Маркс, Карл

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Карл Маркс
Karl Heinrich Marx
Karl Marx 001.jpg
Вича тиллина цӀе

нем. Karl Heinrich Marx

ГӀуллакхан тайпа:

экономика, социологи, атеизм, философи, журналистика

Вина де

1818 шеран 5 май({{padleft:1818|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})

Вина меттиг

Трир, Прусси

Кхелхина де

1883 шеран 14 март({{padleft:1883|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (64 шо)

Кхелхина меттиг:

Лондон, Йоккха Британи

Да:

Генрих Маркс

Нана:

Генриетта Прессбург

Зуда:

Женни фон Вестфален

Бераш:
  • Женни Лонге (1844—1883)
  • Лаура Лафарг (1845—1911), Поль Лафарган зуда
  • Эдгар (1847—1855)
  • Генри Эдвард Гай (1849—1850)
  • Женни Эвелин Фрэнсис (1851—1852)
  • Элеонора Эвелинг (1855—1898), Эдуард Эвелинган зуда
  • 1857 шарахь дина бера (делла цӀе тиллали)
Куьг таӀор

Куьг таӀор

Карл Маркс Викигуламехь

Карл Генрих Маркс (нем. Karl Heinrich Marx; 1818 шеран 5 май, Трир — 1883 шеран 14 март, Лондон) — немцойн философ, социолог, экономист, яздархо, политикан журналист, юкъараллин гӀуллакхо. Цуьна белхаш кхоьллира философехь диалектикан а, историн а материализм, экономикехь — тӀекхета механ теори, политикехь — классийн къиссаман теори[1]. Оцу хьажамах хилира коммунизман а, социализман а идеологин бух. Цунна цӀе тиллира «марксизм». Иза ву «Коммунистан партин манифестан» а, (дуьххьара арахецна 1848 шарахь), «Капиталан» а (1867 шо) автор. Цхьаболу цуьна белхаш язбина бу Фридрих Энгельсца цхьана.

Маркс вина цӀа

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Жималла[нисъе | нисъе чухулара]

Карл Маркс вара кхозлугӀа бера Трирехь Ӏаш волу Генрих Маркс цӀе йолу жуьгтех ваьлла адвокатан. Иза вина цӀен адрес дара: Трир, Брюккергассе/Brückergasse, 664 (хӀинца Brückenstraße, 10. Тахана цигахь музей ю). 1819 шеран 15 октябрехь цера доьзулла Симеонштрассе/Simeonstraße, 8 адрес долу керла цӀеночу дахара. Тахана цигахь меморилан экъа йиллина ю.

Цьунан нана яра Генриетта Маркс, маре яхале Прессбург (я Пресборк, нем. Henrietta Pressburg, нидерл. Henrietta Presborck). Иза яра Нимвеген цӀе йолу гӀалера (тахана Неймеген, Нидерландаш).

1817 шарахь Карл Марксан дас протестантизм тӀелецира шен суьдхон хьехамчан даржах ца валархьам.

18301835 шерашкахь Карл оьхура Трирехь йолу Фридрих-Вильгельман гимнази (Friedrich-Wilhelm-Gymnasium (FWG)). Цо иза чекхъяккхира 17 шо кхаьчча волуш хенахь.

Гимнази чекхъяккхинчул тӀехь Маркс университет вахара, цкъа хьалха Боннехь (цигахь цо шина семестрехь дийшира), тӀаккха Берлинехь (цигахь цо цкъа хьалха юриспруденци Ӏамийра, амма тӀаьхьо цунна истори а, философи а езаелира).

1836 шарахь цо мах бира Женни фон Вестфаленц (нем. Jenny von Westphalen). Иза яра 1814 шарахь йина. ТӀаьхьо иза цуьнан зуда хилира. Женни яра Карлан Софи цӀе йолу йоккха йишан доттагӀ.

1849 шо кхачале[нисъе | нисъе чухулара]

1841 шарахь Карл Марксас Берлинан университет чекхъяккхира экстернаца. Цо язйира «Демокритан натурфилософин а, Эпикуран натурфилософин а башхалаш» цӀе йолу докторан диссертаци[2]. Диссертаци цо яккхира Йенан университетехь Берлинан университетехь иза йоккхуш ян еза харж сов хиларна бахьнехь.

Маркс цу хенахь гегельянец-идеалист вара. Берлинехь иза дъакхитира младогегельянцийн тобанех (цу юккъехь бара Бруно Бауэр а, кхибераш а). Уьш бара Гегелин философех революцин жамӀаш ян гӀерташ.

Университет чекхъякхча Маркс Бонне дӀавахара цигахь профессор хила гӀерташ. Иза вара Бауэрца цхьана Боннан университетехь философи хьеха а, Людвиг Фейербахца цхьана журнал арахеца а, керста исбаьхьаллех лаьцна болх язба а лууш. Амма Ӏедалан реакционни политика бахьнехь Марксас Ӏилма дита дизира. Цу хенахь аьрру гегельянцашца уьйра йолу Рейнан буржуазин цхьаболу векалаш Кёльнехь кхоьллира оппозицин газета «Rheinische Zeitung». Иза арадала доладелира 1842 шеран 1 январехь.

18421843 шерашкахь Карл Маркс вара оцу газетан журналист а, редактор а. Хьалха Марксас цензура дӀаякха еза аьлла вист хилира, тӀаккха волавелира Ӏедалан критика ян. Цуьнан дукха статьяш я ара ца ялитира, я чӀогӀа хийцира.

Карл Маркс

1843 шарахь Маркс шен статьяшкахь нисса дӀабахар революци а йина Пруссин монархи дӀа а яккхина, цуьнан метте демократи хӀоттае. Ӏедалан иза кӀординера. 1843 шарахь газета дӀакъойлира. Цул хьалха Маркс редакторан болх бита дийзира, амма и дӀавелча газета кӀелхьара ца делира. Ша газетехь болх беш Маркс кхийтира шен политикан экономи ца хаьи. Цундела шен журналистан болх бешшехь иза политэкономи Ӏамо волавелира.

Маркс дагахь вара Крёйцнахехь Арнольд Ругеца цхьане журнал арахеца. Оцу журналан коьрта Ӏалашо яра немцойн а, французийн а демократаш вовшахтохар. Уьш бара журнал Парижехь арахеца лууш.

Пруссин Ӏедал гӀортира Маркс эца, цунна болх белла. Амма иза реза ца хилира. 1843 шеран октябрехь Маркс шен доьзалца Париже дӀавахара. Цигахь Марксан Генрих Гейне а, Фридрих Энгельс а бевзира. Фридрих Энгельсца Марксас ша валлалц доттагӀалла а лелира, цуьнца цхьане болх а бира. Энгельсас хьажийра Марксан тидам белхан классан хьалтӀе.

Парижехь Маркс болх бан волавелира белхалойн организацишца а, французийн а, немцойн а эмигранташца а. Цигахь цунна вевзира Пьер Жозеф Прудон а, оьрсийн эмигранташ Михаил Александрович Бакунин а, Василий Петрович Боткин а. Цунна бевзира дукха французийн а, кхоьчу пачхьалкхашийн а Парижехь Ӏаш болу революционераш.

Карл Маркс

1845 шарахь Маркс Ӏедало Парижера аравеккхира. ТӀаккха иза Брюсселе дӀавахара. ТӀаьхьа цига Энгельс а веара. Брюсселехь Марксас а, Энгельсас язбира болх «Немцойн идеологи». Цигахь цара дицира Гегелин а, младогегельянцин а идейш харц хилар.

1847 шарахь Маркс а, Энгельс а халкъашна юккъера «Нийсачера союз» цӀе йолу къайлаха пропагандан юкъараллин юкъабахара (цунна тӀаьхьа «Коммунистий союз» хилира). И юкъаралла яра немцойн эмигранташ кхоьллина. Оцу юкъараллос тӀедиллар кхочуш деш, цара хӀоттийра коммунистийн организацин программа — гӀаръялла «Коммунистан партин манифест». Иза арахийцира Лондонехь 1848 шеран 21 февралехь.

1848 шарахь февралин революци йолаелча Маркс Бельгера аравеккхира. Иза Париже юхавеара. 1848—1849 шерашкахь Германехь революци йолаелча иза Кёльне дӀавахара. Цигахь цо арахеца доладира доккха хӀора дийнахь арадолуш долу революцин газета «Neue Rheinische Zeitung». Оцу газетан хаьлхара номер араелира 1848 шеран 1 июнехь. Редакцин юкъабахара Карл Маркс — коьрта редактор, Генрих Бюргерс, Эрнст Дронке, Фридрих Энгельс, Георг Веерт, Фердинанд Вольф, Вильгельм Вольф — редактораш. «Neue Rheinische Zeitung» газетас лора Германехь а, Европехь а болучу революцин хилларгийн кӀорге анализ.

Газета дӀакъоьвлира Саксонехь а, Рейнан Пруссехь а, Къилбера-Малхбузера Германехь а гӀовттар эшайича а, Ӏедал газетан редакторашан таӀзараш дан доладелча а. 1849 шеран 19 майхь араелира цӀен басарца зорба тоьхна газетан тӀаьххьара номер.

Лондонан эмиграци[нисъе | нисъе чухулара]

Карл Маркс

Германера аравеккхича 1849 шеран 16 майхь Маркс шен доьзалца вахара Париже. Амма 13 июнехь цо демонстрацехь дакъа лаьцча иза цигара а аравеккхира. ТӀаьххьара Маркс шен доьзалца Лондоне вахара. Цигахь иза ша валлалц Ӏийра. Лондонехь цо кхоьллира шен коьрта экономикан произведениш, «Капитал» тӀехь.

Эмиграцехь ваха чӀогӀа хала дара. Маркс вехаш вара Энгельсас ахчанца деш долу гӀонца а, наггахь ша газеташкахь язъяшйолу статьяш бахьнехь а.

1850-гӀа шерашкахь Маркс волавелира шен экономикан теори кхолла. Цо дукха болх бора Британин музейн библиотекехь. Политикан экономи а, социальни философи а, бакъо а йоцурш, Марксас дукха кхидолу Ӏилманаш Ӏамийра (царна юккехь математика а, агрохими а, минералоги а).

Лондонехь Марксас чӀогӀа юкъараллин болх бора. 1864 шарахь цо кхоьллира «Халкъашна юккъера белхалойн ассоциаци» (International Workingmen’s Association, тӀаьхьа цуьнан цӀе хийцира, Хьалхара Интернационал аьлла). Иза яра хьалхара массийн халкъашна юккъера белхалойн классан организаци. Оцу организацин секциш яра дукха Европан пачхьалкхашахь а, АЦШ а кхоьллира[3].

Хьалха организацин юккъе богӀуш бара анархисташ а, Британин тредюнионисташ а, Италин республиканцаш а. Кхано Марксан а, анархистийн куьйгалхон Михаил Бакунинан а коммунистан юкъараллех лаьцна, оцу юкъаралле тӀекхачаран некъашах лаьцна а барт ца хилар бахьнехь анархисташца барт буьйхира. 1872 шарахь Гааган конгрессехь анархисташ Хьалхара Интернационалера юкъара дӀабехира[4]. 1872 шарахь Парижан коммуна эшайича Хьалхара Интернационал Нью-Йорке дӀаяхара. Амма 4 шо даьлча, 1876 шарахь Филадельфин конференцехь иза дӀаелира.

Пхеа шарахь юкъаралла меттахӀоттаян гӀертарех гӀуллакх ца хуьлура. Амма 1889 шарахь, Маркс веллачул тӀехь 6 шо даьлча, кхоллаелира ШозлугӀа Интернационал. Цунна юккъе йогӀуш яра Англин а, Францин а, Германин а, Испанин а, кхийолу Европан пачхьалкхийн а аьрру партешь.

1867 шарахь араелира «Капиталан» хьалхара том.

Карл Маркс велира Лондонехь 1883 шарахь, 64 шо кхаьчна волуш. Иза дӀавоьллина Хайгейтан кешнашкахь.

2-гӀа а (1885), 3-гӀа а (1894) «Капиталан» томаш Энгельсас арахийцира Маркс веллачул тӀехь.

Коьрта ойланаш[нисъе | нисъе чухулара]

Капитал. Политикан экономин критика.

Марксан белхаш кхоьллира философехь диалектикан а, историн а материализм, экономикехь — тӀекхета механ теори, политикехь — классийн къиссамийн теори[1].

Марксан коьрта ойланашах кхета лиъча хаа деза, Маркс шен хьалхара образованица а, ойланан кепаца философ вара. 1848 шо кхаччалц иза кхиъна философ а, журналист а санна. Политикан экономи иза Ӏамо волавелла 30 шо сов кхаьчча. Политикан экономи цо Ӏамайора философас санна.

Маркс философ хилира дукха хьолехь Гегелин белханийн Ӏаткъамца. Гегелин ойланин бухехь дара «субъектах долу са» а (къаьстина стаг), «лаамза са» а (нахан юккъехь долуш долу хьал а, бехкамалла а), «абсолютни са» а дуьхьалхӀоттор.

Гегелин хетара, стаг шен ойланца субъектан барамер абсолютни ойланин хетаре хьалавала йиш йолуш ву, лаамза долу дозанашах чекхволуш. Оцу ойлан леларах Гегельс олура «сан феноменологи», оцу леларан бакънашах а, логикех а — «диалектика».

Иштта, Марксан ойланашна боккху Ӏаткъам бира материализмас а, масала, Людвиг Фейербахан ойланаш. И Ӏаткъам гуш бу Марксас шира грекийн атомизамах лаьцна язйина диссертацехь. Гегелин идеализман реза воцуш, Маркс младогегельянцийн тобана юкъавахара. Цара олура Гегель «коьртан тӀера когаш тӀе хӀотто веза» — Гегелин диалектика дуьненан хӀуманшна тӀеярзо еза. Младогегельянцаш «субъектах долу сан» меттан билгала стаг къасто веза олура, оцу стаган лаамаш а, эмоциш а (М. Штирнер, «Единственный и его собственность»).

Маркс кхиъ гена вахара Гегелин хьехам табеш: цо «абсолютни сан» меттан хӀоттира билгала кхетамаш — юкъаралла а, пачхьалкх а, Ӏилма а, и. к. д.

Маркс а, Энгельс а лоруш дара адамаллин историн кхиарега бен талур дац нехан дахар: «Философаш дуьненан тайп-тайпан кхетораш лора, амма Ӏалашо ю дуьне хийцар» (Фейербахах лаьцна тезисаш, 1845, 11-гӀа тезис).

1848 шарахь араелира «Коммунистан партин манифест». Цу чохь Марксас а, Энгельсас боху:

« ХӀиццалца хилла массо а юкъараллин истори яра классийн къиссамийн истори… Таханлера буржуазин долара хьал ду тӀаьххьара а, уггара дуьззина а гайтам дацадаран а, антагонизман а тӀехь летташ йолу тайпан сурсатийн арахецаран а, схьадаккхаран а. Коммунисташ шайн теори схьаала йиш ю цхьана положеница: долара хьал хӀаллакдар. »

Кхоьчу дешнашца аьлча, Марксан а, Энгельсан а хетарехь, дацадаран коьрта бахьан ду долара хьал хилар а, цо кхуллуш болу классийн къиссам а.

Юкъараллин дуьхь-дуьхьал хилар а, меттанийн а, культурийн а башхалаш а, мехкан къаьстина хилар Марксас а, Энгельсас а къастацабира уьш лараме бахьанаш ду аьлла. Цера хенахь хилла экономикан а, юкъараллин а кхиаро гойтура и дуьхь-дуьхьал хилараш чехка а, атта а эшало. Амма классийн къиссамаш чехка чӀагӀлуш ю.

Беррига цуьнан тӀаьхьбогӀуш болу теорин а, практикан а болх бара юкъараллехь долара хьал бахьнехь кхоллалуш йолу дуьхь-дуьхьалонаш талларан хьажийна.

Шен гӀуллакх дӀадолуш хенахь а хаьара Марксан долара хьал законаца дӀаяккхича цхьа а сакхт доцуш юкъаралла кхоллалур йоци. Иза дан гӀоьртача долчул вон юкъаралла кхоллалур ю:

« … Муьлха а долара хьал ду вовшехь хьегарах а, нисвалан лаамех кхоллалуш. Морса коммунизм ю и хьегар а, и нисвалар а кхочушхилар. Цуьна кӀезиг барам бу. Иштта долара хьал дӀадаккхар нийса ца хилар гойту цо еррига а хилла йолу культура а, цивилизаци а керстдаро а, Ӏаламан йоцу, чолхе доцу а, морса а, хьашташ доцуш а волу, доларан хьал лакха а ца волуш, оцу хьал тӀе кхачаз волу стаган тӀедар. Оцу тайпан коммунизман юкъарло ю къинхьегаман юкъарло а, юкъараллин капиталистас луш долу алап цхьатӀера хилар а, юкъаралла юкъара капиталист хилар а

[5].

»

Марксан ойланаш юззина язйина цуьнан коьрта белхехь «Капитал. Политикан экономин критика».

«Коммунистан партин манифестехь» Марксас а, Энгельсас а элира:

« Шайн ойланаш къйла яхар коммунисташ дешаш хӀума дац. Цара нийса дӀабах, цера Ӏалашонашна тӀекчаца йиш яц болуш болу берриг юкъараллин дӀахӀоттам хӀаллак бина бен. Ӏедал долу классаш кхера еза тӀейогӀучу Коммунистан Революцех. »

Амма тӀехьа Марксан капитализм эшаярех лаьцна ойланаш хийцаелира. 1872 шарахь цо бахара:

« Тхуна хаьа тайп-тайпан пачхьалкхийн учреждениш а, гӀиллакхаш а, ламасташ а лара дезий. Дуьненахь цхьайолу пачхьалкхашкахь, масала, Америка а, Англи а, (суна дика йовзахьари ас Голланди а тӀетухур яра) белхалой шайн Ӏалашошна машеран некъаца тӀекхачалуш болуш. Амма иза иштта делахь а, Европан дукха пачхьалкхашахь вайн революцин зеразакъ хила беза ницкъ. Ницкъ бан безар бу белхан куьйгал дӀахӀоттада[6]. »

Марксан белхийн тӀаьхьенаш Ӏаламат яккхи ю. Иза дин волуш хенахь кхоллаелира марксизм. Амма цьнан ойланашна тӀетевжина практикан политика кест-кеста Марксан йоланашца йогӀуш ца хуьлура.

« Историн материалистичеки кхетаман а хӀинца бу и кхетам истори ца Ӏамо бахьан долуш дукха доттагӀий. Таханлера хьал ду Марксас французийн 1870-гӀа шерашкара "марксистех" олуш хенахь санна: «Суна хаьа со марксист воци»[7] »

Язйинарш[нисъе | нисъе чухулара]

Белхаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Экономическо-философские рукописи (1844)
  • Святое семейство, или Критика критической критики. Против Бруно Бауэра и компании. (1845)
  • Тезисы о Фейербахе (1845)
  • Немецкая идеология (1846)
  • Нищета философии. Ответ на «Философию нищеты» г-на Прудона (1847)
  • Заработная плата и капитал (1847)
  • Манифест коммунистической партии (1848)
  • Очерк критики политической экономии (Grundrisse) (18571858)
  • К критике политической экономии (1859)
  • Статьи о Гражданской войне в США (1861)
  • Капитал, т. 1. (1867)
  • Гражданская война во Франции (1871)
  • Критика Готской программы (1875)
  • Восемнадцатое брюмера Луи Бонапарта (1885)
  • Капитал, т. 2. (1885)
  • Капитал, т. 3. (1894)
  • Капитал, т. 4. (19051910)
  • Математические рукописи (арахецна СССРхь 1968 шарахь)

Арахецнарш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Маркс К., Энгельс Ф. Соч.: 2-е изд. тт.1-50. — М., 1955—1981.
  • Юззина сочиненийн гулам оригиналийн меттанашкахь. И арахецар хӀинца а чекхъялаз ю. Тахана 100 сов том арахецна.
  • Марксан а, Энгельсан а архив.

Марксан роль[нисъе | нисъе чухулара]

«Дуьненан цхьанна а стага ца бина Карл Марксас ХХ бӀешарахь биначул боккху Ӏаткъам» (Жак Аттали[8]).

Йолуш ю Карл Марксан шен а, цуьнан юкъараллин ролин а, цуьнан философин а, социологин а дилларан а шуьйра мах хадоран спектр.

Маркс дина волуш хенахь а цхьаболчара Марксан йойланаш похӀме ю оле кхайкхайора, кхоьчара царна къиза критика йора. Марксан шен дукха белхаш бу шен дуьхьалболчарца къиссаман лерина язбина. Къорге къаьмнийн хийцамашах чекхйойла, Марксан ойланаш хилира ХХ бӀешерийн революцин боламийн идейш[9]. Цара бира боккху Ӏаткъам XIX—XX бӀешерийн дуьненан историн.

Долуш ду кхидолу а хетарш Ӏилманан исторехь цуьнан меттигах лаьцна, амма ала йиш ю цуьнан ойланаш Ӏаламат боккху Ӏаткъам бина дуьненан историн.

1999 шарахь ВВС нахега дина хаттарехь, нахас Маркс лерира эзар шеран сийлахь воккху ойланча[10]. АЦШ Конгрессан библиотекан каталоган хаамашца, уггара дукха Ӏилманийн белхаш бу Марксах лаьцна язбина[11]. Иза ву 100 дуьненахь массарелла дахар теллина нахана юккъехь хьалханиг.

Бераш[нисъе | нисъе чухулара]

Марксан а, цьунан зудчунан Женни фон Вестфален дара 7 бера. Царех диъ жима долуш делира:

  • Женни (18441883), Шарль Лонген зуда;
  • Лаура (18451911), Поль Лафарган зуда;
  • Эдгар (18471855);
  • Генри Эдвард Гай («Гвидо») (18491850);
  • Женни Эвелин Фрэнсис («Франциска») (18511852);
  • Элеонора (18551898), Эдуард Эвелинган зуда;
  • 1857 шарахь дина бера цӀе тиллале делира.

Иштта а, бохуш ду Маркс цера гӀуллакхо Хелен Демутс («Ленхен») 1852 шарахь дина беран да вара[12].

Виццавар[нисъе | нисъе чухулара]

Карл Маркс вина гӀалехь, Трирехь, иза вина цӀина чохь Брюккергассе/Brückergasse, 664 (хӀинца Brückenstraße, 10) хӀинца музей ю.

1917 шарахь Россиехь Октябран революци тоьлча, керла Ӏедал дӀахуттуш еррига а Россиехь дукха гӀаланашкахь коьрта урамашна Карл Марксан цӀе туьллура. Масала, Москвахь революци хилале «Охотный ряд» цӀе йолу ураман Марксан проспект аьлла цӀе тиллира. Изза цӀе тиллира уллехь йолу метро станцин. Иштта, Марксан цӀе тиллира Ташкентан юккъера ураман а, Туркменан ССРн пачхьалкхан библиотекан а, Тбилисехь йолу Республикан пачхьалкхан библиотекан а.

Хьалха Машар беш волу Паччахьан пик Памирехь тиллира Карл Марксан пик аьлла цӀе.

1919 шарахь Екатериненштадт гӀалин керла цӀе тиллира Марксштадт (1942 шарахь цунна керла цӀе тиллира — Маркс).

ШозлугӀа дуьненан тӀом чекхбелча Марксан цӀе тилла болабелира кхоьчу социалистически пачхьалкхашахь йолу объекташна. ГДРхь йолу Хемниц гӀалин тиллира Карл-Маркс-Штадт цӀе. Берлинехь ю Карл-Маркс-Аллее цӀе йолу урам. Оцу урамехь иштта цӀе йолуш метрон станци а ю.

1991 шарал тӀехь дукха объекташна хьалха хилла цӀераш меттахӀоттайира (масала, Москвахь Марксан цӀе йолу проспектан юха а «Охотный ряд» цӀе тиллира) я керла цӀераш яла болабелира. Цхьайолу цӀераш ша ма-ярра йисира. Масала, Пензехь 1919 шарахь Никольски ураман Карл Марксан цӀе тиллира. И цӀе хӀинца а йолуш ю. Иштта хьал ду дукха Российн гӀаланашкахь: Самара, Казань, Ижевск, Иркутск, Калининград, и. к. д.

2013 шарахь Россиехь яра 1343 объект (урамаш, майданаш, кхи йолу объекташ а) Карл Марксан (я Марксан) цӀе йолуш[13].

Памятникаш[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьненахь хьалхара Марксан памятник хьайиллинера 1918 шеран 1 майхь Пензехь[14].

Керла памятникаш хиттош ю советан Ӏедал дӀаделча а, амма хьалха санна дукха ца хиттайо. 2003 шарахь Калугин администрацин хьалха хоттийра Лев Кербельс йина Марксан керла памятник.

Москван метрон станцехь «Охотный ряд» летташ ю Марксан бюст (хьалха станцин цӀе яра «Проспект Маркса»).

Марканаш[нисъе | нисъе чухулара]

Кинохь[нисъе | нисъе чухулара]

  • Игорь Кваша («Год как жизнь» СССР, 1965 шо)
  • Альфред Мюллер (Mohr und die Raben von London, ГДР, 1968)
  • Вернер Крейндт («Фердинанд Лассаль», Ferdinand Lassalle, ФРГ, 1972)
  • Леон Аскин («Meeting of Minds», телесериал, США, 1977)
  • Ли Монтегю («Элеонора Маркс», телесериал, Англия, 1977)
  • Юрген Рейтер («Маркс и Энгельс», «Marx und Engels — Stationen ihres Lebens», телесериал, ГДР, 1978-80)
  • Венцеслав Кисев («Карл Маркс. Молодые годы», СССР-ГДР, 1979)
  • Ив Рифо (Votre enfant m’intéresse, Франция,1981)
  • Терри Джонс («Летающий цирк Монти Пайтона», «Monty Python’s Flying Circus», 1970; Monty Python Live at the Hollywood Bowl, 1982, США)
  • Ульрих фон Бок («Генрих Гейне», Heinrich Heine — Die zweite Vertreibung aus dem Paradies ФРГ, 1983)
  • Мед Хонда («1871», Англия-Франция, 1990)
  • Карло Брандт («Женни Маркс», Jenny Marx, la femme du diable Франция, 1993)
  • Мартин Хайдер («Лекции Марка Стила» «The Mark Steel Lectures», телесериал, Англия, 2003)
  • Роберт Лор («Жизнь Генриха Гейне», Denk ich an Deutschland in der Nacht… Das Leben des Heinrich Heine ФРГ, 2006)
  • Карел Затопек и Оливер Бойзен («Die Deutschen», телесериал, ФРГ, 2010).
  • Андрес Матти («Coвременники», Франция-Швейцария, 2010)

Язйинарш[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 «Классовая борьба» в Большой советской энциклопедии
  2. Д. В. Джохадзе. Проблемы античного атомизма в докторской диссертации Карла Маркса
  3. Интернационал 1-й
  4. Люди. РУ Михаил Александрович Бакунин
  5. Маркс К. Экономическо-философские рукописи 1844 года // Маркс К., Энгельс Ф. Соч. Т. 42. — С.116-118.
  6. К. Маркс о Гаагском Конгрессе
  7. Энгельсаc Конрад Шмидте яздина кехат (5.08.1890г.)
  8. Неизвестный Карл Маркс в исполнении Жака Аттали — 2 — Личность в культуре — Правда. Ру
  9. Маркс // История философии. Энциклопедия: «Не будучи особо влиятельными при жизни Маркса, его идеи, пройдя региональную и национальную адаптацию и модернизацию (зачастую весьма кардинальную): А. Лабриола в Италии, Г. Плеханов и В. Ленин в России, К. Каутский и Р. Люксембург в Германии и др. — стали смысловым, доктринальным и моральным ядром идеологий, теорий и программ деятельности практически всех революционистских движений XX века, провозглашавших собственные мессианизм и социальную исключительность. Организациям такого типа оказался более чем приемлем потаенный дискурс доктрины Маркса: мир людей атрибутивно делим на „своих“ и „несвоих“, находящихся в состоянии антагонистического конфликта; ситуация эта кардинально разрешима только через захват „своими“ государственной власти; достижим посредством „перманентной революции“, то есть гражданской войны планетарного масштаба».
  10. BBC news. Marx the millennium’s 'greatest thinker'
  11. Громский А. Ху из мистер Маркс?
  12. Marx’s ‘Illegitimate Son’ …or Gresham’s Law in the World of Scholarship by Terrel Carver
  13. Федеральная информационная адресная система
  14. Документы и материалы по истории советско-чехословацких отношений. М., 1973. С.70.

Хьосташ[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

1000HA.png