Дуьненах лаьцна Ӏилманаш

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Iилма
Дуьненах лаьцна Ӏилманаш
инг. Earth science
Тема IаламIамор
Iамо хIума Дуьне
Кхоллайаларан мур XIX бIешо
Коьрта агIонаш геологи, географи, геофизика, геохими, латтадовзар, кхин а
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Дуьне́нах ла́ьцна Ӏи́лманаш (геоIилманаш, геоно́ми[1]) — дуьненан горгалан физикин аспекташ Iамо Iилманаш[2]. Дуьне планета Iамо (чоьхьара а, тIехулара а) Iаламан Iилманаш. Российн Iилманан академехь уьш Iаморан белхан куьйгалла до РIА Дуьненах лаьцна Iилманийн декъо.

Дуьне Iамор кхин Дуьненан тобанан планеташ талларан кеп йу.

Сурт хIоттор[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненах лаьцна Iилманашна йукъадоьду геологин а, географин а Iилманаш, кхин а латтадовзар, Дуьне Iаморах доьзна Iилманаш[3].

Геологин Iилманаш чIогIа тайп-тайпана ду[4]:

Дуьненан хIоттамах лаьцна Iилманаш
  • Геохимис литосферин тайп-тайпана чкъоьрашкахь химин дакъалгаш даржаран хьесапаш а, амал а Iамайо.
  • Минералогис Iамадо Iалам, минералийн кристаллин структурин хIоттам. Минералоги кхин а геологин, кристаллографин а отрасль йу, ткъа шен рогIехь, физикин йукъахь йу.
  • Петрологис а, петрографис а цхьаьна ламанан породех лаьцна Iилма хIоттадо. Цара Iамадо ламанан породаш кхоллайалар а, эволюци а, кхин а церан хьесапийн сурт хIоттадо.
  • Литологис а, седиментологис а Ӏамайо охьахевшина ламанан породаш.
  • Структурин геологис, йа тектоникас, Ӏамайо тектоникин экъанаша меттаха йевлла бина Дуьненан онда чкъоьран хийцамаш а, дуьненан чкъоьран структура а.
  • ТӀаплаӀаморо тӀапламанан физикин-химин Ӏалам а Ӏамадо, динамика а Ӏамайо. И Ӏилма цхьаьна хеннахь йукъатуху геологина, геофизикина, геохимина (тӀулгийн химин хӀоттамех лаьцна Ӏилма), геохронологина (радиометрин хьесапан гӀоьнца оцу Ӏилмано билгалйоккху йерриг породин хан йа цуьнан компонентех цхьаьннан).
  • Стратиграфи.
  • Палеонтологис Ӏамайо тӀулг хилла хӀумнаш, аьлча а мацца а цкъа дуьненан тӀехь тӀулг хилла йисина тайп-тайпана дахаран кепаш. Ӏилма лаьтта биологин а, геологин а дозанехь. Биологина оцу Ӏилманан практикин маьӀна ду эволюцин теори бахьнехь, цуо таро ло йехачу заманахь тайп-тайпана дийна организмийн эволюцин тӀехь терго йан. Геологашна палеонтологи ладаме йу шен заманара коьрта кепаш билгалйохуш.
Дуьненан динамикех лаьцна Ӏилманаш
Прикладан Ӏилманаш
Географи
  • Геоморфологис Ӏамадо рельеф кхоллайалар а, кхиар а. башха тамашена ду оцу Ӏилманна, заманахь а, аренехь а рельеф кхолларан Ӏаткъам бен Ӏилманан хьесапаш. Дукха хьолехь геоморфологи географин йукъатуху.
  • Гидрогеологис Ӏамайо гидрологин геологин аспекташ, иза шен рогӀехь геофизикин Ӏилманашна йукъара йу. Гидрогеологи чӀогӀа зӀе йолуш йу карстдовзарца (ламанан породашна хин Ӏаткъам Ӏамош, хьехарш кхоллайалар, лаьттан бухара хиш Ӏамо Ӏилма). Шинне а Ӏилманехь ладаме роль ловзийна спелеологис, хьехаршех Ӏилмано.
  • Лимнологи, Ӏаьмнех, теза хишшах, хилоттийлех, кхин а царна чохь йеха организмех долу Ӏилма. Лимнологис цхьаьна хеннахь меттаха йоккху геологи, биологи, кхин а латтадовзар, геологин (Ӏамадо породаш хийцайалар, кхин а латтанашна механикин а, химин а Ӏаткъамаш) а, биологин (йуьхьанцара породийн а, латтанийн а хийцамаш баран организмийн роль).

Латтадовзаро Ӏамадо тайп-тайпана лаьттан дакъош, кхин а цуьнан морфологин, минералогин, физикин-химин амалш.

Исписка[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьненах лаьцна коьрта Iилманаш:

Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Иогансон Л. И. О судьбе термина «геономия» // Бюллетень МОИП. Отд. геологический. 2011. Т. 86. вып. 6. С. 76-80.
  2. Науки о Земле // Словарь по географии, 2015.
  3. Белоусов В. В. Очерки истории геологии: у истоков науки о Земле. (Геология до конца XVIII века). — М.: ИФЗ РАН, 1993. — 268 с.
  4. Наиболее полный список наук геологического цикла — Проект:Геология/Списки/Науки геологического цикла.
  5. Хаин В. Е., Гаврилов В. П. Геодинамика — новая фундаментальная область науки о Земле // Известия вузов. Геология и разведка. 1988. № 10. С. 120—121.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]