Консерватизм

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Консерватизман ойланаш
Blue flag waving.svg
Консерватизман ойланаш
Чоьхьара боламаш

Консервати́зм (схьадаьлла лат. conservo - Ӏалашдо) — ламаста мехаллин а, низамашна а, социалан я динан доктринашна тӀаьхьавазаран идеологи. Коьрта мехалла лору юкъараллин ламасташ, цуьнан институташ а, мехаллаш а Ӏалашъяр.

Чоьхьарчу политикехь консерваторша билгаладоккху йолуш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин низаман а мехалла, тӀе ца оьцу радикалан реформаш, церан мах хадабо экстремизман санна. Арахьарчу политикехь консерваторш кхерамазалла чӀагӀъяран болх хьалхатотту, могуьйту тӀеман ницкъ бар, ламастан бартхошна гӀолаца хьовсу, арахьара экономикин юкъаметтигашкахь гӀолоцу протекционизм.

Консерватизман идеологи кхоллаелла «Французийн революцин цӀарматаллашна» (Бёрк Эдмундан гӀараяьлла памфлет, 1790) реакци санна. Экономикин а, социалан а маршонаш кхайкхочу либерализман а, социалан нийсо кхайкхош, долара бахаман доза деттачу социализман а дуьхьала лаьтта[1]. Бёрк воцуш, доккха дакъа лаьцна консерватизм кечъеш французийн иезуита Де Местр Жозефа (1753—1821), ингалсан философа Гоббс Томаса (1588—1679), австрийн-немцойн канцлера графа Меттерних Клемента (1773—1859).

ХӀокху заманан юкъараллашкахь консерватизм базанан идеологийн кхааннах цхьаъ ю: либерализм, социализм, консерватизм. Иза къасто еза обскурантизмах керлачу хӀуманна дуьхьала гӀертаран пурх латтарах, ткъа иштта ламасталлех. ХӀокху заманан консерватизм (неоконсерватизм) наггахь хуьлу кхечу политикин боламел алсама сетташ, меттаха йолуш. Масалаш — Рейганан АЦН хийцамаш а, Тэтчеран Йоккха Британера хийцамаш а.

Консерватизм кхоллаялар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ингалсера консерватизм, тӀаьхьа торизм ала долийна, кхоллаелла ЮхаметтахӀотторан (1660—1688) муьрехь. Цуьнан бух бара адамийн юкъараллера тӀегӀанан тӀехь лаьтташ, ткъа коьртехь лаьтта цхьан доза а доцуш Ӏедал карахь долу монарх (моно – цхьаъ, арх – урхалла дар). Амма, шен коьрта Ӏалашо урхаллин а, паргӀатонан эхь-бехкаллин а конституцин кепаш хилла йолу Сийлахь революцис, далийра торизман кхечу формуле. ХӀинца торизман бух бу кхаа тӀегӀанехь чӀагӀйина суверенитет: паччахьан доьзал, лордийн палата, юкъараллин палата.

Консерватизм кхиина роялизмах, орамаш тесира Ингалсахь ЮхаметтахӀотторан муьрех. Роялисташа гӀолоцура абсолютан монархин, цара кхиайора паччахьан Ӏедал делера хиларан теори. Цара къобал дора британин маршо а, парламентаризман ламасташ а, дӀатоттура суверенитет парламентан Ӏедалах яларан теори, цуо паччахьо санна, дерриг халкъ ца гойтура, дин лелоран маршо а ца лора. Ингалсара гражданийн тӀом болабалале Филмер Роберта язбира болх «Патриарх: я паччахьийнедал», иза хилира церан доктринин формула. Сийлахь революцил тӀаьхьа, 1688 шарахь, тори санна бевза консерватораш, къобал дира, суверенитет кхаа тӀегӀанех латтар. Амма ехачу хенахь вигийн урхаллехь британин консерватизм дӀахилира генарчу плане. Коьрта политикин ницкъ юхабеира хӀинца 1830-гӀа шерашкахь консерваторийн парти аьлла цӀе хийцина, цуо шена чохь цхьаьнатуьйхира аристократийн а, базаран капиталистийн а чолхе барт.

Дукхаха болчу историкашна консерватизман бух биллинарг хета Бёрк Эдмунд[2], иза хилла маркизан Рокингеман секретарь, кхайкхийна вигийн партин уггаре консервативан декъан гар.

XIX бӀешарахь кхоалгӀа чкъоьран а, аристократин а хиллачу девно бекъна британин консервативан болам шина декъе: цхьаболчара кхойкхура юккъера бӀешерийн мехаллашка юхадерзар, вуьш бара пачхьалкх экономикин долара секторна юкъа ца гӀертийта лууш.

Консерваторша юккъера класс парламенте ца яхийта новкъарло ешшехь, 1834 шарахь цара къобал дира шайн харжаман система йохар, тӀелецира кхин дӀа харжамхойн барам шорбан, нагахь цуо килсан а, пачхьалкхан а институт йохор яцахь. Керла хьесапаш кхайкхийра харжамийн хьалхарчу къамелехь сэра Пиль Роберта. Историкашна го и Тамвортский манифест консерваторийн керла партин коьрта аргумент.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. КОНСЕРВАТИЗМ — информация на портале Энциклопедия Всемирная история. w.histrf.ru. Теллина 2019 шеран 21 майхь.
  2. Иногда его предшественником называют Ричарда Хукера. Маркиз Галифакс одобрял прагматизм Хукера, Дэвиду Юму импонировало то консервативное недоверие, с каким Хукер относился к рационализму в политике. С другой стороны, Хукер родился задолго до возникновения консерватизма, Галифакс не принадлежал к какому-либо политическому течению, Юма политика не интересовала, а Бёрк и вовсе принадлежал к либеральной партии вигов.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Философия и социально-политические ценности консерватизма в общественном сознании России: От истоков к современности. Под ред. Ю. Н. Солонина. Вып. 1. СПб.: С.-Петербургский гос. ун-т, 2004, 320 с.
  • Полякова Н. В. Антропология российского консерватизма // Александр Иванович Введенский и его философская эпоха. — СПб., 2006, с. 252—265
  • А. Ю. Минаков. Особенности русского консерватизма в первой четверти XIX века // Диалог со временем. Альманах интеллектуальной истории, 34, 2011,
  • Современный российский консерватизм. Сборник статей. М., 2011. https://web.archive.org/web/20130603014422/http://www.cscp.ru/files/rmoHZ2U1hEbQgIW.pdf

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]