Маврин, Савва Иванович
Маврин, Савва Иванович | |
---|---|
Вина терахь | 1744 |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1809 |
Кхелхина меттиг |
Ма́врин Са́вва Ива́нович (1744—1809) — лейб-гвардин Семёновн полкан капитан-поручик, Пугачёвн гӀаттам талларан къайлаха талламийн комиссийн декъахо. Цул тӀаьхьа — инарла-провиантмейстер, инарла-поручик, сенатор, къайлаха хьехамча.
Гуллакх долийра 1756 шарахь Семёновн полкан лейб-гвардехь. 1773—1774 шерашкахь дакъа лецира къайлаха комиссешкахь Казанехь, Оренбургехь, Яикан гӀалахь, лебеш вара лакхара Пугачёвн накъостий Т. И. Подуров, М. Г. Шигаев, И. Я. Почиталин, М. Г. Горшков, А. Т. Соколов-Хлопуша, кхин берш а, 1774 шеран 15 - 16 сентябрехь дуьххьара левира Е. И. Пугачёв Яикан гӀалахь.
1775 шарахь дуьйна дӀадаьхьира шен белхан гӀуллакх Петарбуххехь, Семёновн полкан лейб-гвардехь. 1782 шарахь гвардера дехьаваьккхира ТӀеман коллегин штате инарла-провиантмейстер. 1791 шарахь хьалаваьккхина инарла-поручикан дарже, 25 мартехь хӀоттийна сенатор; 1797 шеран 25 октябрехь мукъаваьккхина Павел I-чо[1]. ЦӀе хийцина къайлаха хьехача аьлла.
ДӀавоьллина Богородицки килсахь Тихвинехь[2].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Маврин, Савва Иванович // Правительствующий сенат / Н. А. Мурзанов. — СПб.: Сенат. тип., 1911. — С. 29.
- ↑ Шереметевский В. В. Маврин Савва Иванович // Русский провинциальный некрополь / Издатель вел. кн. Николай Михайлович. — М.: Типо-лит. т-ва И. Н. Кушнерев и К°, 1914. — Т. 1. — С. 508. — IX, 1008 с.