Коллонтай, Александра Михайловна
Коллонтай Александра Михайловна | |||||||
оьрс. Алекса́ндра Миха́йловна Коллонта́й | |||||||
![]() | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дуьххьара ю даржехь | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Когаметтаниг | Чернышёв Илья | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Копп Виктор | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Макар Александр | ||||||
Когаметтаниг | Макар Александр, Бекзадян Александр | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Пестковский Станислав | ||||||
Когаметтаниг | дипломатин юкъаметтигаш дӀахадийна | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж кхоьллина; хенан правительствон министр — Кишкин Николай Михайлович |
||||||
Когаметтаниг | Винокуров Александр | ||||||
|
|||||||
Йина терахь | 1872 шеран 19 (31) март | ||||||
Йина меттиг |
Петарбух, Российн импери |
||||||
Кхелхина терахь | 1952 шеран 9 март (79 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Вича тиллина цӀе | оьрс. Алекса́ндра Миха́йловна Домонто́вич | ||||||
Да | Михаил Алексеевич Домонтович[d] | ||||||
Зуда | Дыбенко, Павел Ефимович[d] | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
Автограф |
![]() |
||||||
СовгӀаташ | |||||||
Латар | |||||||
![]() |
Коллонта́й, Алекса́ндра Миха́йловна (йинчу хенахь — Домонто́вич; 19 (31) мартехь 1872, Петарбух — 1952 шеран 9 март, Москох) — российн революционерка, советийн пачхьалкхан гӀуллакххо а, дипломат а. ССРС леррина а, юьззина бакъо йолу а векал. 1915 шарахь дуьйна РСДБП (б) декъашхо. 1917—1918 шерашкахь хилла пачхьалкхан дола даран халкъан комиссар дуьххьарлерачу Советийн правительствохь, цуо йо цунах дуьххьарлера исторера зуда-министр[1].
Хьалхара шераш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Домонтович Александра Михайловна йина Петарбухехь таро йолчу элийн доьзалехь. Александра Михайловнин да, лакхара инарла Домонтович Михаил, дакъа лаьцна оьрсийн-туркойн тӀамехь 1877—1878 шерашкахь, хилла Тырновн губернатор Болгарехь 1878—1879 шерашкахь; нана, Массалин-Мравинская Александра, хилла финнийн хьуьнан дечиган гӀирс бухку фабрикантан йоӀ.
Нанас йина йиша — Мравинская Евгения — операн йишлакхархо (театран цӀе Е. Мравина).
Тайп-тайпана агӀора дешар Ӏамийна цӀахь. Масех кхечу мехкийн меттанаш хаара (ингалсан, немцойн, французийн, шведийн, норвегийн, финнийн, кхин а), литература езаш яра. Цунна боккха Ӏаткъам бира цӀахь Ӏамош йолчу хьехархочо М. И. Страховас, иза дог лазаш яра халкъан паргӀаталлех[2]. 1888 шарахь экзаменаш елира Петарбухера 6-гӀа божарийн гимназера гимназин курсехь. Лийлира Исбаьхаллийн дог айаран ишколе, сурт дилларан мехах Ӏомийлаш а ийцира. Юкъатуьйхира дуьненан сийлаллийн юкъараллин. Домонтович Александран кегийрхойн гуонан юкъахь вара цуьнан маьхча Северянин Игорь. «ЦӀехо-можа сахьтан тхи» цӀе йолу автобиографин поэмехь поэта дагалоьцу:
Тхан цӀа бевзачехь дуьзина жӀуга:
Верещагин математик а,
Мравина а, Коллонтай а.
Жимачу хенахь дуьйна Александра езаш яра божаршна, уьш дика къасто а хаара цунна. Иштта, иза ца яхара маре инарле Тутолмин Иванега, ткъа цуо евзинчу сарахь йола аьлла дехар динера. И езаш волчех цхьаъ волу Драгомиров Ивана (инарлин кӀант), шега цуо дина къамел лан а ца делла ша-шена герз туьйхира.
Александра Домонтович къуона йолуш, ша императоран адъютанте маре дӀаяла гӀертачу дена-нанна дуьхьала а яьлла, маре яхара генара гергарчуьнга, ТӀеман-инженерин академи чекхъяьккхинчу, къиечу эпсаре Коллонтай Владимире (1893)[3]. Пхи шо даьлча цуо витира майра а, кӀант а, революцин боламехь дакъа лацархьама: «Суна лаара мукъа хила. Кегийра бахаман а, цӀийнан а Ӏуналло дерриг де дойура, таккха соьга кхин ца язлора повесташ а, романаш а… Жима кӀантана набкхеташехь, со уллера чу а йоьдий, Ленинан жайна деша хӀуттура»[4].
Социалистийн боламан декъа Коллонтай Александра еира 1890-гӀа шерашкахь Стасова Елена бахьнехь. ДоттагӀалла дара цуьнан Щепкина-Куперник Татьяница, цуьнан цӀахь Коллонтай полицех лечкъина Ӏийра.
1898 шарахь, майра а, кӀант а витина, дӀаяхара Швейцаре, цигахь деша хӀоьттира Цюрихан университете профессор Геркнер волчу. Профессоро аьлларг дина, 1899 шарахь яхара Ингалсе цигара белхалойн болам Ӏамо. Ингалсехь бевзира Вебб Сидней а, Вебб Беатриса а. Цул тӀаьхьа 1899 шарахь Россех юхайирзира.
1901 шарахь дозанал араелира, Женевехь вевзира Плеханов Георгий.
1905 шеран 9 январехь демонстрацин тоьпаш тухучу заманахь хилла Петарбухан урамашкахь. 1905 шарахь Петарбухехь вевзира Ленин Владимир. Российн социал-демократин парти шен II гуламехь большевикашна а, меньшевикашна а екъаеллачул тӀаьхьа Коллонтай дӀа ца кхийтира шинне а декъах. ТӀаккха а, оцу хенахь шен тешарца иза герга яра Плехановн, иза юьхьанца большевикийн агӀо лаьцна, вол-волуш меньшевикийн агӀора велира.
Сан доттагӀий бара шинне а лагерехь. Даган герга яра большевизм… амма Плехановга болчу безамалло сецайора меньшевикех къастарх[5].
Европин революцин боламехь[нисъе бӀаьра | нисъе]
Хьалхара оьрсийн революцин заманахь, 1905 шарахь Коллонтай кхоллийтира «Белхалошна-зударшна вовшашна гӀодаран юкъаралла». Революци эшначул тӀаьхьа 1908 шарахь кхелхира кхечу махка, хӀунда аьлча, иза бехке йира герзашца гӀаттаме кхайкхарна, шен брошюрехь «Финлянди а, социализм а». Эмиграцехь цкъа хьалха кхийтира РСДБП реформистийн тӀеме, ликвидатораллин агӀо лецира, цул тӀаьхьа дехьаелира отзовисташкахьа, Болоньяхь фракцин ишколехь кхоьллина «Хьалха» цӀе йолчу коьрта тобанехь лекцеш йийшира. Яхара цхьа могӀа Европан мехкашка (Бельге, Йоккха Британе, Германе, Дане, Норвеге, Франце, Швейцаре, Швеце), цигахь зӀенаш тесира меттигерачу социал-демократин а, суфражистийн а боламашца, царна юкъахь жигара дакъа а лоцуш. Шозза хилира АЦШ. РСДБП векал йира дуьненаюкъара социалистийн конгрессашка Штутгарте (1907), Копенгагене (1910), Базеле (1912).
Дуьненан хьалхара тӀом болабеллачул тӀаьхьа Либкнехт Карлан гӀоьнца араялаелира Германера. Швецехь йолуш, дӀакъаьстира тӀом къобал бинчу меньшевикех а, европан социал-демократин аьтту тӀомах а. ТӀеман империалистийн амал емалъяро герга ялийра Коллонтай большевикашна, ткъа чеккхенца царах кхийтира 1915 шарахь. Жигара антимилитаристийн кхайкхам бахьнехь, масала, цхьаьна Швецин журналехь, 1914 шеран ноябрехь, тӀеман дуьхьала яззам зорба тохарна, иза лецира шведийн полицис, ялийра Мальмё гӀопе, Густав-паччахьан омарца араяьккхира махкара. Копенгагенехь яха хиина, Коллонтайс Ленинца зӀе тесира, цуьнан лерина тӀедехкина белхаш кхочуш дира, масала, шозза агитаци эцна яхара АЦШ.
Революци а, Гражданийн тӀом а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Россех юхайирзира 1917 шеран Февралан революци хиллачул тӀаьхьа, дукха хан ялале хилира Петарбухан советан Кхочушдаран комитетан декъашхо. Большевикийн тӀеман кхолламан векал хилла дакъа лецира 1917 шеран РСДБП(б) 7-гӀа (Апрелан) конференцин балхехь, декъахь хилира буьззина Ленинан, «Апрелан тезисашкахь» йийцина, ойланийн агӀо лаьцна кӀеззиг бен боцучу векалшна юкъара. I Ерригроссийн Советийн гуламо хаьржира большевикашна юкъара ЦКХК декъашхо. «Шин Ӏедалан» муьрехь лелийра дика хӀоттийна агитацин болх салташна а, матросашна а юкъахь, иза бахьнехь Хенан правительствон Ӏедал тӀаьхьадаьлла лийлира цунна. 1917 шеран июлехь, аьрру, тӀеман дуьхьала йолу Стокгольмера Циммервальдан цхьаьнакхетаран гуламера юхайогӀуш, Коллонтай лецира Хенан правительствон омарца. Чуйоьллина латтийра Выборган зударийн набахтехь, араяьккхира ахча закъалтан диллина, и ахча делира яздархочо Горький Максима а, инженеро Красин Леонида[6] а. Лаьцна йолучу хенахь, 1917 шарахь, РСДБП(б) VI гуламо цигахь йоцушехь хаьржира гуламан сийдолу председатель а, партин ЦК декъашхо а.
1917 шеран 10 (23) октябрехь дакъа лаьцна герзашца гӀаттам бан а, Петроградехь Октябран гӀаттам бан а сацам бинчу РСДБП(б) ЦК ховшаршкахь. Советийн II съездан Президиуман декъахо (1917 шеран 25—26 октябрь). Большевикийн а, аьрру эсерийн а Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа хаьржира ЕЦКхК, 30 октябрехь Ленина[7] ша делира хьалхарчу РСФСР Комиссарийн Халкъан Советан юкъара юкъараллин емалан халкъан комиссаран дарж. Халкъан комиссариатехь Коллонтайс кхоьллира Нанолла а, бералла а лардаран дакъа, Нанолла а, бералла а лардаран а, латторан а коллеги. «Оцу структурийн политика хӀоттайора, нанолла лардар зударийн спецификин постулат йолуш санна, иза дуьххьала дӀа пачхьалкхан декхар долун дела»[8].

1918 шеран 13—21 январехь (шира рузманца) матросийн тобанан гӀоьнца схьаяккха гоьртира Петроградера Александро-Невски лавра, цунна массашкахь дуьхьало йира динехь болчара; Лавра схьаяккхар цкъачунна дита дийзира[9]. Лавра схьаяккхарна гуонахьара эксцессаш (царна юкъахь протоиерей Скипетров Петр виер а) хилира дуьххьара дӀа Патриарха Тихона 19 январехь «Ӏовдалш» анафеме баларах «Кхайкхам» арахецаран (ширчу рузманца) бахьна[10]; 22 январехь, оцу хенахь Москохахь болх беш болу Российн Православин Килсан Сийлахь Гуламо къобал бира патриархан кхайкхам.
1918 шеран мартехь, Бухарин Николай Ивановичан а, «аьрру коммунистийн» а позицешкахь лаьтташ йолуш, дуьхьала елира Брестан машаран бертан, реза ца хилар гойтуш араелира правительствон юкъара. Гражданийн тӀом боьдуш болуш хьажийра Украине, цигахь коьрте хӀоьттира 1-ра Днепран дехьара Украинин советийн дивизин политикин декъан, ткъа цул тӀаьхьа ГӀирмин советийн республикин агитацин а, пропагандин а халкъан комиссариатан, ткъа кхин а ГӀирмин эскаран политикин декъан.
Исбаьхьаллера васт[нисъе бӀаьра | нисъе]
Документалан фильмаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- «Победительницы» — Александра Коллонтай
- «Александра Коллонтай. Между долгом и чувством»(ТӀе цакхочу хьажорг)
- "Шура", документальный фильм, основанный на воспоминаниях А. Коллонтай, 2007
Иэс[нисъе бӀаьра | нисъе]
- А. М. Коллонтайн сийнна цӀе тиллина жима планетан (2467) Коллонтай?!.
- Калугин областера Малоярославецки кӀоштан Коллонтай юрт
- Коллонтай урам (Петарбух).
- Коллонтай урам (Волгоград)
- Коллонтай урам (Новошахтинск).
- Коллонтай урам (Днепропетровск) (2015 шо кхаччалц)
- Коллонтай урам (Николаев).
- Коллонтай урам (Нальчик).
- Коллонтай урамалг (Харьков).
- Коллонтай урам (Тара, Омскан область)
- 1972 шарахь Коллонтайн 100 шо кхачарна ССРС пошто арахийцира поштан марка.
Петарбухера адресаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Виленски урамалг, 7, кв. 6 (1906)
- Бассейни урам, 35, кв. 8 (1906—1908)
Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Коллонтай А. М. Жизнь финляндских рабочих. — СПб., 1903.
- Коллонтай А. Социальные основы женского вопроса. — СПб., 1909.
- Коллонтай А. Общественное движение в Финляндии // Общественное движение в России в начале ХХ-го века. Том IV часть II. Под ред. Л. Мартова, П. Маслова и А. Потресова. — СПб, 1911.
- Коллонтай А. По рабочей Европе. — СПб., 1912.
- Коллонтай А. Общество и материнство. — Пг., 1916.
- Коллонтай А. По буржуазной Европе. — Казань, 1921.
- Коллонтай А. Женское движение в годы французской революции. — Пб., 1921.
- Коллонтай А. М. Положение женщины в эволюции хозяйства. — М.: Гиз, 1923. — 208 с.
- Коллонтай А. М. Василиса Малыгина. 1923.
- Коллонтай А. М. Отрывки из дневника: 1914 г. — Л.: ГИЗ, 1924.
- Коллонтай А. М. Дорогу крылатому Эросу! (Письмо к трудящейся молодёжи) Архивацийина 14 августехь 2018 шеран. // Молодая гвардия. — 1923. — № 3 — C. 111—124.
- Коллонтай А. М. Воспоминания об Ильиче. — М.: Госполитиздат, 1959. — 8 с.
- Коллонтай А. М. Воспоминания об Ильиче. — М.: Политиздат, 1969. — 15 с.
- Коллонтай А. М. Воспоминания об Ильиче. — М., 1971.
- Коллонтай А. М. Избранные статьи и речи. — М.: Политиздат, 1972. — 430 с.: портр., 65 000 экз.
- Коллонтай А. М. Из моей жизни и работы: Воспоминания и дневники. — М.: Сов. Россия, 1974. — 416 с.: ил., 50 000 экз.
- Коллонтай А. М. Любовь и новая мораль.
- Встречи с прошлым: Сб. неопубликованных материалов ЦГАЛИ СССР / Редкол.: И. Л. Андроников и др. — 2-е изд., испр. — М.: Сов. Россия, 1972. — 382 с.
- Коллонтай А. М. Революция — великая мятежница. Избранные письма (1901—1952). — М.: Советская Россия, 1989.
- Коллонтай А. М. Новая мораль и рабочий класс.
- Коллонтай А. М. Кто такие социал-демократы и чего они хотят? — 1906.
- Коллонтай А. М. К вопросу о классовой борьбе — 1904.
- Коллонтай А. М. И в России будет женский день!
- Коллонтай А. М. Великий борец за права и свободу женщины.
- Коллонтай А. М. Дипломатические дневники: 1922—1940 : в 2 т. / предисл. и примеч. М. М. Мухамеджанова. — М. : Academia. Т. 1. 528 с. Т. 2. 543 с.
- Коллонтай А. М. Женщина-работница в современном обществе.
Исбаьхьаллин кхолламаш
- Домонтович А. Женщина на переломе. — М.-Пг.: ГИЗ, 1923, (повесть)
- Коллонтай А. М. Любовь пчел трудовых. — М.-Пг.: ГИЗ, 1924, (повесть)
- Коллонтай А. Большая любовь. — М.: ГИЗ, 1927
- Коллонтай А. Женщина-работница в современном обществе (1908)
- Коллонтай А. Сёстры. — М.-Л., ГИЗ, 1927
- Коллонтай А. Василиса Малыгина. — М.-Л.: ГИЗ, 1927, (роман), в 1930 году пьеса
Ӏилманан белхаш
- Коллонтай А. Семья и коммунистическое государство, 1918.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Александра Коллонтай. Революция как «стакан воды» (2017, 18 октябрь). Хьаьжна 17 июнехь 2019.
- ↑ Первое советское правительство. — 1991. — С. 302.
- ↑ Коллонтай, Александра Михайловна. // Проект «Оьрсийн эскар Боккхачу тӀамехь».
- ↑ Дочь революции. Аргументы и факты
- ↑ Из моей жизни и работы. Воспоминания и дневники. — М., 1974. — С. 96.
- ↑ Примечание К Главе Третьей(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 26 декабрехь. Теллина 2014 шеран 26 декабрехь.
- ↑ «Исторический архив». 1957, № 5, стр. 5.
- ↑ Юкина И. И. Гендер как инструмент познания и преобразования общества, Феминизм в СССР(ТӀе цакхочу хьажорг), Публикация МЦГИ, проверен 16/03/2011
- ↑ Декрет об отделении «Власть» 13 февраля 2001.
- ↑ Текст Воззвания от 19 января 1918 г.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Георгий Петров. А. М. Коллонтай в годы первой мировой войны // журнал "История СССР", № 3, 1968.
- Георгий Петров. "Бороться за правое дело..." // журнал "Наука и жизнь", № 3, 1968. стр.11-18
- Иткина А. М. Революционер, трибун, дипломат: Страницы жизни А. М. Коллонтай. 2-е изд. — М.: Политиздат, 1970. — 287 с.: ил.
- Миндлин Э. Л. Не дом, но мир: Повесть об Александре Коллонтай. — М.: Политиздат, 1968. (Пламенные революционеры) — 447 с., ил. То же. — 2-е изд. — 1978. — 399 с., ил.
- Великая Октябрьская социалистическая революция: энциклопедия. 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1987.
- Русские писатели. 1800—1917. Биографический словарь. Т. 3: К — М. — М.: Большая российская энциклопедия, 1994. С. 22—23.
- Шейнис З. С. Путь к вершине: Страницы жизни А. М. Коллонтай / Шейнис Зиновий Савельевич. — М.: Сов. Россия, 1987. — 298 с.: ил.
- Константин Михайлович Оберучев «В дни революции. Возвращение в Россию за месяц до революции.»
- Clements, Barbara Evans (1979). Bolshevik Feminist: The Life of Aleksandra Kollontai. Bloomington: Indiana University Press. ISBN 0-253-31209-4.
- Farnsworth, Beatrice (1980). Alexandra Kollontai: Socialism, Feminism, and the Bolshevik Revolution. Stanford: Stanford University Press. ISBN 9780804710732.
- Porter, Cathy (1980). Alexandra Kollontai: A Biography. London: Virago. ISBN 0-86068-013-4.
- Александра Коллонтай и Финляндия / Под ред. Тимо Вихавайнена и Евгения Хейсканена. Перевод с финского на русский: Евгений Хейсканен. Renvall Institute Publications 29. Hakupaino Oy. Helsinki, 2010. 109 стр. — ISBN 978-952-10-6755-6.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Коллонтай, Александра Михайловна. ХӀуний а тӀехьенна а дитта
- Архив Александры Коллонтай(ингалс.)
- Александра Коллонтай на сайте Проекта1917
- «Письмо к работницам красного Петрограда» (ноябрь 1918) — аудиозапись А. Колонтай.
- «Александра Коллонтай: эмансипация, любовь и новая женщина Архивацийина 21 мартехь 2020 шеран.»
- Люди: Александра Коллонтай
- Бинарш 31 мартехь
- Бинарш 1872 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Петарбухехь
- Белларш 9 мартехь
- Белларш 1952 шарахь
- Белларш Москохахь
- Новодевичьи кешнашкахь дӀабоьхкинарш
- РСДБП декъахой
- ССКП декъахой
- Ленинан орден елларш
- Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденан кавалераш
- Сийлахь Олафан орденан Йоккхачу жӀаран кавалераш
- Ацтекийн эрзунан Йоккхачу жӀаран орденан кавалераш
- Википеди:Яззамаш ца йогӀучу кепаца Гочданза
- ССКП ЦК дакъойн куьйгалхой
- Детин бӀешеран оьздангаллин гӀуллакххой