Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ
оьрс. Петирова, Петимат Руслановна
Петирова, Петимат Руслановна (5).jpg
ГӀуллакхан тайпа Поэтесса, журналист
Йина терахь 1982 шеран 12 февраль({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (39 шо)
Йина меттиг Элистанжа Веданан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Гражданалла Российн байракх Росси
Да Руслан
Нана Тамуса
Commons-logo.svg Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ Викилармехь

Петирова ПетӀамат Русланан йоӀ[1][2] (оьрс. Петирова Петимат Руслановна) (йина 1982 шеран 12 февралехь[1][3], Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Веданан кӀоштара, Элистанжа эвлахь[1]) — нохчийн поэтесса[4][5] а, журналист[5] а, Нохчийн Республикин яздархойн бертан декъахо[5] а, Нохчийн Республикин журналистийн бертан декъахо а[5]. 2017 шеран октябрехь дуьйна — литературин-исбаьхьаллин «Гоч» журналан коьрта редактор[6].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

1998 шарахь чекхъяьккхира Элистанжин юккъера ишкол, ткъа 2004 шарахь — Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет [1][3].

Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Масех шарахь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болх бира Хоттанехь. 2006 шарахь дуьйна болх бира Соьлжа-ГӀалахь жайнин арахецараллехь[5].

Петирова ПетӀамат белхан мукъа хенахь шен деза гӀуллакх леладо — байташ язйо. Шен хьалхара гулам арахийцира 2009 шарахь. ПетӀамата нохчийн маттахь бен ца язйо[7]. 2008 - 2017 шерашкахь ПетӀамат «Исламан зӀаьнарш» газетан коьрта редакторан даржехь яра[8][5].

2006—2008 шерашкахь болх бира жайнин арахецараллехь Соьлжа-ГӀалахь. ПетӀаматан байташ зорба тухуш ю журналашкахь: «Нана», «Орга», «Вайнах», «СтелаӀад», газеташкахь «Исламан зӀаьнарш», «Даймохк», «Хьехархо», забарен-емалин журналехь «ЗӀуга». Яздан йолаелла прозехь, публицистикехь. ПетӀаматан байташ а, дийцарш а юкъадахана «МаргӀалш», «Нохчийн дийцар» гуламашка. Арабаьлла цуьнан байтийн гулам «Сатийсаман заза»[1][3].

2015 шарахь арабаьлла филологин Ӏилманийн кандидатан, Ӏилманан белхалочун Яндарбиев Хь. Ш. язам, «Нохчийн поэзин сатийсаман бос» цӀе йолуш, иза лерина ю поэтессин кхоллараллин талламан. Поэзе янле цуо болх бира хьехархо, журналист, яра дахаро зийна[9].

2017 шарахь ПетӀамат литературин-исбаьхьаллин «Гоч» журналан болх дӀаболон ойланца йистхилира. Карладаьккхина журнал араделира 999 экземпляр тиражца. Карладаьккхина «Гоч» журналан хьалхара лоьмар арахийцира ПетӀаматан ахчанах. Журнал хӀинца а дац пачхьалкхо финансаш латтош. МогӀамаш нохчийн матте бехира ПетӀамата а, цуьнан белхан накъосташа — нохчийн поэташа а, яздархоша а[10]. ПетӀамат ю Нохчийн Республикин яздархойн бертан декъахо а, Нохчийн Республикин журналистийн бертан а декъахо[5].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]