Ма-йарра йолу бакъо

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Ма-йа́рра йолу́ бакъо́ (лат. ius naturale) — стаг адаман тайпа хиларна факт бахьнехь, адаман дӀаяккха ца ло цхьа могӀа бакъонаш хилар къобал деш йолу бакъонан философин а, юриспруденцин а доктрина.

Ма-йарра йолу бакъо дуьхьала ялайо бакъонан позитивизм доктринин: тӀаьхьарчо чагӀдо, бакъонца совгӀат до пачхьалкхан лаамца, закон чу а йуьллий, закон чохь йоцуш цхьан а бакъо хила йиш яц, тӀаккха ма-йарра йолчу бакъонан концепцис боькъу «бакъо» а, «закон» а[1]. Цуьнца, хӀора стеган ю цхьайолу лакхара, гуттаренна лелаш йолу бакъонаш, цара васте дерзадо хьекъал, нийсо, мехаллин лаамза низам я Делан хьекъал а. Уьш дерриш ца дозу пачхьалкхо хӀиттийначу дозанех а, хьесапех а, цара Ӏаткъам бо дуьххьала дӀа. Законаш кхуллучун ма-йарра йолу бакъо шена тӀекхача гӀерта ориентир хила еза[2]. Кхузара схьайогӀу, нагахь ма-йарра йолу бакъо оцу пачхьалкхехь охьатаӀаяхь, халкъан гӀаттам бан бакъо[3].

Юкъара массара а къобал бина ма-йарра йолу бакъонан ларам бац: иза хийцало хене а, меттиге а, ткъа кхин а авторан ойлане хьаьжжина ― иза дукхах дерг лору оцу теорин уггаре гӀийла меттиг. Генара схьа дуьйна ма-йарра йолу бакъо кхетайора адамийн а, пачхьалкхан а Ӏаткъаман, шен долара бахам шена ма-луъу ца лелабайтаран дуьхьало ян бакъо санна. ТӀаьхьарчу муьрехь ма-йарра йолу бакъонашна юкъатуху дукхаха йолу социалан-экономикин а, политикин а бакъонаш, масала, халкъан конституци хӀотто бакъо, политикин дахарехь жигара дакъалацар, Политикин партешка цхьаьнакхетар, къинхьегаман бакъо, хьакъ долу белхан алапан бакъо, суьдан а, законан а хьалха цхьаъ хилар[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]