Насасси, Хосе
![]() | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Юьззина цӀе | Хосе Насасси Ярса | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Харц цӀе | El Mariscal (Маршал) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1901 шеран 24 май | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Монтевидео, Уругвай | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь | 1968 шеран 17 июнь (67 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 182 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | йисттера турсло, юккъера турсло | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Хосе́ Наса́сси (испан. José Nasazzi Yarza; 1901 24 май, Монтевидео — 1968 17 июнь, циггахь) — уругвайн футболист, турсло. 1930 шеран дуьненан чемпион, шозза олимпийн чемпион. Къоман командин юкъахь ша левзина ерриг матчашкахь капитан волуш левзира. Уругвайн гулйина командин исторехь уггаре дукха титулаш йолу а, гӀараваьлла а футболист[1].
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Насасси Хосе вина Ломбардера схьаваьллачу Назацци Джузеппен а, баскийчуьра мухажирийн йоьӀан Хасинтин (ден фамили — Ярса) а доьзалехь[2]. Юьхьанцара ишкол чекхъяьккхина, Хосе балха вахара мармаран пхьолгӀе[3]. Боккха физикин ницкъ болуш, 17 шо долуш Насасси футболех ловза волавелира «Литохь». 1920 шарахь иза дехьавелира «Роланд Мур» юкъахь, ткъа 1922 шарахь дӀакхийтира шен кӀоштара «Белья Виста» командех, цигахь чекхделира цуьнан футболан карьерин доккхаха долу дакъа.[3]
Шен профессионал тӀегӀанера карьерехь левзира «Белья Виста» (1922—1932) клуб юкъахь 250 матч (8 гол), «Насьональ» (1932—1937) юкъахь 90 матч (10 гол).
Уругвайн къоман командин юкъахь 1923 шеран 4 ноябрера 1936 шеран 20 сентябрь кхачалц левзира 41 матч.
Насасси Хосе, дукхаха дерг, ловзура аьтту турслочун меттигехь, иза кхин а ловзалора дуьхьалонан юккъехь а. Насасси лидер а, капитан а вара Уругвайн къоман командехь а, шен клубашкахь а, чӀогӀа физикин ницкъ а бара, къобал вина говзанча а вара лакхахь йолчу буьркан[3].
Велира тӀеда къамкъарган рак (даӀ) цамгарх[2].
Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]
«Белья Виста» клубан стадионан цӀе елла Насасси Хосен сийнна.
Кхин а цуьнан цӀарах ю уггаре дуьненан чӀогӀа команда билгалъяккхаран официалан йоцу системех цхьаъ — «Насассин эстафетан гӀаж». Уругвайн къоман командин 1930 шеран дуьненан чемпионатера толамал тӀаьхьа, чемпион эшийна дуьххьара командо (Бразили), лелийра и «эстафетан гӀаж», ткъа цуьнан команда официалан доцуш кхайкхийра дуьненан уггаре чӀогӀа команда. Кхин терачу рейтингех къаьсташ (масала, Официалан йоцу дуьненан чемпионат), лору ловзаран деккъа коьртачу хенан жамӀ[4].
Титулаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Уругвайн чемпион (2): 1933, 1934
- Къилба Америкин чемпион (4): 1923, 1924, 1926, 1935
Олимпийн чемпион (2): 1924, 1928[комм. 1]
- Дуьненан чемпион (1): 1930
Комментареш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Данные Олимпийские футбольные турниры также имели статус «чемпионатов мира среди любителей».
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ José Nasazzi (испан.). ФК «Насьональ» (2020). Теллина 2020 шеран 27 майхь.
- ↑ 1 2 И.В. Гольдес. «100 легенд мирового футбола. Выпуск 3». — «Новое дело», 2003. — ISBN 5-98107-003-X.
- ↑ 1 2 3 Federico Ferri, Federico Buffa, Storie Mondiali: Il grande Uruguay (1930), Sky Sport, 2014.
- ↑ Timothy Honeybone, Carl Sagan Nasazzi's Baton (ингалс.). Rec.Sport.Soccer Statistics Foundation (6 June 2019). Теллина 2020 шеран 27 майхь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
![]() |
ХӀара Олимпийн ловзарийн совгӀатхойх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара Уругвайн футболистех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
- Бинарш 24 майхь
- Бинарш 1901 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Монтевидеохь
- Белларш 17 июнехь
- Белларш 1968 шарахь
- Белларш Монтевидеохь
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Уругвайн футболисташ
- ФК «Белья Виста» ловзархой
- ФК «Лито» ловзархой
- ФК «Насьональ» ловзархой
- Футболех ловзаран Олимпийн чемпионаш
- Уругвайн Олимпийн чемпионаш
- 1924 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 1928 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- Футболисташ 1924 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Футболисташ 1928 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Футболех ловзаран дуьненан чемпионаш
- Футболех ловзарех Къилба америкин чемпионаш
- Футболех ловзаран Уругвайн гулйина командин ловзархой