Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(Ибрагим Сулейменов дӀасахьажийна кхузе)
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ибрагим Абдурахманович Сулейменов
ГӀуллакхан тайпа Эскаран гӀуллакххо
Вина терахь 1953 шеран 11 февраль({{padleft:1953|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (66 шо)
Вина меттиг Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан, СССР
Корматалла Генерал-майор
Гражданалла ССРС СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Абдурахман

Сулейме́нов, Ибраги́м Абдурахма́нович (1953 шеран 11 февраль, Мадениет, Жалагашски район, Кзыл-Ордински область, Кхазакхстан) — нохчийн генерал-майор, Нохчийн Республикан комиссариатан эскаран комиссар, Российн пачхьалкхан думан II гуламан депутат.

Биография[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1953 шеран 11 февралехь Кхазакхстанехь Мадениет юртахь.

  • 1970 — чекхъяккхира Нохчийн Республикан Веданан кӀоштан Гуьнан юккъера школа.
  • 1971 — арме дӀакхайкхина.
  • 1977 — чекхъяккхина Ленинградан ПВО лакхара эскаран политикан училище.
  • 1985 — чекхяккхина Ленинан цӀарах йолу эскаран политикан академи (Москва). Цул тӀаьхьа иза вара къастийна ротан командиран политикан декъан когаметтаниг а, ПВО зенитный ракетный дивизионан командиран когаметтаниг, радиотехникан а, зенитный ракетный а полкийн политотделийн хаьким, ПВО зенитный ракетный бригадан политотделан хаьким.
  • 19951996 — Нохчийн Республикан эскаран комиссар.
  • 1995 шеран 7 ноябрехьгенерал-майор цӀе елира цунна.
  • 19962000 — иза хаьржира II гуламан Пачхьалкхан Думан депутат а, дуьхьаллон Комитетан декъашхо а.
  • 1998 — чекхъяккхира Российн Федерацин Герзан ницкъийн Генеральны штабан Эскаран академи.
  • 20002002 — Нохчийн Республикан ТӀехьа-Мартан кӀоштан эскаран комендант.
  • 20022003 — Нохчийн Республикан эскаран комендантан когаметтаниг.
  • 20032005 — Нохчийн Республикан лаьмнийн эскаран тобан буьйранчан когаметтаниг.
  • 2005 — Нохчийн Республикан Парламентан Халкъан Гуламан депутат.
  • 2008 шеран 12 октябрехь — Нохчийн республикан Парламентан депутат, бакъонан а, низаман а, кхерамзаллан а хаттарашан Комитетан председателин когаметтаниг.

СовгӀаташ[нисъе | нисъе чухулара]

Орденаш
  • «Къонахаллан орден»
  • «ТӀеман кхиамашан»
  • «Герзан ницкъашкахь Даймахкан дуьхьа гӀуллакх даран» III даржан
  • «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиаяран».
Мидалш

20 гергга. Царна юккъехь:

  • «Нохчийн Республикан дуьхьа кхиамаш баран»
  • Медаль «Къинхьегамехь къастаран».

2007 шарахь цунна совгӀатан цӀарах долу герз делла.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]