Чулацаман тӀегӀо

Импери Мин

ХӀара яззаман аз дина. ТӀетаӀайе, кхин аудиойаззамийн исписке хьажархьама
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Историн пачхьалкх
Сийлахь Минан импери
大明
ХӀост
ХӀост
 
 
 
 
 
1368 — 1644 (1642)
Коьрта гӀала Нанкин
(1368—1421, 1644—1662)
Пекин
(1421—1644)
Мотт (меттанаш) цийн
Официалан мотт Китайн мотт
Дин Буддизм, Даосизм, Конфуцианалла
Ахча фидуцуциаран ахча (1368—1450)
биметаллизм
Майда 6 500 000 км² (1450)[1][2]
Бахархой 65 000 000 (1393)[3]
125 000 000 (1500)[4]
160 000 000 (1600)[5]
Урхаллин тайпа абсолютан монархи
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
ХӀара аудиойаззам. ТӀетаӀайе ладогӀархьама
ХӀара аудиойаззам. ТӀетаӀайе ладогӀархьама
ЛадогӀа йаззаме
noicon
noicon
Аудиойаздар кхоьллина бух тӀехь версеш йаззамаш 41843597 шеран Йаздарехь гӀалат ду: девзаш доцу дош «ru»

Сийлахь Минан импери (ций. 大明朝, : Dà Míng Cháo, : да мин чао) — пачхьалкх, кхоллайелла цийн латташ тӀехь монголин империн Юань латтанаш тӀера Ӏедал дожийначул тӀехьа. Лаьттина 1368 шерера 1644 шо кхаччалц. Минан коьрта шахьар Пекин 1644 шарахь Ли Цзычэнан гӀаттам бахьнехь йоьжначул тӀехьа, минан доьзалан муьтӀахь йолчу ражан (Къилба Мин) тергонехь йисира пачхьалкх 1662 шо кхаччалц.

Мин имперехь флот йинера, гуттараенна эскар динера, цуьнан барам кхочура миллион стаг[6]. Лаьттийн долара сектор беха тӀемаш бина жимделла кхоалгӀа декахь цхьа дакъа санна, цунна дуьхьала пачхьалкхан сектор тӀекхетна. Шен дуьхца, имперехь тоьлла ардийн система, и хоттар формалан кхайкхийна а доццушехь. Йуккъера урхалла морса даьккхира, гӀертара гражданийн дахаран йерриг кхачонашна регламент хӀотто. Хьалхара шин императоро аьттонца динчшехь — Чжу Юаньчжана а, цуьнан кӀанта Чжу Дис а — хан мел йели империн пачхьалкхан апппаратехь гучудевлира талхаран хьесапаш, XVII бӀешо долалуш иза коррупци хуьйдина йара, императоршна хаза ца хетара политика, дерриг лакхара Ӏедал карахь дара дукха гуонан (гергарчеран, цӀуьхӀарийн, паччахьан кертарчеран). Къоьлла хьакхайелла аграран йукъаметтигех: тоталан императоран уллерчара латта долоадаккхар бахьнехь, пачхьалкхан сектор практикехь тӀепаза йайра. Минан Цийчоь йолайелира ша шен изоляци йаран политика лело. Оцу хенахь Цийчоьнан килбаседа-малхбален йисташкахь кхоллайелла къона, амма ницкъ болу маньчжурийн пачхьалкх, куьйгаллехь тайпа Нурхаци долуш. Ли Цзычэнан ахархойн гӀаттамах пайда эцна, цара схьалецира Пекин, тӀетуьйхира Цийчоь маньчжурийн Цийн империна.

Коьрта шахьар йоьжначул тӀехьа, император Чжу Юцзянь, ша шена виер бахьнехь, урхалчаш Минан тергонехь дисинчу Нанкинан, Фуцзянан, Гуандунан, Шаньсин, Юньнанан мехкашка координаци ца йан йелла шен гуллакхан 1662 шарахь карайахана маньчжурийн. Къилба Мнинан коьрта баьччех цхьаъ волу, Чжэн Чэнгуна, маньчжурашна дуьхьала материк тӀехь къовсам латталур боций хууш, сацам бира материк а йитина (шегахь ши база йитина — Сямэнь а, Цзиньмэнь а), голландхой лахка Тайвань тӀера, гӀайренах дуьхьалонан коьрта база йан. Формалан Тайвань лорура мин империн дакъа, амма законехь волу минан император Чжу Юлан вийначул тӀехьа, Чжэнан ца лаара монархан даржехь цхьан а къобал ван. Иштта кхолладелла дуьненан исторехь наггахь а хаалуш доцург — «монарх воцу монархи»; дерриг долу Ӏедал гӀйренан тӀехь карахь дара Чжэн Чэнгуан, фактехь кхоьллина волчу керла некъий. ЧжэнгӀар урхалла дира Тайванехь, тӀом бира маньчжурашца Мин империн байракх кӀелахь кхин а ткъа шарахь.

Кеп:Мин некъийн императорш (урхаллин шераш а, коьрта цӀераш а)

ГӀаттам а, тӀаьха Ӏедал къуьйсу тӀом а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цийчоь дакъа дара монголийн империн Юань (1271—1368) хин болу Мин императорш Ӏедале бахкалц. Монголин урхаллин реза бацарш, кхечарна йукъахь, пачхьалкхан дискриминацин политикца доьзна дара, цийхошна дуьхьал хьажийна (хань). Цул сов, раж йожар дира морса налогийн таӀзаро а, бохамца дистинчу Хуанхэ эрко а, хьалхалера ирригацин объекташ пайденна йацара[7]. Иза дерриг бахьна долуш промышленность а, йуьртан бахам а цхьатерра доьжнера, бӀе эзар ахархой, нйцкъала лаьхкина болу эркан дамбанаш, гӀевттира[7].

Синологаш хӀинцалц тӀе ца бахкало бахархойн нийса барамна оцу йа вукха Мин муьран моментех. Историко Тимоти Брука билгалдоккху, терхьаш, девзу пачхьалкхо бахархой багарбарехь ца къаьста тешамаллица, хӀунда аьлча налогаш ца йалархьама дукхаха болчу доьзалаш хуушшехь кӀезга нах гойтура доьзалехь[8]. Алсама багарбаран йукъахь ца хуьлура бераш, дукхаха берш маьхкарий, иза гойту дисина Минан кехаташа.[9] Иштта багар ца бора баккхий зударий, иза гойту, масала, багарбаран терхьаша Даминан префектурехь Хэбэйхь, цигахь билгалабаьхна 378 167 божарий а, 226 982 зуда а 1502 шарахь[10]. Правительство гӀиртира нисда терхьаш хила тарло хаамашца, мас стаг хила веза хӀора доьзалехь, амма чаккхенца налогийн бала кхочуш ца бан белира[11].

Импери Мин Цийчоьнан историна законехь болу а, цхьаъ бен боцу а мур бара. Законехь кхиар и пачхьалкхан кхоллам доьзна дара, цуо кхин дӀа а даьхьира демографин циклийн ламасташ исторехь Стигалбухарчунна, иза хилира пхоьалгӀа шен чоьтехь цикл, чекхйаьлла йолу меттахӀитторан, стабилизацин, къоьллин, йохаран фазанаш чухула. Цуьнца цхьаьна, цхьацца талламхоша билгала мел доккху, Мин империс гойтура чаккхе императорийн Цийчоьнан. Коьрта российн цийчоьйовзархо В. В. Малявина гойту, минан муьрехь «бахамо, йукъаралло, оьздангалло ийцира чекхдаьккхина куц», оцу хенахь «чаккхенца кхочуш йина цийчоьнан цивилизацин таронаш»[12], цуо лар йитина оьздангалла а, техника а, пачхьакхан урхалла а кхиарехь. Амма бале бӀостане нисделларг Цийчоьнна дара, Цийчоь йукъараллин-бахаман кхиаран максимум тӀегӀанна гур чу кхаьчна ламаста хьесапашкахь малхбален тайпана структурехь, иза бахьнехь муьлхха а Ӏалашдар ламаста низамаш ца мега[13]. Империн хьал телхина, аьттонца географин белламаш хиларе ца хьоьжуш, цуо къевлина арахьара дуьненна шен неӀарш. Цуо дукхаха дерг билгалдаьккхира импери йожар къилбаседехьара маньчжурашкара.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Peter Turchin, Jonathan M. Adams, Thomas D. Hall. East-West Orientation of Historical Empires and Modern States (en) // Journal of World-Systems Research. — 2006-08-26. — P. 219–229. — ISSN 1076-156X. — DOI:10.5195/jwsr.2006.369. Архивйина 2022  шеран  27 июнехь.
  2. R. Taagepera. Expansion and Contraction Patterns of Large Polities: Context for Russia (en) // International Studies Quarterly. — 1997. — Vol. 41, iss. 3. — P. 475–504. — ISSN 0020-8833. — DOI:10.1111/0020-8833.00053. Архивйина 2018  шеран  27 августехь.
  3. Ho, Ping-ti (1959), Studies on the Population of China: 1368–1953, Cambridge: Harvard University Press, p. 8–9, 22, 259.
  4. Andre Gunder Frank. ReORIENT: Global Economy in the Asian Age. — University of California Press, 1998-07. — 447 с. — ISBN 978-0-520-21129-2. (Архивйина 2022 шеран 25 майхь).
  5. Maddison Angus. Development Centre Studies The World Economy Volume 1: A Millennial Perspective and Volume 2: Historical Statistics: Volume 1: A Millennial Perspective and Volume 2: Historical Statistics. — OECD Publishing, 2006-09-18. — 657 с. — ISBN 978-92-64-02262-1. (Архивйина 2022 шеран 25 майхь).
  6. Ebrey (2006), p. 271.
  7. 1 2 Gascoigne, 150.
  8. Brook, 27.
  9. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху brook 267 тIетовжаран текст йазйина йац
  10. Brook, 97.
  11. Brook, 28, 267.
  12. В. В. Малявин. Часть 1. Время и вечность//Китай в средние века. Эпоха Мин (аудиокнига)
  13. Рубель, В. А. Історія середньовічного Сходу: Підручник для гуманіт.спец.вузів:/Вадим Анатолійович Рубель . — К.: Либідь, 2002 . — С. 82(укр.)

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Оьрсийн маттахь
  • Бокщанин, А.А. Китай и страны Южных морей в XIV-XVI вв. — М.: Наука, 1968. — 210 с. — 1700 экз.
  • Бокщанин, А. А. Императорский Китай в начале XV века. ( Внутренняя политика ). — М.: Наука, 1976. — 323 с. — 3700 экз.
  • Бокщанин, А. А. Удельная система в позднесредневековом Китае (период династии Мин 1368-1644). — М.: Наука, 1986. — 261 с. — 1150 экз.
  • Доронин, Б. Г. Империя Мин и маньчжуры: начало противостояния (Версия «Истории [династии] Мин» // Историография и источниковедение истории стран Азии и Африки : межвузовский сборник статей. — СПб., 1997. — Т. 18. — С. 128 - 152.
  • Законы Великой династии Мин со сводным комментарием и приложением постановлений: Да Мин люй цзи цзе фу ли. Часть 1. / Пер. с кит., исслед., примеч. и прилож. Н.П. Свистуновой. — М.: Восточная литература, 1997. — 573 с. — 1000 экз. — ISBN 5-02-017664-8.
  • Китай во второй половине XIV - XV в. // История Востока: В 6 т. — М.: Издательство восточной литературы, 2000. — Т. 2. — С. 528-546. — 716 с. — ISBN 5-02-018102-1.
  • Китай в XVI - начале XVII в. // История Востока: В 6 т. — М.: Издательство восточной литературы, 1999. — Т. 3. — С. 268-301. — 696 с. — ISBN 5-02-018102-1.
  • Покотилов, Д. Д. История восточных монголов в период династии Мин. 1368—1634. — Спб.: Типография императорской Академии наук, 1893. — 230 с.
  • Свистунова, Н. П. Аграрная политика Минского правительства во второй половине XIV в. — М.: Наука, 1966. — 168 с. — 1300 экз.
  • Симоновская, Л. В. Антифеодальная борьба китайских крестьян в XVII веке. — М.: Наука, 1966. — 342 с. — 1000 экз.
Ингалсан маттахь
Немцойн маттахь
  • Grimm, Tilemann. Erziehung und Politik im konfuzianischen China der Ming - Zeit (1368 - 1644). — Wiesbaden: Kommisionsverlag Harrasowitz, 1960.