Закари
Закари زكريا | |
Вина терахь | 100 в.э. |
---|---|
Вина меттиг | Халиль, Бану Исраьил |
Кхелхина терахь | 20 в.э. |
Кхелхина меттиг | Халеб, Къудс-ГӀала, Бану Исраьил |
Зуда | Элизабет[d] |
Динлелор | Монотеизм |
Динашкахь ларар | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
Закария бин Азан (Ӏаьр. زَكَرِيا بِن أَذٰان) — исламан пайхамар ву, Исраилан къоман ваийтина вара. Библин тӀехь цунах Захария мозгӀар олу. Къуръанехь 8-за хьахийна ву. Яхья-пайхамаран да ву иза.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Закария-пайхамар волчу хенахь Къудс-ГӀалин килсехь дийнахь а, буса а Далла гӀуллакх деш бара. Оцу килсан гӀуллакххой бара ХӀарон-пайхамаран тӀаьхьенах. Цо Исраилан къоман юкъахь шен дине кхайкхар. Ӏимранан йоӀ Марьям кхобуш вара иза, цунна Товрат а Ӏамийнера цо. Ӏийса-пайхамар винчул тӀахьа. Исраилаш Закариян цӀачу а лилхина иза вийна.
Яхья пайхамар дуьнен чу валарх[нисъе бӀаьра | нисъе]
Закария пайхамаран а, цуьнан зудчунна Элисан а дукха хена дуьйна цхьа бера ца хилла, тӀаккха иза АллахӀ-деле доьхуш вара, шен кӀант валарца. АллахӀ-дала тӀеэцна хилла цуьнан дехар, цуьнга маликаш а дахкийтина, кхаъ баьккхина хилла цуьнга. ТӀаккха къанвелла Закария, бӀе шо долуш хиллачу хенахь, шекваьлла маликаш дийцинчух, цо хаьттина цаьрга и дешнаш бакъ хиларан хаам барх. Хаам гучубаьлла кхаа дийнахь Закария вистцахуьлуш.
Кхин хьажа[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
ХӀара исламан адамех лаьцна баланза яззаман кечам бу. Хьоьга проектана гӀо далур ду, йоза дика яздина, нисдина. |