Небель, Мигель
Харц цӀе | Мигелон | |||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1880 шо гергга | |||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Монтевидео, Уругвай | |||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | XX век | |||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||
Позици | ахтурсло | |||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||
|
Не́бель Миге́ль (испан. Miguel Nebel; вина 1880 шерал хьалха, Монтевидеохь — вела терахь хууш дац) — уругвайн футболист, левзина ахтурслочун позицехь.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Небель Мигелан жимачу хенах кӀезиг хаа. XIX бӀешо чекхдолуш иза левзина оцу хенахь Уругвайн клубашлахь уггаре ширачех а, чӀогӀачех а клубехь «Альбионехь», иза йара уругвайн футболан лига кхоьллинчех а, декъахойх а цхьаъ. Дакъа лаьцна исторехь дуьххьарлерачу мехкан чемпионатехь. 1900 шарахь хьалхарчу чемпионатехь «Альбион» финише кхечира шолгӀачу меттигехь, Сентрал Уругвай Рейлвей Крикет Клуб (хӀинцалера «Пеньяроль») тӀаьхьа. КӀеззиг хьалха, 1899 шарахь, кхоьллира махкахь дуьххьарлера меттигера футболистийн клуб, «Насьональ». Небель Мигель хьалхаваьлла «Альбионан» масех ловзархо, кхечу клубийн ловзархой а дехьабевлира керлачу клубе. Ша Небель «Насьональ» кхоьллинарг ву ала мегар дацахь а, цунна сихха делира оцу клубехь вице-президентан дарж, иза ловзуш футболист а волуш[1].
Накъосташна йукъахь Небель чӀогӀа лоруш вара, цундела 1902 а, 1903 шерашкахь, Уругвайн гулйина командин матчашкахь «Мигелон» ца хуьццуш командин капитан вара. Оцу хенахь дацара гулйина командин коьрта тренеран дарж, цундела ловзурш а, тактика а билгала йоккхура командин капитано. Небель Мигель капитан хилла (цуьнца цхьаьна тренер а) Уругвайн гулйина командин цуьнан хьалхарчу официалан ловзарехь Аргентинин гулйина командин дуьхьала, иза хилира 1902 шеран 20 июлехь. Оцу хенахь матч чекхйаьлира, 8 эзар хьовсархочун хьалха, уругвайхой хӀаллакбарца чот 0:6 йолуш[2].
ШолгӀачу шарахь Ла-Платера командаша Аргентинин дуьхьала кхин матч левзира, иза чекхйаьлира Уругвайн гулйина командин исторехь дуьххьарлерачу толамца. Небела йуха а арайаьккхира шен гулйина команда капитан а волуш. Гулйина командин йукъахь левзина верриг 11 ловзархо вара цхьаьна командера — «Насьональ» йукъара, 1902 а, 1903 а шерашкара Уругвайн чемпионан[3]. Уругвайхой туьйлира чот 3:2 йолуш — ши гол туьйхира Сеспедес Карлоса, ткъа толаман гол туьйхира цуьнан вашас Боливара. Шортта шераш девлча Мигель оцу матчехь левзинчарех ша висира, цуо билгала доккхура, хӀора 13 сентябрехь шен хуьлу 1903 шарахь санна хазахетар[4].
1908 шарахь Небель вежарех СеспедесгӀарах дийна висинчу цхьаьна вешийца, Амилькарца, гӀиртира (ловзархо а, куьйгалхо а волуш) лигехь йита лакхарчу дивизионе хьалайаьлла «Альбион», и аьтту цуьнан белира — «Альбион» йаьккхира 6-гӀа меттиг 10 командин йукъахь. Амма 1909 шеран чемпионат клубан ахча ца дисира, команда къовсаман йукъара йелира. Оцу хенахь дуьйна «Альбион» ловзу йезархойн йа ахговзанчийн лигашкахь[5].
Титулаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Уругвайн чемпион (2): 1902, 1903
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ C.N.DeF. (Historia y mas) (ингалс.). taringa.net (2 февраля 2011). Теллина 2014 шеран 25 октябрехь.
- ↑ Uruguay v Argentina, 20 July 1902 (ингалс.). 11v11.com (2014). Теллина 2014 шеран 25 октябрехь.
- ↑ Primer triunfo internacional de Uruguay representado por el Club Nacional de Football (ингалс.). nacionaldigital.com. Теллина 2014 шеран 25 октябрехь.
- ↑ El triunfo de 1903 (испан.). decano.com (23 июня 2013). Теллина 2014 шеран 25 октябрехь.
- ↑ Albion Football Club: profetas del sport en Uruguay (испан.). Revista Digital - Buenos Aires (май 2008). Теллина 2014 шеран 25 октябрехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- National Football Teams сайт тӀиера профиль(ингалс.)
- Статья о первой в истории победе сборной Уругвая (оьр.)
- Curiosidades de Celeste (испан.)
- Профиль на soccer-db.info (ингалс.)
ХӀара Уругвайн футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Адамаш абатца
- Бинарш Монтевидеохь
- Белларш в XX бӀешерахь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех йаззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Уругвайн футболисташ
- Футболех ловзаран Уругвайн гулйина командин ловзархой
- ФК «Альбион» Монтевидео ловзархой
- ФК «Насьональ» ловзархой
- Уругвайн футболан тренераш
- ФК «Альбион» Монтевидео тренераш
- Футболех ловзаран Уругвайн гулйина командин тренераш
- Уругвайн футболан функционераш