Линкольнан хӀорд
Линкольнан хӀорд | |
---|---|
Амалш | |
Майда | 38 000 км² |
Дуккха кӀоргалла | 592 м |
Юккъера кӀоргалла | 289[1] м |
Лаьтта меттиг | |
83°36′49″ къ. ш. 55°19′38″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Ли́нкольнан хӀорд — Элсмир а, Гренланди а къилбаседа бердашна йисттера Къилбаседа Шен океанан хӀорд. Малхбузера доза ду Колумби мара (Канада), малхбалехь Морис-Джесуп мара (Гренланди).
Баффинан хӀордаца уьйр йо Нэрсан хидоькъено, ткъа иза, шен рогӀехь, йоккха система ю Робсонан а, Кеннедин а, Смитан а хидоькъех, Холлан а, Кейнан а бассейнех лаьтташ.
ХӀорд карийна 1871 шарахь, хьалхара америкин экспедици полюсан талламхочун Холл Чарльза Френсисан куьйгаллица Къилбаседа полюсе йоьдучу хенахь, цӀе тиллира АЦШн 16-гӀачу президентан Линкольн Аврааман сийна[2][3].
Гидрографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]ХӀордан бердаш тархаш йолуш ду, чӀогӀа декъна фьордаша, царна чу шалам тӀиера шаш. Линкольнан хӀордан майда 38 эзар км², юккъера кӀоргаллин барам 289 м, уггар кӀоргачехь — 592 м. ХӀордан хиш лелар, коьртаниг, малхбален агӀорхьа. ХӀорд къевлина бу, хӀорд тӀекхетар эха дийнахь хуьлу, хи айдаларан барам 0,8 метр гергга бу[2], цхьайолчу бухташкахь 1,5-2 метр. Ӏай хӀорд гӀорабо, къилбехахь 1,2-2,2 метр стомма хуьлу, къилбаседехь кхин а стомма хуьлу. Аьхка хӀорд кӀезиг бастало, шех цӀена хи долу дакъош кӀезиг хуьлу[1].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 Б. С. Залогин, А. Н. Косарев. Моря. — Мысль. — Мысль, 1999. — С. 79-82. — 400 с. — (Природа мира). — 3000 экз. — ISBN 5-244-00624-Х.
- ↑ 1 2 Линкольна море . Большая Советская Энциклопедия. Архивйина 2015-11-27 — Wayback Machine
- ↑ Аветисов Г.П. Имена на карте Арктики. — ВНИИОкеанология, 2009. — ISBN 978-5-88994-091-3.
ХӀара Гренландин географех чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |