Чулацаман тӀегӀо

Оьрсийн шуре

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Шуре
Оьрсийн шуре
оьрс. реф-хьалх. Россійская имперія
Байракх Оьрсийн шуренан Жима хӀост
Байракх Оьрсийн шуренан Жима хӀост
Девиз: «Вайца Дела ву!»
     Оьрсийн шуренан мохк 1914 шеран хьелашца     Хилла мехкаш     Протектораташ а, Ӏаткъаман сфераш а
     Оьрсийн шуренан мохк 1914 шеран хьелашца     Хилла мехкаш     Протектораташ а, Ӏаткъаман сфераш а
 
 
Коьрта гӀала Петарбух
(17211728 — де-факто[Комм 1],
17301917[Комм 2])
Москва
(17211728 — де-юре[Комм 1],
17281730)
Мотт (меттанаш) Пачхьалкхан:
оьрсийн
Кloштийн:
полякийн (Полякийн олала),
финийн, шведийн (Финляндин Сийлахь олалла)
Официалан мотт оьрсийн мотт, Полякийн мотт, Финнийн мотт, Шведийн мотт
Дин православи
Ахча дешин сом, Сом
Майда

21 797 725 км² (1914 год)[2]

= 22 800 000 км² (1895—1905)
Бахархой 178 378 800 ст.[2][Комм 3]
Урхаллин тайпа
Парламент

лакхара палата: Пачхьалкхан кхеташо

лахара палата: Пачхьалкхан дума
Пачхьалкхан дlaxloттаман кеп унитаран автономин пачхьалкхан кхолламашца
Уггаре йаккхий гӀаланаш: Петарбух, Москох, Варшава, Рига, Киев[Комм 4]
[см. таблицу]
Пачхьалкхан кортош

Ерригроссийн император
(исписка)
 • 1721—1725 Пётр I (хьалхара)
 • 1894—1917 Николай II (тӀаьххьара)
Урхаллийн куьйгалхой
 • 1810—1812 граф Николай Петрович Румянцев (хьалхара)
 • 1916—1917 эла Николай Дмитриевич Голицын (тӀаьххьара)
Пачхьалкхан кхеташонан председатель
 • 1810—1812 граф Николай Петрович Румянцев (хьалхара)
 • 1917 шеран 1 январь — 1 март Иван Григорьевич Щегловитов (тӀаьххьара)
Пачхьалкхан думин председатель
 • 1906 шеран 27 апрель — 8 июль Сергей Андреевич Муромцев (хьалхара)
 • 1911—1917 Михаил Владимирович Родзянко (тӀаьххьара)
Истори
 • 1721 Пётр I Императоран титул тӀеэцар
 • 17251762[5] ГӀалийн харцамийн мур
 • 18611874 Баккхий хийцамаш
 • 18811892 Контрхийцамаш
 • 19141918 Хьалхара дуьненан тӀом
 • 1917 Февралан революци
 • 1917 Республика кхайкхор
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Оьрсийн шуре (оьрс. реф-хьалх. Россійская имперія; кхин а Ерригоьрсийн шуре , паччахьан Оьрсийчоь) — 22 октябрехь (2 ноябрехь1721 шерера 1917 шо кхаччалц болчу муьрехь лаьттина пачхьалкх.

Евразин уггаре йоккха пачхьалкх лаьтта Малхбален Европехь, Къилбаседа Европехь, Къилбаседа Азехь, Йуккъера Азехь, Къилбаседа Америкехь (1867 шо кхачале).

Шуре кхайкхира 22 октябрехь (2 ноябрехь1721 шарахь Къилбаседан тӀеман жамӀашца, оцу хенахь сенаторийн дехарца Ерриг Русин Паччахь а, Сийлахь Эла а волчу Пётр I-чо тӀеийцира Ерригоьрсийчоьнан паччахьан а, Даймехкан ден титулаш [6].

Оьрсийн шуренан коьрта шахьар 1721 – 1728 а, 17301917 шерашкахь хилла Петарбух (1914—1917 шерашкахь Петроград), ткъа 1728—1730 шерашкахь — Москох.

Оьрсийн шуре хилла шен майданца мацца а цкъа хиллачу пачхьалкхех кхоалгӀа пачхьалкх (Бриттойн а, Мlaьмгалойн а шуренал тӀаьхьа). Ша йоха герга яханчу хенахь иза яьржира Къилбаседа Шен Ӏапказан тӀекхаччалц къилбаседехь, Ӏаьржа хӀордан тӀекхаччалц къилбехахь, Балтикин хӀорд тӀекхаччалц малхбузехь, Тийна Ӏапказ тӀекхаччалц малхбалехь. Империн коьртехь вара Ерригоьрсийчоьнан паччахь, цуьнгахь дара цхьанне хӀумано доза ца туху, абсолютан Ӏедал 1905 шо кхаччалц (1905 шеран манифест), йукъара боккху боца мур, Ерригроссийн император-аьзнин Анна Иоанновнин урхаллин юьххьехь, иза Ӏарш тӀехуучу хенахь, цунна кхоча боьхкина бара Лакхара къайлаха кхеташонан декъахой, цара доза тухура абсолютизман.

Пачхьалкхан хӀоттамца Российн Импери хилла "Православи, Ша доладар, Халкъ" идеологин доктринин бух тӀехь абсолютан монархи, иза лаьттина 1905 шерийн революци кхаччалц, цуьнан жамӀо хӀоттийра конституцин монархи. 1917 шеран Февралан революцил тӀаьхьа паччахьа Николай II-гӀачо йитира Ӏарш. Цул тӀаьхьа сихха кхоьллира Российн хенан правительство, цуо 1 (14) сентябрехь 1917 шарахь махкахь республика кхайкхийра[7] (и гӀуллакх Ерригроссийн кхолламан гуламан карахь доллушехь; 5 (18) январехь 1918 шарахь Кхолламан гуламо иштта кхайкхийра Росси республика[8]).

Октябран революцин жамӀашца большевикаша Ӏедал схьалецира, цуо Росси гражданийн тӀаме ялийра. 1918 шарахь коммунисташа бийра императоран доьзал, ткъа 1922 шарахь кхоьллира Советийн Союз.

РомановгӀеран некъаша урхалла дира Российн Империн 1721 – 1762 шерашкахь. Цуьнан ненан агӀора га немцойх даьлла ду, ден агӀора (Гольштейн-Готторп-РомановгӀар), урхалла дина 1762 шерера империи йоххалц.

1897 шеран Имперера бахархой багарбаро гайтира 125,6 миллион стаг, оцу хенахь иза кхоалгӀа барам бара дуьненахь Цин империн а, ХӀиндин а тӀаьхьа.

Массо а импереш санна, Российн тайп-тайпана экономикин система яра, къаьмнаш, меттанаш, динаш дара. Бара дуккха а правительствон дуьхьала гӀуллакххой а, кхолламаш а, цара бӀешерашкахь бира шортта гӀовттамаш а, теракташ а. 19 бӀешарахь империн къайлаха полицис къовсам латтабора цаьрца, дуккха а нах каторге хьовсийра Сибреха.

Имперехь аграрин экономикин система алсама яра. Цуьнан амалехь яра, гӀопаллин ахархоша болх бен даккхийра долара латташна тӀехь, лахара эвсаралла. 1861 шарахь йира Ахархойн реформа, цуо ахархой мукъабехира лаьттан долахойх, амма хӀинца а факт хилла, ахархошна экономикин маршо ца еира, иштта дукхаха болу ахархой практикехь буьззина маьрша ца бевлира. Экономикин модернизацин процесс дӀайоьдура цӀерпоштнекъашка а, заводашка а ечу кхечу мехкашкара инвестицешца.

Тайп-тайпанчу хенашкахь мехкан урхалла дора, пачхьалкхан куьйгалхо воцуш, дакъа лоцура бояраша а, элаша а.

Петр I белхаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
А. Е. Коцебу. «Полтавин толам»

Российн империн бух биллина Пётр I-чун реформаш йолуш, цуо хаъал хийцира Российн пачхьалкхан а, йукъараллин а дахар[9], 1700—1721 шерашкара Къилбаседан тӀеман жамӀехь, дикка чӀагӀдира Российн пачхьалкхан дуьненайукъара хьал[10]. Чоьхьара хийцамаша а, тӀеман толамо а таро йира Россех Европин политикехь йоккха роль ловзо йоккха пачхьалкх ян[10], мехкан керла хьал лоруш, Сенато а, Синодо а 22 октябрехь (2 ноябрехь1721 шарахь, Ништадтан машар кхайкхийначу дийнахь, кховдийра паччахьан Даймехкан ден а, Ерригроссийн императоран а титулаш[11]. Лоруш ду, Петр I-чо императоран титул тӀеэцначул тӀаьхьа Росси паччахьаллера импере кхечира, мехкан исторехь болабелира империн мур[6][12][13].

Реформийн жамӀашца Россехь хӀоьттира абсолютан монархи, абсолюталлин раж чӀагӀйира ТӀеман Регламентехь[Комм 5]. Пачхьалкхан куьйгалхочунна куьйгакӀелахь яра килс а (Сийлахь синодан обер-прокурорца), хьалха хилла патриархан хӀоттамах Пётр I-чо синодачуьнца хийцина. Пётр I-чо Рангех лаьцна табель дӀанисйо вотчина поместьеца; бояраллин яйна йисина маршо, цунах хилла шайн дерриг дахар пачхьалкхан гӀуллакхан дӀадала деза олалла. Пётр I-чо кхуллу Россехь керла флот, хийцамаш бо эскарехь, дӀайоьллу дешаран хьукматаш (Петарбухан Ӏилманийн академи). Петр I-ра волуш дӀадиллина российн хьалхара газет «Ведомости», йукъадаьккхина гражданийн зорба. Пётр I-чо Ӏилма кхиийначун совгӀаташ до, географи, геологи, махлелор, промышленность муххале а[15], масала кеманаш дар, российн дешаран система тояр: Петр I-чун урхаллин заманахь бахархойн барам 15 миллионов болчу хенахь, хӀора итталгӀачунна дешар делира[16]. Пачхьалкхан коьрта шахьар хилира 1703 шарахь Къилбаседан тӀамехь баьккхинчу балтикин хӀордйистан махкахь йина Петарбух.

Петр I-чун урхаллин муьрехь кхоллаяла йолаелира пачхьалкхан, великороссаш, малороссаш, белорусаш цхьаьнатоьхна Кхаа марталлин оьрсийн халкъан концепци, иза оьзна яра Киевн-Печерин лаврин архимандритан Захария Копыстенскийн (1621 шо) цӀарах, тӀаьхьа концепци кхиийна шен белхашкахь Петр I-чун накъосто, архиепископа, профессора Феофан Прокоповича.

Петр I-чун уггаре къегина доттагӀий хилла Ф. Лефорт, Б. Шереметев, А. Меншиков, Я. Брюс, М. Голицын, А. Репнин, А. Келин. Петран урхаллин кхиамаш бора шира йелла кепаш дӀа а йохкуш: масала, олалла хьалха санна гӀуллакх дан дезаш дара, ткъа промышленность кхиайора коьртаниг гӀопаллин къинхьегам шорбеш. Петр I-чун промышленностера хийцамаша тӀетуьйхира мехкан арахьара махлелоран чухоам, амма, вукха агӀора, далийра импортан сурсаташ экспортал совдаккхаре, российн махлелорехь кхечу махкахойн роль айира, башха чӀогӀа бара российн махлелорехь ингалсхой[17].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Байракхах комменташ
Комменташ
  1. 1 2 Формального указа или царского манифеста о переносе столицы не издавалось. — См.:[1]
  2. В 1914–1917 — Петроград.
  3. 1914 год, c Финляндией, по данным ЦСК МВД
  4. На 1914 год.
  5. «Цуьнан Сийлалла ву ша Ӏедал долу монарх, иза дуьненахь шен гӀуллакхашкахь жоьпаллехь вац цхьанненна а»[14].
Хьосташ
  1. Шейнин Л. Б. Петербург и российский меркантилизм. — М.: «Наука», 1997. — С. 54.
  2. 1 2 Стат. ежегодник России, 1915, I-ый отдел. Территория и население, С. 26, 58.
  3. Юртаева Е. А. Государственный совет в России (1906—1917 гг.). — М.: Эдиториал УРСС, 2001. — С. 8.
  4. Овсепян Ж. И. Система высших органов государственной власти в России (диалектика конституционно-правовых основ с начала XX по начало XXI в.). — Ростов: Ростовский государственный университет, 2006. — С. 16.
  5. Согласно периодизации автора термина — В. О. Ключевского
  6. 1 2 Агеева О. Г. Титул «император» и понятие «империя» в России в первой четверти XVIII века // Мир истории: Российский электронный журнал. — № 5.
  7. Постановление Временного правительства о провозглашении России республикой. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 26 июнь. Архивйина 2013 шеран 1 июлехь
  8. Постановление о государственном устройстве России (1918)
  9. Пётр I / Е. В. Анисимов // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  10. 1 2 Северная война 1700–21 // Румыния — Сен-Жан-де-Люз. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 617—620. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 29). — ISBN 978-5-85270-366-8.
  11. Прошение сенаторов к царю Петру I о принятии им титула «Отца Отечества, императора Всероссийского, Петра Великого». Российский общеобразовательный портал | Исторические документы. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 9 июль. Архивйина 2018-08-29 — Wayback Machine
  12. Некрич, 2007.
  13. Соловьёв Е. А. Пётр I в отечественной историографии конца XVIII — начала XX веков Автореферат докторской диссертации. Заключение. — М., 2006.
  14. Артикул воинский, арт. 20, толк.
  15. Дубаков М. Промышленно-торговая политика Петра I. Автореферат диссертации — М., 2004.
  16. Ярышева С. Становление системы российского образования в шоы реформ Петра I. Автореферат диссертации. Заключение — Пятигорск, 2001.
  17. Новосёлова Н. Внешняя торговля и финансово-экономическая политика Петра I. Автореферат диссертации — СПб., 1999.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Историн документаш а, статистикин жайнин гуламаш а
Историн белхаш
Фотоальбомаш
  • С. М. Прокудин-Горский. Российская Империя в цветных фотографиях. — М.: Красивая Книга. — 330 с. — ISBN 978-5-907274-86-0.
Онлайн-хьосташ