Доналд Трамп
Трамп, Доналд | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Donald Trump | |||||||
![]() | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Барак Обама | ||||||
|
|||||||
Дин | Пресвитерианалла[d][4] | ||||||
Вина терахь | 1946 шеран 14 июнь[1][2][3][…] (76 шо) | ||||||
Тайпа | семья Дональда Трампа[d] | ||||||
Вича тиллина цӀе | инг. Donald John Trump[3] | ||||||
Да | Фред Трамп | ||||||
Нана | Мэри Маклауд | ||||||
Зуда |
Ивана Трамп (1977—1991) Марла Мейплз (1993—1999) Меланья Трамп (с 2005) |
||||||
Бераш |
Дональд Трамп мл. (р. 1977) Иванка Трамп (р. 1981) Эрик Трамп (р. 1984) Тиффани Трамп (р. 1993) Бэррон Трамп (р. 2006) |
||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
ГӀуллакхалла | недвижимость[d], Мехкан урхалла, телевизионное продюсирование[d], Политика[6], коммерция[d][6] | ||||||
Динлелор | Пресвитерианалла[d][4] | ||||||
Автограф |
![]() |
||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | donaldjtrump.com | ||||||
Пачхьалкх |
![]() |
||||||
![]() |
До́налд Джон Трамп (инг. Donald John Trump; вина. 1946 шеран 14 июнехь, Джамейка, боро Куинс, Нью-Йорк, АЦШ) – Америкера бизнесмен а, политик а ву. Иза Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаьржина президент ву. Праймеризан хиламца Республикин партино шен цӀарах харжамашка кандидат хьокъехь хьалхатеттина а вара. Шен дарже хӀуттура ву 2017 шарахь 20 январехь.
ГӀараваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу[7][8], Трамп Trump Organization цӀе йолчу гӀишлошйаран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн цӀийнан бизнес тӀехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь «АЦШ-н Мисс» цӀе йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC –н телеканалехь «Кандидат» цӀе йолу реалити-шоу а дӀайаьхьна цо. «Time» цӀе йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра[9][10][11].
1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул тӀехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна[12][13][14]. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла дӀа а кхайкхош[15], амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара дӀайаьккхира[16]. РогӀера АЦШ-н президентан хӀотторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20Ӏ5 шарахь 14 февралехь[17]. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна йукъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикин партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш тӀечагӀдира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара дӀа бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолгӀа вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).
2016 шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш кӀезиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь[18]. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна йукъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Internet Movie Database (инг.) — 1990.
- ↑ The Jamaica Hospital Certificate of Birth
- ↑ 1 2 Certificate of Birth Registration
- ↑ 1 2 Trump's own Christian denomination defies him on immigration policy — The Guardian, 2016.
- ↑ Bush says Trump was a Democrat longer than a Republican 'in the last decade' — 2015.
- ↑ 1 2 https://aleph.nkp.cz/F/?func=find-c&local_base=aut&ccl_term=ica=jn19990008619
- ↑ Дональд Трамп прилетел в Грузию на презентацию небоскрёба. Forbes (2012, 21 апрель). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
- ↑ Трамп обвинил Хиллари Клинтон в «сливе» избирательной кампании. Lenta.ru (2015, 22 декабрь). Теллина 2016 шеран 18 январехь.
- ↑ http://echo.msk.ru/blog/echomsk/1887846-echo/
- ↑ http://www.interfax.ru/world/540318
- ↑ https://regnum.ru/news/polit/2214780.html
- ↑ Stop pretending — Donald Trump is not running for president, New York Post (May 30, 2015). Хьаьжна 16 июнехь 2015.
- ↑ Madison, Lucy (October 4, 2010) «Donald Trump for President in 2012?» Архивйина 2013-11-03 — Wayback Machine
- ↑ Zwick, Jesse (October 4, 2010) «Donald Trump for President?» Архивйина 2012-07-18 at archive.today
- ↑ Donald Trump Ran for President in 2000 in Several Reform Party Primaries. Richard Wagner. Теллина 2015 шеран 17 июнехь.
- ↑ Trump: Reform Party 'A Total Mess', Chicago Tribune (February 14, 2000). Хьаьжна 17 июнехь 2015.
- ↑ Дональд Трамп начал борьбу за пост президента США. Slon.ru (2015, 16 июнь).
- ↑ СМИ: Дональд Трамп победил на президентских выборах в США. ТАСС (2016, 9 ноябрь). Теллина 2016 шеран 9 ноябрехь.