Норвегин хӀорд

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Норвегин хӀорд
Координаташ67°52′32″ къ. ш. 1°03′17″ м. д.HGЯO
Майда1,4 млн км²
Дуккха кӀоргалла3970 м
Юккъера кӀоргалла1600—1750 м
Норвегин хӀорд (Арктикийн океан)
Blue pog.svg
Норвегин хӀорд
Норвегин хӀорд
Commons-logo.svg Норвегин хӀорд Викилармехь

Норве́гин хӀо́рдКъилбаседа Шен океанан йисттера хӀорд (советийн а, российн а библиографехь)[1], Скандинавин ахгӀайрен а, Исландин а, Ян-Майен гӀайренан а юкъахь. ХӀордан бух тӀехь доьжна ду 1989 шарахь доьхна советийн атоман хин бухахула лела кема «Комсомолец».

Атлантикан я Къилбаседа Шен океан[нисъе | нисъе чухулара]

Норвегин хӀордан дозанаш

Советийн а, тӀаьхьа российн библиографехь (ЙСЭ а, ЙРЭ) Къилбаседа Шен океанан доза доккху ГренландиИсландиФарерийн гӀайренашШетландин гӀайренашНорвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Къилбаседа Шен океан юкъахь хуьлу. Малхбузан хьасташкахь, масала, Дерригдуьненан гидрографин кхолламан терминологехь, Къилбаседа Шен океанан доза доьду Гренланди — Исланди — ШпицбергенЧенан гӀайре — Норвеги асанца, тӀаккха Норвегин хӀорд Атлантикан океанан юкъахь хуьлу.[2]

Физика-географин амалаш[нисъе | нисъе чухулара]

Майда 1,4 млн км², кӀоргалла 3970 м (юккъера кӀоргаллаш — 1600—1750 м), хӀорд тӀекхетар барам — 3,3 м гергга, дуьралла — 35 ‰ гергга. Норвегин хӀордан доккха маьӀна долуш ду довха Норвегин хилелар (Гольфстриман чеккхе); и хилелар бахьнехь Норвегин хӀорд Ӏай гӀуора ца бо. Норвегин бердашца хи кӀорга дац, амалехь ю гомхаллаш (Лофотенан банканаш а, кхин а).

Уггар яккхий гӀайренаш: Сёрёйа, Сейланн, Аннёйа, Арнёйя, Рингвассёй, Сёр-Квалёй, Квалёйа, Сенья, Вестеролен гӀайренаш, Лофотенан гӀайренаш, Дённа, Вега, Фрёйя, Хитра, Смёла Норвегин берда йисттехь.

Бахаман маьӀна[нисъе | нисъе чухулара]

Дика даьржина чӀарлацар (треска, сельдь) а, мехкдаьтта даккхар а.

Ладаме порташ — норвегера Тронхейм, Тромсё, Нарвик.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Норвежское море // Никко — Отолиты. — М. : Советская энциклопедия, 1974. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 18).
  2. Границы океанов и морей, Всемирная гидрографическая организация, 1953 Архивацийина 8 октябрехь 2011 шеран.