Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович
Арахьара хатӀ
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Ибрагим Абдурахманович Сулейменов | |
---|---|
Вина терахь | 1953 шеран 11 февраль |
Вина меттиг | Мадениет, Жалагашан кӀошт, Кзыл-Ордан область, Кхазакхстан, СССР |
Кхелхина терахь | 2020 шеран 7 май (67 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Гражданалла |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа | Эскаран гӀуллакххо |
Да | Абдурахман |
СовгӀаташ |
Сулейме́нов, Ибраги́м Абдурахма́нович (1953 шеран 11 февраль, Мадениет, Жалагашан кӀошт, Кзыл-Ордан область, Кхазакхстан) — нохчийн генерал-майор, Нохчийн Республикин комиссариатан эскаран комиссар, Российн пачхьалкхан думан II гуламан депутат.
Биография
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1953 шеран 11 февралехь Кхазакхстанехь Мадениет юртахь.
- 1970 — чекхйаьккхира Нохчийн Республикин Веданан кӀоштан Гуьнан йуккъера школа.
- 1971 — арме дӀакхайкхина.
- 1977 — чекхйаьккхина Ленинградан ПВО лакхара эскаран политикин училище.
- 1985 — чекхйаьккхина Ленинан цӀарах йолу эскаран политикин академи (Москва). Цул тӀаьхьа иза вара къастийна ротан командиран политикин декъан когаметтаниг а, ПВО зенитный ракетный дивизионан командиран когаметтаниг, радиотехникан а, зенитный ракетный а полкийн политотделийн хаьким, ПВО зенитный ракетный бригадан политотделан хаьким.
- 1995—1996 — Нохчийн Республикин эскаран комиссар.
- 1995 шеран 7 ноябрехь — генерал-майор цӀе йелира цунна.
- 1996—2000 — иза хаьржира II гуламан Пачхьалкхан Думан депутат а, дуьхьаллон Комитетан декъашхо а.
- 1998 — чекхйаьккхира Российн Федерацин Герзан ницкъийн Генеральны штабан Эскаран академи.
- 2000—2002 — Нохчийн Республикин ТӀехьа-Мартан кӀоштан эскаран комендант.
- 2002—2003 — Нохчийн Республикин эскаран комендантан когаметтаниг.
- 2003—2005 — Нохчийн Республикин лаьмнийн эскаран тобан буьйранчан когаметтаниг.
- 2005 — Нохчийн Республикин Парламентан Халкъан Гуламан депутат.
- 2008 шеран 12 октябрехь — Нохчийн республикин Парламентан депутат, бакъонан а, низаман а, кхерамзаллан а хаттарашан Комитетан председателин когаметтаниг.
СовгӀаташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Орденаш
- «Къонахаллан орден»
- «ТӀеман кхиамашан»
- «Герзан ницкъашкахь Даймахкан дуьхьа гӀуллакх даран» III даржан
- «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиайаран».
- Мидалш
20 гергга. Царна йуккъехь:
- «Нохчийн Республикин дуьхьа кхиамаш баран»
- Мидал «Къинхьегамехь къастаран».
2007 шарахь цунна совгӀатан цӀарах долу герз делла.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Сулейменов Ибрагим Абдурахманович Архивйина 2015-06-10 — Wayback Machine
- Сулейменов, Ибрагим Абдурахманович
Категореш:
- Бинарш 11 февралехь
- Бинарш 1953 шарахь
- Белларш 7 майхь
- Белларш 2020 шарахь
- Белларш Москохахь
- Стогаллин орденан кавалераш
- ТӀеман гӀуллакхашна орденан кавалераш
- ССРС ТӀеман Ницкъашкахь Даймехкан гӀуллакхашна 3 тӀегӀанан орденан кавалераш
- «Къинхьегамехь къастарна» мидал йелларш
- «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал йелларш
- Адамаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Нохчийн инарлаш