Муртазалиев, Сагид Магомедович

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Сагид Магомедович Муртазалиев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла вольная борьба[d]
Вина терахь 1974 шеран 11 март({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (46 шо)
Вина меттиг

Сагид Магомедович Муртазалиев (жӀай. Сагӏид Муртазгӏалиев; вин. 1974 шеран 11 март({{padleft:1974|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}), ХӀинжа-ГӀала) — российн а, украинан а паргӀат кепар латархо, юкъаралин а, политикан гӀуллакхо. 2000 шарахь Сиднейхь хилла Олимпиадан чемпион, 1999 шеран дуьненан чемпион, 2000 шеран Европан чемпион, Российн чемпион, 1998 шеран Дика Ӏалашо ловзарийн толамхо. Российн Сийлахь спортан говзанча. ЖӀайхо.

Дагестанан Халкъан гуламан депутат. 2010-2015 шерашкахь иза вара Российн Пенсин фондан Дагестанехь долу декъан куьйгалхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1974 шеран 11 мартехь Махачкалахь. Цуьнан дай, наний Цумадински кӀоштера ду. Цуьна виъ вашпий, цхьа йиший ю. Жима волуш хенахь иза Кизлярехь Ӏийна. Цигахь волавелира иза латар Ӏамо. Цуьнан хьалхара тренер вара Магомед Омарович Абдалов. 1988 шарахь иза Махачкала вахара. Цигахь цуьнан тренер вара Иман-Мурза Алиев. 1992 шарахь Муртазалиев России кегирхойн чемпионатехь туьйлира. Кестта Алиев Туркой махка болхбана вахара. Таккха Муртазалиев Киеве дӀавахар. Цул тӀаьхьа масийт шарахь иза вара Украинан гулйина тобанан декъашхо. 1996 шарахь Атлантехь хилла Олимпиадехь цо 7-гӀа меттиг яккхира.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

1996 шарахь Муртазалиев Дагестане цӀавеара. Цо зуда ялийра, тӀетаьӀина тренировкаш ян волавелира. Машенан авари хилчул тӀаьхьа цуьна цхьана шарахь меттаван дийзира. Цул тӀаьхьа дов хоттуш иза эхашарахь чохьвеллира.

1998—2000 шераш дара цуьна уггаре кхиаме. Цо толам беккхира 1999 шарахь хилла дуьненан чемпионатехь а, 2000 шарахь хилла Российн а, Европан а чемпионаташкахь.

1999 шарахь хилла Российн чемпионатехь Муртазалиевс дато мидал яккхира. 2000 шарахь цо Сиднейхь хилла Олимпиадехь толам беккхира 97 кг кхаччалц йолу йозаллин категорехь.

Юкъараллин а, политикан а болх[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 2002 шарахь иза хӀоттийра Дагестанан Ӏаламийн рицкъан а, экологин а министран когаметтаниг.
  • 2003 шарахь иза хержира Дагестанан Халкъан гуламин депутат.
  • 2007 шарахь иза хержира Дагестанан Кизляран кӀоштан куьйгалхо.
  • 2010 шарахь иза хӀоттийра Российн Пенсин фондан Дагестанехь долу дакъан куьйгалхо[1].
  • 2011 шарахь иза хержира Дагестанан Халкъан гуламин депутат.

2004—2005 шерашкахь Муртазалиев а, Гаджи Махачев а, Хасавюртан мэр Сайгидпаша Умаханов а бара Дагестанан Пачхьалкхан Советан председатель Магомедали Магомедов дӀаваккха гӀерташ.

Муртазалиев ву «Единая Россия» партин Дагестанан декъан политсоветан декъашхо.

Цо кхоьллина Сагид Муртазалиев цӀарах йолу нахан гӀон фонд.

2013 шарахь цо яздира кехат МОК президенте Жак Рогге. Оцу кехатехь Муртазалиевс яздинера цо шен деши мидал МОКе юхайоиту аьлла МОКс латар Олимпиадан юкъара дӀаяккхаран гӀертаран ша реза ца хилар бахьнехь[2].

2015 шарахь иза Российн Пенсин фондера балхара дӀавеккхира иза халкъашна юкъара лахаре дӀаваларна бахьнехь а, пачхьалкхан кӀайлонашка кхача кхин бакъо ца хилар бахьнехь а[3].

Бакъонашца юкъаметтиг[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • 1996 шарахь Муртазалиеван вевзуш волу стаг шен цӀийн уллехь вина каринера. Виначун да (Махачкалан милицин школан куьйгалхо Гаджимагомед Гаджимагомедов) Муртазалиевах шеквелира. Сагид 6 баттахь чуьвоьллина Ӏийра. ТӀаьххьара Муртазалиев бехкахвеккхира. И дов долийна Гаджимагомедов 2000 шарахь вийра[4].
  • 2002 шарахь Сагид Муртазалиев «Орлёнок» цӀе йолу Москвара гостиницехь шина тагца довделира. Царех цхьаммо Муртазалиеван даган улле урс туьйхира. ТӀаккха Муртазалиевс тапча схьаяккхина и ши а стаг вийра. Прокуратурас и гӀуллакх дӀадерзира Муртазалиеван бехк цахилар бахьнехь. Цуьнгахь долу герз 1999 шарахь Дагестанан тӀемлой тӀелетча эдало делла хиллера. ТӀом дӀабаьлча иза цуьнгара схьаэца дицдел хила.
  • 2015 шарахь Муртазалиев массийтта стаг верна а, террористашна ахча даларна а бехки вина. Цу хенахь Муртазалиев ОАЭхь вара. 2015 шеран 10 сентябрехь Москван Басманан кӀоштан кхеллас и схьалаца веза аьлла сацам бира
  • 2003 шеран 18 ноябрехь Муртазалиеван цӀийна уллехь Кизлярехь шина стага цуьнан машенан тӀе герз диттира. Кхано машенан тӀехь 22 дӀаьндирган Ӏуьрг карийра. Муртузалиеван шен цхьа а зе ца хилира. ТӀелеттраш цу меттера бойдира. Уьш муьлш бу ца хиира.
  • 2014 шеран 9 июлехь Къилба-Кавказан тӀеман кхеллас Махачкалан мэр хилла волу Саид Амирова бехке винера иза Муртазалиев вен гӀерташ хиларна. И вен лууш берш дагахь бара Муртазалие тӀехь волу хӀаваан кема ракета тоьхна чудаита лууш.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Россин Сийлахь спортан говзанча
  • Орден «Знак Почёта»

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — «Нужно вникать в проблемы людей…», — Сагид Муртазалиев(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 4 январехь. Теллина 2011 шеран 8 мартехь.
  2. Муртазалиев решил вернуть золото ОИ из-за позиции МОК по борьбе(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Р-Спорт (26 февраля 2013). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 13 мартехь. Теллина 2013 шеран 26 февралехь.
  3. Сагид Муртазалиев уволен с должности управляющего отделением Пенсионного фонда России по Дагестану. Теллина 2015 шеран 20 ноябрехь.
  4. Общественно-политический еженедельник «ЧЕРНОВИК» — Почти полная… «висячая» хронология(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 15 июнехь. Теллина 2011 шеран 8 мартехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]