белхан коьрта терхьаш а, символаш а чуйохуш. Оцу уьн кнопкаш терхьаш а, арифметикан хьаьркаш а чуяха аьтту болуш ю, абатан-терхьийн блокан кнопканел а. ДӀаяйинчу режимехь цамза лелош йолчу кнопкан болх бо цуо.

Башха кнопкаш[нисъе | нисъе чухулара]

Мультимедийн пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Машанехь компьютеран гӀиллакх а, аз тӀетохар а тергоян таро йолу мультимедийн компьютеран пиллигаш

Дукхаха йолу керла компьютерийн пиллигашна, стандартан 104 йоцуш а, тӀетоьхна кхин а кнопкаш (дукхах дерг, кхин барам а, кеп а йолуш), уьш лерина ю компьютеран цхьайолу коьрта функцеш лело атта хилийта:

  • аз лело: чӀогӀа, гӀийла, аз латадар я дӀадаккхар;
  • компакт-экъан беначохь гӀопаста лело: экъа схьадаккха, экъа дӀаэца;
  • аудиолокхург лелор: лакха, сацийна латто, локхург сацо, аудиойоза хьалха я тӀехьа татта, рогӀерчун я хьалхалерачу аудиойозане дехьавала;
  • компьютеран машан таро лелор: поштан программа дӀаелла, браузер дӀаелла, цӀера агӀо гайта, хьо хиллачу агӀонаш тӀехула хьалха я тӀехьа гӀо, лахаран система дӀаелла;
  • алсама лело программаш лелор: дӀаелла калькулятор, дӀаелла файлан менеджер;
  • операционан системан корийн хьал лелор: дӀакъовла кор, дӀахьарчаде кор, дехьавала рогӀерчу я хьалхалерчу коре;
  • компьютеран хӀоттам лелор: дехьаяккха хьоьжучу роже, дехьаяккха йижинчу роже, самъяккха компьютер, латайе компьютер.

Оцу функцех дукхах ерш (аз лелор а, яздина аз лакхийтар а, компакт-экъа лелор а, кхин а) мультимедиа сферан юкъайогӀундела, царех дукха хьолахь «мультимедийн пиллигаш» олу.

Оцу пиллигийн фирманан драйверш, дукха хьолахь, тӀейинчу кнопкашна шеш леринчу агӀора лело таро ца ло (башха тобанан «лелоран кнопкаш» йоцурш), ткъа иштта ца ло таро билгалъяха масех кнопка цхьана таӀийча хуьлу функци (мультимедийнчара дакъалоцуш), кхин а царна керла лерина функцех хӀитто а. Амма и бала дӀабаккха таро ю кхечара йинчу йозуш йоцучу универсалан драйверийн гӀоьнца.

Программа хӀоттийна пиллигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Йина[6] пиллигаш, Ӏалашо а, тӀехулара куц а программин гӀоьнца хийцалуш йолу, уьш йозу хаьржинчу символийн гуламех, кхин тӀе хӀокху моментехь тӀетохамах а. ХӀора кнопка цуьнан хӀинцалера Ӏалашо гойту мини-дисплей ю. Уьш хила тарло тайп-тайпанчу абатийн символаш йоцуш, тӀетохаман «йовхачу» кнопкийн пиктограммаш а.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]