Чулацаман тӀегӀо

Идрисов, Абухаджи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Абухаджи Идрисов
Вина терахь 1918 шеран 17 май({{padleft:1918|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Вина меттиг БердакӀел
Кхелхина терахь 1983 шеран 22 октябрь({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (65 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж старший сержант
БӀахойн дакъа

2-гӀа Прибалтийски фронт
3-гӀа ударни арми
370-гӀа гӀашлойн дивизи

1232-гӀа гӀашлойн полк
ТӀемаш
СовгӀаташ
Советийн Союзан Турпалхо
Ленинан Орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Седан орден
«1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь Германи эшайаран» мидал

Абухаджи́ (Абухажи́) Идри́сов (1918 шеран 17 май, БердакӀел1983 шеран 22 октябрь, Соьлжа-ГӀала, СССР) — Даймехкан тӀеман декъашхо, иччархо, лакхара сержант, Советски Союзан Турпалхо.

Вина 1918 шеран 17 майхь БердакӀелехь ахархон доьзуллехь. Чекхйаьккхира йуьхьанцара школа. «Советан Росси» колхозехь жаӀу болх бира цо. 1939 шарахь ЦӀен эскаре дӀакхайкхира. Иза вара Балтикайистехь йолу 125-гӀа гӀашлойн дивизехь. Цо Ӏамира пулемётчикан говзалла.

Даймехкан тӀом дӀа ма болабелла дуьйна цун йукъехь дакъа лоцуш вара. 1941 шеран июлехь цуьнан дивизи йара дуьхьало яш ПсковВелики Луки сизан тӀехь Ильменин а, Селигеран а йуккъехь. Идрисов вара шен накъосташца тӀелеташ болу немцойн дуьхьало яш. Цу хенахь хилира Идрисов иччархо.

Шен дот цо ша-тайпа кечйира мостагӀ волчу агӀора готта а, шуьйра а Ӏуьрг дитин. Цо цхьацца патарма кхуссуш 22 фашист винера. Хьаькимашас иза хиъча цунах иччархо вира.

Кеста цуьнан цӀе евзира йеррига Къилбаседа-Малхбузен фронтан. Цунах лаьцна газеташ тӀехь статьяш йазйора, иза гӀо дан кхойкхура кхоьчу фронтан дакъошкан. 1942 шеран октябрехь иза кхайкхира халачу фронтан дакъа долчу. Цигахь мостагӀ тӀелатаран кхерам бара. МостагӀ тӀелетча хенахь иччархош цуьнан эпсараш хӀаллак бан болабелира. ГӀашсалтиш иччархойн гӀонца фашистийн масийтта тӀелатар йухатуьхуьра. Идрисовс ша тӀеман 10 динахь 100 гергга немцойн салти а, эпсар а хӀаллаквира.

1943 шеран апрелехь Идрисовс хӀаллак винера 309 фашист. Иза бакъдора Идрисов йукъахь волу 370-гӀа гӀашлойн дивизин хаамехь. 1944 шеран мартехь цо хӀаллаквинера 349 фашист. Иза Советски Союзан Турале цӀе йаларан хьалхатеттинера. 1944 шеран апрелехь цун уллехь иккхина минас иза лазинера.

1944 шарахь Мозовецкехь хьайиллира фронтан тӀеман гайта хӀоттор. Цигахь йара Идрисовех лаьцна дина стенд. Цу тӀехь йара цуьнан иччархон топ а, суьрташ а. Бухахь йаздина йоза дара: «Нохчийн халкъан сийлахь кӀант Советски Союзан Турпал Абухаджи Идрисовс хӀаллакхвира 300 сов немцойн салти».

Иза 4 баттахь Ӏиллира Горький гӀалин госпиталехь. ТавелчулатӀехь иза цӀера деккхина халкъан векал ву аьлла Кхазакхстанехь Ӏийра: хьалха Алма-Атахь, тӀаккха Талды-Курганан областехь. Иза вара жа лелош.

1957 шарахь Идрисов цӀа вирзира. Валлалца шен вина махкахь Ӏийра иза. 1983 шеран 22 октябрехь иза велира.

  • Ленинан орден;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • ЦӀен Седан орден;

шортта Мидалш а.

  • Цуьнан цӀе тиллина Соьлжа-ГӀалахь болу ураман а, БердакӀелахь болу ураман а, школан а.